Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн халкъан историн гIуллакхашкахула йолчу комиссин белхан жамIаш дийцаре дира.
Комисси 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь кхоьллина. ХIетахь республикин Куьйгалхочо тIедиллинера нохчийн дIадаханчуьнца доьзна долу историн бакъдерш гучудахарехула а, даржорехула а болх вовшахтохар.
Комиссин председатела, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира хаам ма-барра, карарчу шеран чиллин (февраль) баттахь Iилманан гIуллакхца Гуьржийчохь, Хонкарахь, Иорданехь – XIX-чу бIешеран юккъехь а, XX-чу бIешеран юьххьехь а Даймахкара дIакхелхина нохчий уггаре а дукха а, ул-уллехь а бехаш болчу мехкашкахь – хилира комиссин декъашхой.
Цо дийцарехь, оцу мехкийн архивашкара дукха материалаш гулйина. ХIинца кехаташ гочдарехула собаре болх бан беза.
Бинчу балхах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис, Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин хьаькама Айдамиров Шовхала, Iилманийн академин этнологин отделан куьйгалхочо Гарсаев Лечас, кхечара.
Гарсаев Лечас дийцира ша говзанчица-Iаьрбматтанчица цхьаьна Иорданин тайп-тайпанчу шахьаршкахь а, ярташкахь а хилла, цигахь пхийтта эзар гергга йолчу нохчийн диаспорин векалшца цхьаьнакхетта, архивашкахь болх бина хиларх лаьцна.
ХIинццалц йовзаза хилла йолу дуккха а мехала материалаш гулйина цигахь. Л.Гарсаевс билгалдаьккхира цу декъехь кхидIа а болх бийриг хилар.
Республикин Правительствон Архивийн урхаллин хьаькама Хонкарахь бинчу белхан жамIаш довзийтира. Цунна карийна нохчех лаьцна Iусманан йозанца (османски маттахь) яздина историн кехаташ а, XIX-чу бIешеран юккъехь дIакхелхинчу нохчийн мухIажарех лаьцна книгаш а. Цул сов, Iаьрбийн а, ширагуьржийн а, шираэрмалойн а меттанашкахь язйина нохчех лаьцна материалаш а еана Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан историн коьртачу архивера.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца, Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу 30 шарахь хиллачу хиламех хаамаш гулбарехула боккха болх беш ву цуьнан пресс-секретарь Каримов Iальви а.
Комиссин декъашхоша билгал ма-даккхара, болийна болу болх чекхбаьллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан исторехула (X-чу бIешарера дуьйна) книга арахоьцур ю.
Цара бинчу балхана комиссин декъашхошна баркалла элира Кадыров Рамзана. Цо билгалдаьккхира нохчийн халкъан истори юьххьера дуьйна талла езаш а, тIекхуьучу тIаьхьенашка дIакховдо езаш а хилар.
«Шаьш Iаш долчу пачхьалкхашкахь бакъонца а, тешамца а гIуллакх деш, майралла, доьналла, сийлалла гойтуш баьхна гIарабевлла нохчий дагахь латто беза вай. Нохчийн халкъан дозалла долу, шайх масал эца хьакъ болу турпалхой вайн дуккха а бу. Ишттачеран цIерш вайн урамашна а, дешаран заведенешна а тохкур ю вай», – элира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо