Р.Кадыровс а, А.Эдельгериевс а дийцаре дира экономика кхиоран гIуллакхаш

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаьнакхетар дIадаьхьира Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца. Цигахь дийцаре дира экономика кхиоран гIуллакхаш.

Цхьаьнакхетар дIадолош Премьер-министра дийцира белхан гIуллакхца ша Москва вахана хиларх лаьцна.

«Кхочушъян вай кийча долу 4 проект йовзийтира Москвахь: чехкаллин аьчканекъ биллар; федеральни М-29 «Кавказ» некъана Соьлжа-ГIала, Устрада-ГIала, Гуьмсе «юьстах» йитаран Iалашонца дохкуш долу некъан дакъош чекхдахар; Соьлжа-ГIалин аэропорт меттахIотторан 2-гIа дакъа чекхдаккхар; Гуьржийчу боьду некъ биллар. ТIаьххьарлера проект карарчу хенахь йийцаре еш ю», – элира Эдельгериев Абубакара.

Иштта, цо хаийтира Россин экономикин кхиаран министерствехь дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь, Россин кхиаран стратегехь дакъалацарна, уггаре а дика кечам бинарг ю аьлла, Нохчийчоь билгалъяьккхина хилар.

«Вайн докладаш а, проекташ а лаккхарчу лехамашца йогIуш яра. Оцу декъехь Нохчийчоь уггаре а дика кечам бинчарна юкъахь а цхьаьна хьалхара яра», – тIетуьйхира Премьер-министра.

«Ведучи» курорт яран 2-чу декъана къаьсттина тидам тIебахийта безаш хилар хаийтира республикин Куьйгалхочо.

«Россин Правительствон Председателе Медведев Дмитрийга кехат дахьийтина вай. Цу тIехь билгалдаьккхина курорт яран 2-гIа дакъа дIадоло вай кийча хилар. ВЭБ а реза хилла оцу декъехь вайна гIо дан», – элира Кадыров Рамзана.

Цул сов, республикин Куьйгалхочо тидамза ца дитира Шелан кIоштахь ечу Инновацийн-гIишлошъяран «Казбек» технопаркехь заводаш яран гIуллакх а.

Эдельгериев Абубакара хаийтира оцу декъехь новкъарло а, кхачамбацарш а цахилар.

«Оборудовани хIинцале а схьаеана. Планаца нийса а догIуш, хьалхара завод болх бан йолалур ю карарчу шеран гурахь. Кхийолу заводаш яран гIуллакх немцойн говзанчашца толлуш ду. Цкъачунна, цхьа а новкъарло я кхачамбацар хаалуш а, гучудаьлла а дац», – элира цо.

Оццу цхаьнакхетарехь билгалделира Абу-Дабера инвестицийн фонд республикехь масех проект кхочушъярехь дакъалаца лууш хилар.

«Абу-Дабера деанчу кехат тIехь билгалдоккху меттигера Инвестицийн фонд Нохчийчуьра цементан завод цIинъярехь дакъалаца лаам болуш хилар», – хаийтира республикин Премьер-министра.

Кадыров Рамзана тIедиллира республикин экономики юкъа инвестицеш ялоран декъехь беш болу болх кхин а жигарабаккхар.

«Карара шо Инвестицийн шо ду аьлла, дIакхайкхийна хиларе терра, республикин экономики юкъа керла инвестицеш ялорна лерина болх кхин а жигарабаккха беза. Вайца болх бан лууш болчу инвесторшна Правительствон тIегIанехь гIо-накъосталла дан деза», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

И.ИСЛАМОВ

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: