ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан цхьаьнакхетар хилира Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин профилактикин учетехь лаьтташ болчу кхиазхошца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим а, министран заместитель Гудаев Лоьма а, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжа-ГIалахь йолчу урхаллин кхиазхойн гIуллакхашкахула долчу декъан хьаькам Цацаев Асламбек а, кхиберш а.
Цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кегийрхой кхетош-кхиоран а, зуламаш дарна профилактика яран а, иштта кхиазхошна юкъахь могаш дахар дIакхайкхоран а, марздаран а гIуллакхашкахула долу тIедиллар кхочушдаран гурашкахь.
Цацаев Асламбека дийцира кхиазхоша вайн республикехь деш долу зуламаш лахлуш догIуш хиларх, кегийрхошна юкъахь могаш дахар марздаран а, царна шайн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а довзийтаран а Iалашонца шаьш дIахьош долчу гIуллакхех лаьцна.
– Вайн Iалашо янне а яц хIара бераш чехор я таIзар дар, ткъа могашчу дахаре уьш марзбар а, нийсачу новкъа бахар а ю, цунна мел оьшу хьелаш вайн республикехь долуш ду, – билгалдаьккхира А.Цацаевс.
Умаров Джамбулата баркалла элира иштта маьIне а, мехала а болх дIабахьарна.
–Вайн республикин дуьхьа аш дIахьош берг Iаламат мехала болх бу. Со тешна ву, хIара кегий нах вайн пачхьалкхан хьакъболлу гражданаш хилла дIахIуьттург хиларх. Динехь нис а белла, дерриге а къаьмнийн гIиллакхашца ларам а болуш хилча бен нийсачу новкъа дIадахалур дац шу, тIаккха шух шун гергарчара а, бевзачара а, вайн республико а дозалла а дийр ду, – элира министра.
Билгалдаккха деза, кхиазхойн гIуллакхашкахула долчу декъан учетера дIабаххалц оцу кхиазхойн Iуналла дар Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос шена тIелаьцна хилар.
I.МУРТАЗОВ
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо