ТIаьхьарчу масех дийнахь Шемарчу Малхбален Гутерчу Арбила гIалара араваьлла 5290 террорист а, церан доьзалш а. Уьш Идлиб провинце дIабахана. Цу хьокъехь хаам бина мехкан оборонин ведомствехь. Делахь а, кхеташ дац террористаш, хIаллак ца беш, цхьана шахьарара кхечу шахьара дехьа а бовлуьйтуш, лелийтар. Цара герзаш охьадохкуш а ца хилча, Iедалан эскаршна дуьхьал тIемаш беш а хилча, маьрша нах бойуш а хилча, цаьрца и ловзарш лелон оьшурий-те?
***
ХIокху деношкахь Къилбаседа Корейн Президент Ким Чен Ын Пекинехь цхьаьнакхийтира Чинин Председательца Си Цзиньпинца. Цара дийцаре дира Корейн ахгIайри тIера хьал тодарехьа дан деза гIуллакхаш. КНДР-н куьйгалхочо билгалдаьккхира тIаьхьарчу хенахь ахгIайри тIера хьал толуш догIуш хилар а, ша Къилба Корейн а, США-н а куьйгаллица къамелаш дан а, хьал тодарца доьзна гIуллакхаш дийцаре дан а кийча хилар.
***
Iамаркан а, Великобританин а Iаткъамца Россин дипломаташ шайн махкара арабаха сацам бина 28 пачхьалкхан куьйгалхоша. Царна юкъахь ю Мальта, Португали, Словаки, Украина, кхиерш. Россин ГРУ-н белхахо хилла волу А.Скрипаль Лондонехь верна вайн мехкан куьйгалла, цхьа а бехк боццушехь, бехке а деш дIадолийна ду и питане а, Россица йолу юкъаметтигаш галъяхаран а гIуллакхаш. Цо оцу пачхьалкхашна дика болх бийриг цахилар тахханехь а гуш ду.
***
Евросоюзан куьйгалло хIокху деношкахь 5,7 миллиард евро делла Желтойчоьнна. Оцу ахчанах мехкан экономика кхиорна бен пайдаэца йиш хир яц Желтойчоьнан. Ткъа иза тIаьхьарчу шерашкахь, кхиаран метта, эшна йоьдуш ю. Цунна вуон тIеIаткъам бина Россина дуьхьал санкцеш яр бахьанехь хедо дезначу махлелоран а, экономикин а зIенаша.
***
Бекарг (март) беттан 26–28-чуй деношкахь Мисарахь дIабаьхьира президентан харжамаш. Цигахь дакъалоцуш 2 кандидат вара. Царах цхьаъ Мисаран таханлера Президент Iабдул Фаттах Ас-Сиси ву. Кхул хьалха хиллачуьнца дуьстича, харжамхоша жигара кхаж тосуш чекхбевлла харжамаш. Юьхьанцарчу жамIашца алссам кхаьжнаш тесна Ас-Сисигахьа.
***
Польшин а, Iамаркан а тIеман ведомствийн куьйгалхоша масех де хьалха куьйгаш яздина США-н «Пэтриот» ракеташна дуьхьало яран системаш эцаран хьокъехь болчу бартана. Цуьнца нийса а догIуш, 2020-гIа шо тIекхачале Iамаркера 4,75 миллиард долларна цу тайпана герзаш эца дезаш ю Польша, мехкан экономикина зенаш а деш.
***
ГIажарийчоьнан Президент стомара официальни визитаца шина денна Баку веара. Цуьнан (юххехь кхин цхьа а воцуш) цхьаьнакхетар хилира Азербайджанан Президентаца И.Алиевца. ГIажарийчоьнан Куьйгалхочо Хь.Роуханис дийцарехь, церан къамел хилира вовшашца йолу юкъаметтигаш дахаран дерриге а дакъошкахь кхидIа а чIагIъяран, мехкадаьтта даккхарехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь.
***
Кемеровехь 68 стаг кхалха а кхелхаш, 76 стаг лаза а веш бохам хиларца (цIе яларца) доьзна вайн махкахь кхаа дийнахь тезет латтийра. Россин халкъе а, цуьнан куьйгалле а тахана а тIехь кадамаш беш ду дуьненан массо а маьIIера адамаш, ерриге а пачхьалкхийн посольствийн векалш. Бохам хиларан бахьана а, бехкениг а къастош, талламан белхаш дIахьош ю А.Бастрыкин коьртехь волу Талламан Комитет.
***
Россин Президента В.Путина стомара мехкан Правительствон декъашхошца экономикин гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Премьер-министр Д.Медведев. Кхеташонехь дийцаре дира, Россина дуьхьал санкцеш йинчу а, экономикин юкъаметтигаш телхинчу а хьелашкахь мехкан экономика кхиоран гIуллакхаш. Билгалдаьккхира вайн мехкан экономика кхиаран новкъахь хилар.
***
Москвахь тIеман барзакъ тIехь а долуш, карахь герзаш а долуш хилла пхи зуламхо «Бинбанкан» офисна тIелетира. Цу чуьра дуккха а ахча даьхьна цара. Цхьаболчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, банкера зуламхоша даьхьнарг Iамаркан 100 эзар доллар ахча ду. Бакъонашларъяран органаша «Перехват» операци дIакхайкхийнехь а, къола динарш, цкъачунна, кароза бу.
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо