БIаьстенан ялташ дIаден долийна

Нохчийчоьнан аренашлелорхоша, бегIийла даьхкинчу денойх лаккхарчу эвсараллица пайда а оьцуш, кхиамца чекхдаьккхина оханаш дар а, латта хIу дIадерна кечдар а. ХIинца дIадолийна бIаьстенан ялташ дIадер. Цу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин юьртан бахаман ораматашлелоран а, механизацин а департаментан директора Шамурзаев Мохьмада элира:

«Тхан механизаторша агротехникин тоьллачу хенашкахь аьхна 107 эзар гектар майданашкара латта. Цул тIаьхьа, мекханаш дохуш, дисканаш текхош латта тодира, шардира. Дукха хан йоццуш дIадолийна аренашлелорхоша хIу дIадер. ХIинцале хIу дIадийна 13 эзар гектар сов йолчу майданашка. И гайтам кхин а дикка лакхара хир бара йочанаш алсам хуьлуш яцахьара. Декхна деанчу хIора дийнах лаккхарчу эвсараллица пайдаоьцу аренашлелорхоша. Цундела лакхара ду белхан боларш. Сиха дIадоьдуш ду ялташ дIадер. ХIокху бIаьста 45 эзар гектара тIехь дIабен безаш бу мукх, сула, ткъа иштта дуга, хьаьжкIаш, горох. Йисинчу майданашка даьттан культурийн, шекаран буракийн, ветанан, кхечу ораматийн хIу дIадуьйр ду. Цул сов, билгалдеш ду докъарна бецийн хIу дIадер а».

БIаьстенан-аренийн белхаш кхиамца дIабахьаран Iалашонца юьртан бахаман ерриге а предприятешна юьззина кхачойина ягорган-хьакхаран материалашца, техникин гIирсашца, хIуьца. Масала (мерзачу орамийн), шекаран буракийн хIу эца Нохчийн Республикин Правительствос 104 миллион сом ахча делла. Цуьнца цхьаьна шен хеннахь гIайгIа бина минеральни удобренеш эцарна а. Уьш эцна дикка хан ю.

Хьалхарчу рогIехь министерствон говзанчаша уьш дIаяхьийтина тоьллачу ялтийн хIу кхиош йолчу юьртан бахаман предприятешна а, ткъа иштта шекаран буракаш кхиош болчу аренашлелорхошна а.

«Йочанаш алсам елахь а, латталелорхой тешна бу ялташ а, кхечу ораматийн хIу а шайга агротехникин тоьллачу хенашкахь дIадеран декхарш кхиамца кхочушдалург хиларх», – билгалдаьккхира департаментан директора.

М.Шамурзаевс дийцарехь, бIаьстенан-аренийн белхаш лаккхарчу вовшахтохараллица а, сиха а дIабахьийтаран Iалашонца республикин юьртан бахаман министерствехь, вовшах а тоьхна, болх беш ю оперативни штаб. Цу юкъахь бу министран заместительш, департаментийн директорш, кIоштийн юьртан бахаман дакъойн хьаькамаш. Цара хIора дийнахь шайн семачу тидамехь латтабо бIаьстенан-аренийн белхаш.

Уьш денна цхьаьнакхета аренашлелорхошца. Церан хьашт-дезаршка хьовсу. Иштта болх бийр бу цара ялташ дIадер чекхдаллалц, хIунда аьлча, хIокху шарахь керла, кхин а даккхий декхарш лаьтта аренашлелорхошна хьалха. Нагахь санна стохка, кхул хьалха цкъа а ца гулдинчу кепара, дукха ялта гулдина хиллехь, чудерзийнарг 424 эзар тонна ялта дара, кху шарахь и доза кхин а лакхадаккха дагахь бу латталелорхой.

С.ХАСАНОВ

№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: