ХIокху деношкахь Суьдан пурстоьпийн федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо, Нохчийн Республикин суьдан коьртачу пурстоьпо Алаудинов Iабдуллас журналисташца пресс-конференци дIаяьхьира.

Журналистийн тайп-тайпанчу хаттаршна жоьпаш а луш республикин суьдан коьртачу пурстоьпо дийцира шаьш дIадаханчу 2017-чу шарахь бинчу балхах лаьцна.
Вайн махкахь а хьалхарчу меттехь ю Нохчийн Республикера Суьдан пурстоьпийн урхалла.
2017-чу шарахь Россин суьдан пурстоьпийн федеральни службин регионашкарчу органийн белхан эвсараллин маххадоран рейтингехь тоьлла жамI гайтарна Россин Суьдан пурстоьпийн федеральни службо Баркаллин кехатца совгIат дина Нохчийчуьрчу урхаллина.
«Тхайн болх эвсарабаккхархьама «некъан пурстоп» олуш аппаратан комплекс ю оха пайдаоьцуш», – элира I.Алаудиновс.
Суьдан коьртачу пурстоьпо дийцарехь, цо (лакхахь билгалъяьккхинчу комплексо) таро ло тIехь декхарш долу машенаш къасто. Дукха хьолахь, водительша шайна тIехь декхар дуй хиъча, керла гIуда ца тохийтархьама и декхар сиха дIало.
«Некъан пурстоьпан» гIоьнца ГИБДД-н белхахоша тоьхна гIуданаш дIатакхийтарна тIехь болх бар бахьанехь 18 миллион сом сов ахча охьадиллийтина республикин бюджете.
Алаудинов Iабдуллас билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь коллекторш (дIатакха деза хан тIехъяьлла декхарш схьагулдо (схьадоху) нах) цахилар.
«Кхечанхьа коллекторша беш болу болх а вай долчохь суьдан пурстоьпийн урхалло беш бу, цундела коллекторш вайн республикехь оьшуш бац», – элира цо.
ДIадаханчу шарахь бинчу белхан доцца жамI дича, цу шарахь Нохчийчуьрчу суьдан пурстоьпаша схьадаьккхинарг 2 миллиард 737 миллион 879 эзар сом ахча ду.
Цхьаьнакхетар дерзош I.Алаудиновс хаийтира 2018-чу шарахь, бахархойн хьашташ лардеш, балха тIехь баккхий кхиамаш баха шаьш дагахь хилар.
А.ИБРАГИМОВ
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо