Бекарг (март) беттан 26-чу суьйранна Соьлжа-ГIалин А-Хь.Кадыровн цIарахчу проспектерчу 12 гIат долчу цхьана цIийнан тхевнах цIе яьллера. ЦIе дIаяйъа кхуза веанера 155 стаг а, 44 техника а, царах Россин халачу хьелийн министерствера 72 стаг а, 18 техника а йолуш.
7 сахьт 46 минот яьлча цIе дIаяйъира цIеяйъархоша. ЦIаро дIалаьцнарг яра 200 квадратан метр майда. Лазийнарш бац. Цунах лаьцна хаам бира Россин Нохчийн Республикехула йолчу халачу хьелийн министерствон пресс-службо.
ЦIийне хьаьвсинчул тIаьхьа хьокъала йоллучу службаша сацам бира цIеялар бахьанехь арабевлла бахархойх цхьаберш шайн петарш чу бахийта, ткъа цхьаберш Соьлжа-ГIаларчу хьеша цIеношкахь дIатарбан.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь цIеяларан хьокъехь ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь яздира: «Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу урамерчу
цхьана цIийнах яьлла цIе дIаяйъина. Ерриге а службаш яра кхузахь болх беш –халачу хьелийн министерство, Россин гварди, чоьхьарчу гIуллакхийн министерство, могашаллаларъяран министерство, Соьлжа-ГIалин мэрин векалш. МеттахIитторан белхаш дIабоьрзуш бу. Кхелхина, лазийна цхьа а вац. Баьгнарг цIийнан тхов бен бац, петаршна хIумма а ца хилла. Сан тIедилларца кхана дуьйна цIийнан тхов хуьйцур бу».
Россин Нохчийн Республикехула йолчу халачу хьелийн министерствон коьртачу урхалло дагадоуьйту цIеяларан кхерамазаллин бакъенаш ларъян езар. Дагахь латтаде цунах дозуш шун а, шун гергарчийн а дахар а, шун бахам дийна бисар а хилар.
ЦIе яьлла меттиг шайна хааелча зIене довла хIокху телефонашца: мобильни – 101, стационаран – 01.
Россин Нохчийн Республикехула йолчу халачу хьелийн министерствон коьртачу урхаллин тешаман телефон: 8(8712) 33-24-25.
I.ТЕРЛОЕВ
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо