«Даймохк» газетан 19-чу номерехь яздинчу зорбанан къамелехь оха билгалъехира Биткоинан а, Блокчейн технологин а коьрта башхаллаш. Кху къамелехь биткоинех лаьцна кхин а кIоргера дуьйцур ду оха.
Хьалха ма-аллара, ас а, кхин шина накъоста а биткоинех а, Блокчейн технологех а гIуллакх деш дикка хан яьккхина Иорданехь а, Iаьрбийн кхийолчу пачхьалкхашкахь а (криптовалюташ лелош, церан мехаш толлуш, и.дI.кх.).
ХIун ю биткоинаш?
Биткоинаш интернет чухула бен ца лелаш ахча ду (зашифрованная валюта). Иза арахецнарг ву Сатоси Накамото (таханналц «ма-варра» вевзаш воцу стаг). Вайна девзаш долу доллар, евро, сом санна валюта ю иза, амма карахь лелош ахча дац и («виртуальни» ахча аьлча нийса хир ду цунах). Оцу валютица еш йолу йохкар-эцаран операцеш лар йоцуш хуьлу, цул сов и ахча духкург, оьцург вовзаза вуьсу.
Биткоинийн башхаллаш
Биткоинаш чIогIа къайле (секретность) йолуш валюта ю. Лакхахь ма-аллара, биткоинаш шаьш йохкар- эцаро я цаьрца доьзначу йохкар-эцаран операцеша а цхьа а лар ца юьту. И операцеш ечу счетийн дайн цIерш гуш ца хуьлу, терахьийн адрес бен. 30 элпах а, терахьах а лаьтташ ду и адрес.
Биткоинаш цхьана а агIонан долахь а йоцуш, маьрша интернета чухула лела, церан доладеш цхьа а пачхьалкх я организаци яц.
Биткоинаш, мел дукха хиларх, сихонца дIаса яхьийта йиш йолуш валюта ю. Кху дуьненан муьлххачу пачхьалкхехь а, муьлххачу хенахь а биткоинаш вовшашна йохка а ло, вовшашкара эца а ло шинга, кхин кхоалгIа агIо, масала банк, юкъагIерта а ца оьшуш.
Биткоинаш дIаса яхьийтарх боккху мах кIезиг хуьлу, цхьа биткоин дIайохьуьйтуш боккху мах изза хуьлу итт я эзар биткоин дIайохьуьйтуш елахь а.
Биткоинаш шифровка йинчу бумаьштиг чохь дIаехкина хуьлу, шайн «дIачIагIдина догIа» а долуш. И «дIачIагIдина догIа» девзаш волчуьнга бен оцу бумаьштиг чуьра биткоинаш дIаса ца яхьийтало. Цундела (иштта догIа хилар бахьанехь) и бумаьштиг цхьаьннан а лачкъо йиш ца хуьлу.
Биткоинашна тIе муха кхочу?
Биткоинашна тIекхача шортта некъаш ду:
Хьалхара некъ дукхах болчу наха лелош бу – юхкуш верг а, оьцуш верг а вовшах а кхетий, йохкар-эцар хуьлу.
ШолгIа некъ – яккхий сайташ а, платформаш а чухула биткоинаш а, кхийолу криптовалюташ а йохка а, эца а ло.
КхоалгIа некъ – цхьайолчу пачхьалкхашкахь банкоматаш чухула биткоинаш йохкар-эцар а хуьлу.
БоьалгIа некъ – биткоинаш яхар. Цунна шен къаьсттина лелош компьютерш а, программаш а хуьлу.
Биткоинаш муха дIайохку?
Биткоинаш а, кхийолу криптовалюташ а шина тайпанчу электронни бумаьштигаш чохь дIаехкина латтайо.
Хьалхара тайпа интернет тIетесна хуьлу (онлайн), шолгIаниг интернет тIетесна а йоцуш хуьлу (оффлайн). Дукха хьолахь наха уьш ший а цхьабосса лелайо. Интернет тIетесна ерг сиха а, атта а хуьлу лелон, амма интернет тIетесна йоцург чIогIа кхерамазалла йолуш хуьлу (йоха ца ялуш).
Вуьшта, биткоинаш йоцург, кхин а шортта криптовалюташ ю, кестта кхин а керла криптовалюташ арахоьцур йолуш а ю. Амма Биткоин царах уггаре а гIараяьлларг ю кху дуьненахь, хIунда аьлча иза дуьххьара арахецна криптовалюта ю.
Криптовалюташа дуьненан экономикехь доккха дакъа дIалоцу, вайн халкъо цунна дика тидам беш а, цунах пайдаоьцуш а хилча, вай баккхий кхиамаш бохур бара цу декъехь.
ШИРДО Мохьмад
№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо