ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь вай дуккха а дуьйцу нохчийн мотт Iалашбарах а, иза кхиорах а лаьцна, бакъду, дуккха а хIуманаш дан а дина. Делахь а, вайх доьзна а доцуш, дуьненан массо а маьIIехь а кегийчу къаьмнийн меттанаш а, цхьадолу дешнаш а юкъара дIадовлуш ду. Iаламат боккха иэшам бу иза кегийчу къаьмнашна. Мел халахеташ делахь а, царна юкъахь нохчийн мотт а бу…
Цу хьокъехь иштта хаттар кхоллало сан: Ненан маттах даима дозалла деш долчу вайна хIунда нисделла-те иштта? ХIун оьшу-те вайна мотт кхио а, Iалашбан а? Оцу хаттарна жоп лаха воьлча, Iедалан а, законийн а агIор дийцича, массо а бакъо вайн йолуш ю, вешан мотт бийца а, кхио а.
Дерриге а вайх доьзна ду. ХIораннах а: Дала хIокху маьлхан дуьнен тIехь вайна а белла бу-кха хIара мотт. Тахана коьрта дерг, соьга хаьттича, и мотт ларбан жоьпаллехь вай дуй хаар а, цу тIехь къахьегар а ду. Ненан мотт ларбан декхарийлахь жимма яхь йолу дог кийрахь долу хIора а нохчи ву!
ХIорамма а ша волчохь оцу матта тIехь болх бар, иза дIа ца балийта гIулчаш яхар а ду. И бохург еккъа цхьа мероприятеш е бохург дац. Цхъа мероприяти йича тоьаш дац. И мотт даима а буьйцуш, юкъахь лелаш хила безаш бу. Дебаш литература хила еза оцу маттахь. Газеташ, журналаш хила деза арадовлуш, цIархазмана доцуш. Бакъду, уьш арадовларх а ца тоьа. Уьш доьшуш нах а хила беза. Цу тIедоьгIна суна ала луур дара, дуьнен тIехь цхьаъ бен доцчу нохчийн маттахь долчу республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан 95 шо кхочушхиларан хьокъехь.
Суна дуьххьара «Ленинан некъ» цIе йолчу хенахь девзина ду иза. 1920-чу шерашкара дуьйна схьадогIуш ду и газет. Цо доккха дакъалаьцна нохчийн мотт кхиорехь а, Iалашбарехь а. 1,5 миллион гергга нохчи вехачу махкахь и цхьаъ бен къоман газет цахилар вайна Iаламат боккха иэшам бу. Нохчийн маттаца доьзна долу дерриге а хIума, грамматика хуьлда иза я и мотт кхиорехь проблемаш хуьлда, исбаьхьаллин говзарш, берийн литература – и дерриге а хIума цкъа хьалха газеташкахула, журналашкахула девза ешархошна, цул тIаьхьа шайн жайнаш арадовлу авторийн.
Вайн къоман цхьаъ бен доцчу газетан тираж иштта лахара йолуш суна чIогIа халахета. Цуьнан хьелаш толойла чIогIа лаьа суна, хIунда аьлча, юкъараллина Iаламат чIогIа оьшуш ду и газет.
Вайн луларчу регионашкахь дехачу къаьмнийн ма ду шайн маттахь дуккха а газеташ, журналаш, яккхий тиражаш а йолуш. Цара ма ларбо шайн мотт, иштта, вай а ларбан безара, и ларбан лаам а, доьналла а хила дезара вайгахь.
Ас даггара декъалбо «Даймохк» газетан белхахой тIейогIучу юбилейца. Дукха газеташ дац вайн махкахь бIешарахь гергга зорбане дуьйлуш. Газетехь белхаш бинчу журналистийн хьуьнарца, доьналлица кхаьчна иза шен кхиаран лакхене. Цундела, ас баккъал а цIеначу даггара декъалбо «Даймохк» газетехь хьалха белхаш бина а, тахана редакцехь хьанал къахьоьгуш болу а журналисташ. Дала шайн белхан
хаарш тIехь лакхадохийла шу. Дала аьтто бойла шун! Дала и нохчийн мотт хазбарехь а, марзбарехь а аьтто бойла шун!
1970-чу шарахь дуьйна нохчийн маттахь ара мел долуш долчу газетана, журналана язвелла ву со. Иза массо а нохчичун декхар ду аьлла хета суна.
Вайх хIораннах а доьзна ду, вайн мотт Iалашбар. Дац аьлла-м хета. Ду! Чохь, арахь, нахана юкъахь, юкъараллин хиламашкахь нохчийн мотт бийца беза. ЦIена нохчийн мотт, иэбина ца буьйцуш.
Дала ницкъ лойла вайна нохчийн мотт дебо, нохчаллица доьзна мел долу хIума лардан!
Хастам хиларо АллахI-Дала кхечу къаьмнех вай къастош дина деза, доккха совгIат ма ду нохчийн мотт! Дала дина совгIат, хIайкал санна, Iалашдеш ца лело вай муьлш ду? Заманан йохалла гIел ца луш, вешан ненан маттана гIаролехь латта Веза-Воккхачу Дала хьекъал, хьуьнар, доьналла лойла вайна!
Р.ДАДАШЕВ,
Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо
«Дала дина совгIат, хIайкал санна, Iалашдеш ца лело вай муьлш ду?»
Дела реза хуьлийла хьуна, лараме Хасимханан Райком!
Нохчийн мотт ларбарехь а, иза кхиорехь а ахь х1инццалц динарг а, тахана дийриг а, Дала мукъалахь, зен довр дац.
Физик волчу хьан кхочучул вайн меттан г1уллакхашца бала кхочуш велара х1ора нохчи!