ЦхьаьнагIуллакхашдаре хьашт ду

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон, «Къилбаседа Кавказан курорташ» АО-н, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» АО-н делегацис белхан цхьаьнакхетар дIадаьхьира австро-швейцарски Doppelmayr Seilbahnen Gmbh компанин куьйгаллица, дакъалоцуш Россин Федерацин Австрин Республикехь йолу махлелоран векалалла а йолуш.

Цхьаьнакхетарехь йийцаре йира Къилбаседа Кавказан курорташкахь лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран инфраструктура кхиорехь цхьаьна гIуллакхаш даран таронаш.

Doppelmayr компанис беш болчу балхах лаьцна дийцира Россин Федарацица а, СНГ-н мехкашца а бечу белхан директора Яшин Валерийс.

Цо дийцарехь, предприяти вовшахтоьхна 1892-чу шарахь Австрерчу Вольфурт гIалахь. Ткъа 2002-чу шарахь иза Doppelmayr Garaventa Group-на юкъаяхана. Канатийн некъийн технологешна дуьненахь а уггаре а тоьлла лоруш йолчу цо таханлерчу денна тIекхочуш 92 пачхьалкхехь, 6 континентехь дерриге а тайпанех йолу 14 800 сов подъемник йина. Компанин производственни майданаш а, коьчалш йохкаран а, сервисан хьашташ кхочушдаран а филиалаш а ю дуьненарчу 40 сов пачхьалкхехь.

Doppelmayr Garaventa Group компанин Россин Федерацехь йолчу «Доппельмайр Раша» филиало 1999-чу шарахь дуьйна Россехь а, СНГ-н мехкашкахь а кхочушйина 130 сов проект. Цул сов, коьртачу декъана цо кхачойира Сочи гIалахь олимпийски объекташна канатийн некъаш дарна оьшу гIирсаш, коьчалш дIакхачорехь.

Компани хьашт долуш ю Россин Федерацехь канатийн некъаш даран барамаш алсамбахаре, лаккхарчу дикаллица сервисаш кхочушъяре, цу юкъахь Къилбаседа Кавказан туристически кластеран объекташкахь а.

Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела, «Къилбаседа Кавказан Курорташ» АО-н директорийн Советан председатела Байсултанов Одеса билгалдаьккхира «Архыз», «Эльбрус», «Ведучи» курорташкахь болх беш ерш кхечу компанийн подъемникаш хилар.

«Делахь а тхо, хьашто хиларца хьовсу дуьненахь а тоьлла канатийн некъашдархошца цхьаьна гIуллакхаш дан йолчу таронашка. Тхан тидам тIебохуьйтуш ду Doppelmayr Garaventa Group компанин а, цуьнан филиалийн а дуккха а шерийн зеделларг, цу юкъахь Сочерчу лаьмнийн кластеран олимпийски объекташкахь кхиамца белхаш барца тIечIагIдина зеделларг а», – элира цо.

«Оха кхойкху Къилбаседа Кавказехь проекташ кхочушъярехь цхьаьна гIуллакхдаре. Тхан курортийн инвестицийн Iаламат яккхий таронаш ю, оцу таронех хIинцале кхиамца пайдаоьцуш а бу. Цхьаьна кхочушъечу проекташа, тоьлла технологеш Iаморо, юкъаялоро, Къилбаседа Кавказан хьелашкахь канатийн некъаш дахкаро, царах пайдаэцаро таро лур ю туристашна уггаре а кхерамза а, кхузаманан а транспортан системаш хилийта», – дерзийра О.Байсултановс.

Цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа вайн делегацин декъашхой хьаьвсира оцу компанин производствон цехашка, таро хилира белхан кепаш йовза, канатийн некъашна урхалла даран пультан модернизаци йинчу балхе, кхечуьнга хьажа, церан мах хадо.

С.ХАСАНОВ

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: