Наркотик схьаяьккхина
ХIокху деношкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин белхахоша документаш талла сацийра 1984-чу шарахь вина волу Нажи-Юьртан кIоштара вахархо. Иза, документаш доцуш хиларна, полицин отделе валийра.
Цигахь, уллехь тешаш а болуш, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина, шена чохь сира-баьццарчу басахь, ораматех схьаялар долу, марихуанин шатайпа хьожа йолу 25 грамм хиллал наркотик чохь йолу тIоьрмиг.
Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше. Вахархочунна тIедиллина полицин отделе тIевар.
Бакъо ца хилла киранаш дIасакхехьа
Оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шуьйтан кIоштахь йолчу отделан белхахоша Шуьйта юьртахь документаш талла сацийра 1977-чу шарахь вина волчу меттигерчу вахархочун «ГАЗ-330232» автомашен.
Транспорте хьожучу хенахь гучуделира водитела автомашенан кузов чохь дIахьош 1500 кийла хиллал тиша эчиг хилар. Цу киранна хила деза цхьа а тайпа документ ца хилла водителехь. ДIахьош таллам бу.
Некъан-транспортан масех бохам хилла
Республикин ТIехьа-Мартан кIоштахь некъан-транспортан бохам хилла.
КIоштарчу 23 шо долчу вахархочо шен ВАЗ-21102 автомашен тIетоьхна дехьавала магийна доцучухула некъал дехьаволуш хиллачу 2012-чу шарахь вина волчу гIашлочунна. Корта лазийна кIант больнице вигна.
Некъан-транспортан бохам хиларан бахьанаш къастош ду. Иштта, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь а хилла кхин цхьа некъан-транспортан бохам.Путинан цIарах йолу проспект йолчу агIор вогIуш хиллачу Хьалха-Мартан кIоштан 35 шо долчу вахархочо шен «Лада Приора» автомашен 22 шо долчу Соьлжа ГIаларчу яхархочун «Мерседес Бенц» автомашенна тIетоьхна.
Некъан-транспортан бохам бахьанехь лазийна «Лада Приора» автомашен чохь хилла 1984-чу шарахь йина йолу яхархо. Тайп-тайпана чевнаш хилла зуда Соьлжа-ГIаларчу сихачу лоьрийн гIоьнан республикин клиникин больницин травматологин отделене йигна.
Хаамаш кечбина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин материалийн буха тIехь
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо