Хьуьнаре стаг вара Айдаев ЮшаI. Хастам хиларо АллахI-Дала нохчи ша кхолларна воккхавеш вара иза. Ша схьаваьллачу къоман зовкх деба лаарца къахьоьгуш вара. Цунна чIогIа дукхаезара нохчийн халкъан бартакхолларалла. Нохчийн къоман дукхахдолу турпалаллин иллеш дагахь а хаьара цунна. Царна талламаш беш дукха къахьегна а ву иза. Цу тIехь хедаш дацара цуьнан къинхьегаман доза. Ира хьекъал, кIорггера хаарш, Даймахке безам болуш хьалакхиъначу Айдаев ЮшаIана мехала хетара вайнехан Iилма кхиор, тIекхуьу къона чкъор дешарца уьйр-марзо йолуш хилар. Дай баьхначу лаьттах хаддаза хьерча баланийн бода дIаайабаларе сатийсинчарах а, оцу Iалашоне кхача лууш къахьегначарах а ву иза. Цундела йисина цуьнан цIе халкъалахь яха. ХIинца а шайх пайдаоьцуш а бу цуьнан Iилманан белхаш. Нохчийн къоман Iилма кхиамийн лакхенашка кхачо йолчу Iалашонца къахьегначарах цхьаъ ву иза.

Бералла
1938-чу шеран бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь Йоккхачу АтагIара Айдаев Ахьядан доьзалехь дуьнен тIе ваьлла ЮшаI. ХIара воцург, кхин а диъ бер хилла церан доьзалехь. Амма царах шиъ, цхьа кIант, цхьа йоI жимачохь кхелхина. Дукха ца ваьхна ЮшаIан да Ахьяд а. Ма-дарра дийцича, ЮшаIана дага ца догIура шен ден юьхь-сибат. Нанас Замана хьалакхиийна дара дисина кхо бер. Бераллера ЮшаIана дагадогIуш хилларг, нанас хIайкал санна лардеш лелийна, ден сурт дара. Цхьана документа тIера тукарца схьахадийна жима сурт дара иза, мерах хьокхучу йовлакха юккъе диллина лелош. Ден безамна, берашна бохуш, леладора иза Замана. Кхин цхьа киртиг йисинера ЮшаIан даг чохь генарчу бераллера. Иза деваша ВахIид тIаме дIавоьдуш хилла де дара. ХIетахь-м кIантана ВахIида юьхьарлоцуш берг муьлха некъ бу а ца хаьара. Кхунна дагадогIург, караэцна, генна лакха хьалакхуьйсуш девашас ша хьестар дара. Кхунах самукъадолуш гIадвахана воьлура ВахIид, кестта ша цIавоьрзур ву бохуш чIагIонаш йора. Бакъду, цIа-м ца вирзира иза. Буьрсачу тIеман арахь турпала вуьйжира. Тахана Йоккхачу АтагIахь юьрта юккъехь лаьттачу хIоллам тIехь боккхачу Даймахкана орцахбевллачу яхь йолчу кIентийн могIарехь дIаязйина ю бIаьхочун Айдаев ВахIидан цIе. Ткъа Заманах а, цуьнан доьзалх а дерг аьлча, дерриге а нохчийн халкъ санна, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, уьш махках бехира Сталинан хьадалчаша. Йовсарша тидаме ца ийцира хIорш тIехь да воцу байш хилар а, деваша, кхиболу яхь йолу нохчийн кIентий санна, фашистех леташ хилар а. Ялх шо кхачаза волу ЮшаI а, «халкъан мостагI» лерина, сийначу Сибрех дIахьажийра шен ненаца, шина вешица цхьаьна. Некъ беха, шийла бара. ЮшаI а, цуьнан ши ваша Юсуп а, Юнус а ненах хьерчара, мацалло кийра Iийжош. Стенга дуьгу хууш стаг вацара, шалон малхбалехьа дIатекхар бен. КхидIа дуьнен чохь яккха йисинчу массо а ханна, некъабохалла Iанаихна ненан бIаьргаш чуьра къаьхьа гIайгIа, даг чохь ов детташ, Iеткъар ю ЮшаIана.
Ткъа дийнахь сов некъ бина цIерпошт малхбалерчу Казахстанехь сецира. Юьхьанца Лениногорск гIалахь дIатарбира АйдаевгIеран доьзал. Дай баьхначу лаьттах баьхначу нохчийн санна, кхеран а дийзира мацалла, шело, гIело лан. Мацалла ца бала, ло бухара кIен буьртигаш лехьош, тайп-тайпана бецан хелигаш дууш зама йогIура. Лениногорскехь дукха ца Iийра Заман шен кхаа кIантаца. ГIиргIизойн махкарчу Токмакехь шен гергара нах бу аьлла, хабар-кост кхаьчначу мIаьргонехь, царна тIе дIаяха шеддаш дан юьйлира пекъар. Йиша-вешина уллехь мелла а бегIийла хиларе сатеснера мискано. Делан къинхетам хьалхабаьлла, Токмакехь шелонах хьулбала тховкIело нисъелира, кхаа кIантана школе ваха аьтто белира. Доцца аьлча, Токмакерчу юккъерчу школе хьалхарчу классе деша вахара Айдаев ЮшаI 1947-чу шарахь.
КIант дешарна тIера вара, хьехархочо дуьйцучух дика кхеташ, дуьйцург схьалоцуш, ойла тIеерзийна иза Iамош вара юьхьанца дуьйна. Анддавалавоьлча-м кIант книгаш ешарна тIевирзира. Цунна чIогIа хазахетара туьйранаш доьшуш, тIаьхьо исбаьхьаллин литература йоьшуш.
Кхиъна вогIуш жима стаг вара ЮшаI вайнахана цIаберза некъамаршо йолуш. Кхиболчу вайнехан санна, цуьнан а чIогIа самукъадаьллера кхойтта шарахь берриге а нохчий хьегначу, дай баьхначу лаьтта тIе цIаверза некъамаршо яларна. Амма иза а дуьйцуш санна атта ца хиллера.
1957-чу шарахь бен ЮшаI юккъерчу школин итт класс чекхъяьккхина волуш вацара. Дешар юкъахдита цунна дага а ца деанера. Ткъа юьхьанца, цхьа тоба новкъаяьллачул тIаьхьа, вайнахана Кавказе боьду некъ юха а бихкина бара. Цхьа бакъонийн кехаташ карахь хила деза бохуш, цхьацца хабарш дара дуьйцуш. Массо а кхетара и хабарш вайнахе схьахьейина кхин цхьа харцо хиларх. Амма хьаьнга хIун ала деза, хьаьнца муьлхачу тIегIанехь дийца деза хууш стаг вацара. Йозадешарца мелла а эгIаза болчу баккхийчарна цхьа а гечо ца карадора новкъа бовла. Итт класс чекхъяккхаран зерех чекхваьллачу мIаьргонехь, ЮшаIа шена тIелецира и чолхе, деза дукъ. Цо кIад ца луш, къарвелла юха ца волуш, Iедалан массо а тIегIанехь болчу хьаькамашка кехаташ яздора хIора дийнахь, Хрущев Никита коьртехь волчу партис, правительствос вайнахана цIаберза бакъо елла хиларх а, ткъа цхьацца болчу Iедалан векалша бюрократин зIараш дуцуш, мискачу адамашна цIадерза новкъарло еш хиларх а лаьцна. Эххар а, АйдаевгIарна а кхечира и сатийсаме бакъо.
Хийрачу махкахь къаьхьа некъаш гIийла гездина, Заман 1957-чу шарахь шен кхо кIант валош Соьлжа- ГIала кхечира.
Хаарийн лакхенашка
ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхе ирсе лара мегар ду нохчийн халкъан дахарехь. 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, хийрачу махкахь хьалакхиъна кегийрхой сутара тIебирзинера дешарна, Iилманна. Уьш кийча бара муьлхха а ирхенаш яха, Iедало бехк боцуш, Iазап такхийтинчу нохчийн къоман зовкх дебо. Царах цхьаъ вара Айдаев ЮшаI.

Соьлжа-ГIала цIавирзинчу 1957-чу шарахь иза деша вахара Нохч-ГIалгIайн Республикин хьехархойн институте. Нохч-ГIалгIайн Республикин хьехархойн институтан юкъараллин дахарна «чувуьйлира» иза. Муьлххачу а институтехь кест-кеста хуьлу студентийн цхьанакхетарш, диспуташ, семинараш вайн хьехархойн институтехь а хуьлура. Цкъа а Айдаев ЮшаI юкъахь воцуш ца хуьлура уьш. Институтан тхов кIел кхоллабелира цуьнан, тIаьхьо, дахаран маьIна хилла дIахIоьттина, нохчийн халкъан бартакхолларале болу безам. Цуьнан ирс хиллера доьшучу муьрехь нохчийн къоман тоьллачу кIенташна, хьехархошна хьалха нисвелла. Оцу шерашкахь институтехь хьехархойн белхаш беш бара: Ошаев Халид, Мациев Ахьмад, Эльмурзаев Серажди, Музаев Нурди, иштта дуккха кхиболу къоман культурехь, литературехь бIаьрла лар йитина болу къонахий.
Студенташна фольклор йовзуьйтуш а, цуьнан баххаш Iамош а вара Къилбаседа Кавказехь вевзаш волу фольклорист Эльмурзаев Серажди. Цуьнца уллера гергарло тасаделла, студент волуш дуьйна, оцу декъехь талламаш дIаболийра Ю.Айдаевс.
И талламаш кхиаме а, мехала а хиларан тоьшалла ду 1962-чу шарахь институт чекхъяьккхина ваьлла жима стаг Нохч-ГIалгIайн Республикин литературин, меттан, историн Iилманийн талламан институте балха дIаэцар. Еккъа цхьана халкъан бартакхоллараллехь талламаш бина Iаш вацара Iилманча. Цуьнан семачу тидамехь яра нохчийн къоман истори, литература, театр. ЮшаI хьуьнаре Iилманча хилар гойтура, кест-кеста зорбане юьйлучу цуьнан статьяша. ХIинца а йоккха мехалла йолуш бу Iилманчас бина талламаш, зорбане яьхна статьяш. Цо цхьабосса говза яздора нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Йозанан хатI а шатайпанчу башхаллица къаьсташ дара, авторан ирачу хьекъална, кIорггерчу хааршна айкхдуьйлуш. МогIарерчу газетдешархочунна еша атта, пайде хуьлура Айдаев ЮшаIа язйина статьяш, Iилманан статьяш яра аьлла дукха чолхаллаш йоцуш.
1967-чу шарахь Iилманчас кандидатан диссертаци тIечIагIйира. Вайнехан кхиъна йогIучу драматургехь бина талламаш чулоцуш яра иза «Советийн Нохч-ГIалгIайн драматурги. 1920–1940-гIий шераш» цIе а йолуш.
Нохчийн къоман истори дика евзаш хиларе терра, бакъдолчунна тIетевжина Iилманчас яздора къоман драматурги кхиа йолаелла дукха хан яцахь а, бIешерийн кIоргенера дуьйна театран кепаш вайн халкъаца ехаш хиларх. Къоман театр а, цуьнан башха истори а йовза луучунна тахана а мехала Iилманан болх бу Айдаев ЮшаIа бинарг. Цул тIаьхьа я хьалха оцу декъехь, иштта къахьегна стаг, мел халахеташ делахь а, цкъачунна хаавелла вац.
Журналистика
Нохчийн халкъан бартакхолларалла а, къоман истори а Айдаев ЮшаIан безам хиллехь а, цуьнан дахарехь шолгIа безам бара журналистика.

1972-чу шарахь Iилманча «Ленинан некъ» газетан коьртачу редакторан заместитель хIоттийра. ХIинца санна, атта дацара оцу муьрехь журналистике кхача, газетан коьрта редактор хила. Иштта, массо а цацанах литтина чекхвала везаш вара коьртачу редакторан заместитель хIоттош верг а. Цхьа мисхал а дерт я кIайдарг хила йиш яцара цуьнан биографехь. Республикин газетан коьртачу редакторан заместитель доккха
дарж дара советийн заманахь.
Дийнахь чиркхаш летош, лохуш вара оцу дарже вахийта бегIийла стаг. Оцу дерриге а зерех кхиамца чекхваьлла кхечира Айдаев ЮшаI а «Ленинан некъ» газетан редакце. Цуьнан хиллачу белхан накъосташа, билгалдаккхарехь, вайна иза хьак вара муьлххачу дарже хIотто. Уггаре а коьртаниг, хIайкал санна, вайн дайша лийрина гIиллакх-оьздангалла шеца йолуш вара иза.
Белхан накъосташца кIеда-мерза, оьшучохь гIо накъосталла дан кийча вара. Цуьнан хазачу Iаьнаро, кIадйора балха тIехь нислуш йолу шога киртигаш а. «Ленинан некъ» газетан редакторан заместителан болх дукха ца бира цо.
1973-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь зорбане дуьйлуш хиллачу кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан редактор хIоттаво ЮшаI. Хетарехь, нохчийн къомах волу стаг оцу газетан куьйгалле дуьххьара хIоттош вара. Жоьпалле болх бара ЮшаIах тешийнарг. КIиранах кхузза арадолуш дара иза. Вайн республикера кегийрхой кхетош-кхиоран гIирсийн коьрта коьчал яра иза. Дукха хьолахь, къинхьегаман турпалхой хуьлура цуьнан агIонаш тIехь буьйцуш. Уьш а, коьртачу декъана, Соьлжа-ГIаларчу заводашкара, фабрикашкара къона жигархой бара.
Ткъа ХХ-чу бIешеран 60–70-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу предприятешкахь къахьоьгуш вайнехан кегийрхой вуно кIезиг бара, банне боцуш меттигаш а дукха яра. Цундела газетийн агIонаш тIехь буьйцуш а, хестош а наггахь бен ца хаалора вайнехан кегийрхой.
Айдаев ЮшаI коьрта редактор хIоттарца «Комсомольское племя» газетан географи а шоръелира. Газетан агIонаш тIехь бийца болийра вайнехан ярташкарчу колхозийн а, совхозийн а къинхьегамхой, иштта, халкъана бовзийтира къона гIишлошъярхой а. Айдаев ЮшаI редактор хIоттар бахьана долуш, вайнехан къоначу журналисташна а гечо делира оьрсийн маттахь зорбане дуьйлучу газеташкахь болх бан. Иза боккха толам бара газетан а, цуьнан белхахойн а. АйдаевЮшаI редактор хIоттарца, газето боккха болх бора вайнехан къона артисташ, художникаш, спортсменаш, Iилманчаш газетдешархошна бовзийтарехь.
1980-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттийра Ю.Айдаев. Тайп-тайпанчу хенахь цIерш хийцар нисделлехь а, тахана зорбане дуьйлу «Даймохк» юьхьанца дуьйна нохчийн къоман газет хилла схьадеана ду. Челакхчу заманийн зуламечу мехашка хьаьжжина цIерш хийцинехь а: «Серло», «Ленинан некъ», эххар а, «Даймохк», мел хала, ирча денош тIехIиттарх, цкъа мацах юьхьарлаьцначу къилбанах ца туьлуш, нохчийн къоман башхачу гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь схьадеана газет. Редакцин белхахоша, даима а, даг чохь латтийна ненан маттахь зорбане долуш цхьаъ бен доцу къоман газет хIара хилар.
Оцу ойланца вехаш а, къахьоьгуш а вара Айдаев ЮшаI. Дара дера цо редакторан болх бечу муьрехь «Ленинан некъ» Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкоман Iуналлехь а, къаьсттина семачу тергонехь а. Делахь а, хIетахь «Ленинан некъ» кIиранах кхузза арадолуш дара, цуьнан журналисташ вайн махкарчу бахархошна дош-дезар хеташ бара.
Республикин куьйгалхой емалбеш газет тIе материал тоха, зорбане яла бакъо ца хиллехь а, тайп-тайпанчу министерствошкахь, ведомствошкахь, Нохч-ГIалгIайн Республикин муьлххачу а кIоштахь тосаделла кхачамбарш Iорадаха, халкъана довзийта бакъо йолуш дара иза. Оцу бакъонах шуьйра пайдаоьцура газетан корреспонденташа, къаьсттина ЮшаI редактор волчу муьрехь.
Дийца даьккхинчуьра кхин цхьа бакъдерг билгалдаккха луур дара. Критика еш, зорбане яьлла материал, жоп доьхуш, редакцин белхахоша леррина яздинчу кехатца куьгбехкечунна дIайохьуьйтуш яра. Ши кIира далале, и куьгбехкениг редакцина жоп дала декхарийлахь вара, газето дийцаре дина гIуллакх шена кхин а гена дала ца лаахь. Цундела дара газетан агIонаш тIехь яздинарг нуьцкъала, мехала. Цундела яцара цхьаьннан а, доцург я харцдерг яздан бакъо. Нохчийн къоман газето даима маслаIатан некъ лехна. Шен къоман кхиамаш дозаллица бийцина, цуьнан лазамех дог лезна. И мехала кеп ларъеш бира Айдаев ЮшаIа газетан редакторан даржехь болх. Цундела яха йисина цуьнан цIе белхан накъостийн дегнашкахь, цундела, хIинца а, боккхачу безамца хьахаво иза цуьнца болх бан ирс хиллачара.
Iилманчин кхолларалла
1972-чу шарахь дуьйна Айдаев ЮшаI СССР-н Яздархойн союзан декъашхо вара. Вайн махкахь евзина Iаш яцара цуьнан кхолларалла.
1976-чу шарахь Москварчу «Молодая гвардия» цIе йолчу издательствос зорбане яьккхира «Обряды, праздники, традиции» книга. Советийн Союзехь дехачу халкъийн гIиллаккхех, ламастех яра иза. Ша схьаваьллачу къоме болчу боккхачу ларамца, безамца, массарна юьхькIам боллучу агIор язйинера Iилманчас вайнахах йолу книга. Иза вовшахтоьхначарна тайначух тера дара вайн махкахочун шен къоман гIиллакхех долу йозанаш. Конкурс кхайкхийна хиллера цара и беркате болх дIаболош. Оцу конкурсехь шолгIа меттиг яьккхира ЮшаIа. Ахчанца совгIат дира, диплом делира. Толамах Iехавелла юха ца волуш, Iилманчас кхидIа а дуккха а белхаш бира халкъан бартакхолларалла толлуш, кхин а книгаш зорбане ехира. Царна юкъахь дара «От эпической песни до эпопеи», «Пословицы и поговорки чеченцев и ингушей», иштта дуккха а кхиерш. Iедало дIахьажжийначохь, тайп-тайпана белхаш бинехь а, Ю.Айдаев уггаре а хьалха воккха Iилманча вара.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь кхиамца Соьлжа-ГIалара хьехархойн институт чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн историн, литературин, меттан Iилманийн талламан институтехь болх бечу муьрехь, кхечу гIаланашкара, мехкашкара Iилманчашца тасаелла доттагIаллин зIенаш ца хедош, дIакхийхьира цо шен дерриге а дахарехь. Иза кхоллараллин зIенаша чIагIдина доттагIалла дара. Ша язбина Iилманан белхаш кест-кеста церан кхиэле бохкуш а, цаьрга мах хадабойтуш а вара ЮшаI. Цунна къеггина тоьшалла ду иза Дуьненаюкъарчу юкъараллин педагогикин академин а, Россин юкъараллин Iаламан Академин а академик хилар. Иштта, Россин историн юкъараллин декъашхо а вара иза.
1992-чу шарахь Айдаевс филологин Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIйира. Талламаш бар а, диссертацина кечамаш бар а Нохчийчохь хиллехь а, иза тIечIагIъяр гуьржийн махкахь, Тбилисерчу университетехь хилира. Филологин докторан диссертаци а вайнехан драматурги кхиаран некъаш довзуьйтуш яра. Нохчийн къоман Iилманехь а, культурехь а кхин цхьа ирхе яра ЮшаIа яьккхинарг. Еккъа цхьа къоман драматурги йийцина Iаш вацара иза, вайнехан драмин театр кхиаран чолхе некъаш довзуьйтура цо шен Iилманан балхаца. ХIинца а мехала бу Iилманчас оцу декъехь бина болх. Цул тIаьхьа а, я хьалха а таллаза ду къоман театр кхиаран некъаш. Iилманчин дика аьтто баьллера и некъаш довзийтарехь.
Зама кегаелла еана яра цо филологин докторан диссертаци тIечIагIъечу муьрехь. Вайн дайша дийцина ма-хиллара, Советийн Iедал стоьла тIехь доьхна, даьржина, хабарехьа даьлла, урх карараяьлла дара. Олалле бирзинчу кегарийн ачо Нохчийчу кхаьчнера. Цхьайолу жухаргаш даржаш къуьйсуш яра, вукхара герз эвхьазадаьккхинера. Iилманчаш а, Iилма а дагадогIуш стаг вацара. Къахьега Iеминчара, къа-м хьоьгура. Царах цхьаъ вара Айдаев ЮшаI а.
Хаддаза кхоллараллин лехамашкахь, де-буьйса ца лоьруш, къахьоьгуш волчу цунна Iилманехь хьалхара гIулчаш йохучу кегийрхошна Iуналла дан хан карайора, царна оьшучохь гIо-накъосталла дан ницкъ карабора. Мел хала, ирча денош тIехIиттарх, нохчийн къоман сирлачу кханенах дог дилла ца лууш, чекхвелира ЮшаI. Ур-атталла Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча а махках ца велира иза. Даима а шен халкъаца вара. Соьлжа-ГIала авиатохарш дар луьста девлича, ара ца велира, ларми чу воьссина, кхиболчу пекъарша санна, текхира и буьрса хан.
1994-чу шеран гурахь динчу авиатохарша хIаллакйира цуьнан Соьлжа-ГIалара петар, цуьнца цхьаьна чуьра сал-пал, хIайкал санна, лардеш лелийна йозанаш. Шена хилла эшамаш буьйцуш цхьаьнна а ца гира Iилманча. Дерриге а нохчийн халкъ Iазапе лаьцначу бохамашца, шена цхьанна хилла зенаш дийцар товш ца хетара цунна. И ца дийццал нохчалла яра цуьнгахь. Цунна ца гора шена хилла зен. Цуьнан садуург нохчийн къомах хьаьрчина тIеман саьрмик бара, дIаяла ца туьгуш, тIеттIа къинхетамза марсаюьйлу буьрсачу тIеман сийна цIе яра.
1996-чу шеран оханан (апрель) беттан 21-чу дийнахь арадаьллачу «Правда» газетан агIонаш тIехь Айдаев ЮшаIа «Чеченцы: история и современность» цIе йолчу статьяхь яздора, бехк боцуш, вайна коча беанчу тIамах, иза дуьххьара цахиларх, нохчашна тIехь латтош йолу харцо, ямартло бIешерийн кIоргенера схьайогIуш хиларх. Дерриге а нохчийн къомана тIехIоьттинчу оцу чолхечу муьрехь, и цхьа статья язйина ца Iийра Айдаев ЮшаI.
Цхьаннах а ийза ца луш, шена хIонс ца лоьхуш, бакъдолчунна тIетийжаш Iилманчас язйинчу статьяша вовшахтоьхна Москварчу «Мир дому твоему» издательствос книга зорбане яьккхира 1996-гIа шо чекхдалале. Цунах мерза кхаъ хилира вайн махкахошна а, нохчийн къомаца уьйр-марзо мел йолчунна а. Къаьсттина мехала дара книга оцу муьрехь араялар. Наггахь а стаг вацара вайн къомах хьакъ доллу довха дош ала хIуттуш. Мочхаллаш лацаделча санна, багара дош ца дожош, дIатийнера вайн махкара яздархой а. Ткъа Айдаев ЮшаIехь хьуьнар, доьналла хилира ямартлонан кIуьрлахь Iазап токхучу шен халкъах бакъдош ала, дуьненна и дIадовзийта. Оцу луьрачу хенахь боккха ницкъ оьшура и тайпа книга араяккха. Вайн турпалхочунна карийра и ницкъ а, шен декъазчу къоман дог хьосту долу книга зорбане яккха гечо а.
ТIаьххьара шераш
XXI-гIа бIешо дIадолалуш 60 шарера ваьлла вара Айдаев ЮшаI. Цуьнан цIе шуьйра евзаш яра махкахь а, генна дозанал арахь а. Зорбане баьлла 120 сов Iилманан болх бара цуьнан. Амма баьхначу кхиамех, кхоллараллин толамех цкъа а тоам беш вацара иза. Бакъволу Iилманча ша хила- ре терра, даима а, лехамехь вара. Буьрса кхехкачу тIамо а юкъах ца воккхура иза балхана. Дуьнен чохь яккха йисина хан кIезиг юй хууш санна, тIевоьллера балхана. Дукха хенахь дуьйна синкIоргенехь кхобуш цхьа лаам бара цуьнан.
Айдаевна чIогIа лаьара Нохчийн къоман энциклопеди вовшахтоха. Соьлжа-ГIалахь тIеман кхийсарш лахъелча, Нохчийн Республикин Iилманийн академис шен болх дIаболийра. ЮшаI вице-президент вара Академин. Буьрсачу тIамо лаьттаца дIашарйинчу Соьлжа-ГIалахь наггахь гIишло а яцара йохоза. Изза декъаза хьал дара Академин гIишлонехь а. Цундела вице-президент волчу Айдаев ЮшаIан даржаца боьзна болх Iаламат дукха бара.
Делахь а, цунна хан карайора сатийсамечу энциклопедина тIеверза, цунна тIехь болх бан. ХIан-хIа. Иза ванне а вацара шен цхьаьннан цIарах энциклопеди вовшахтоха Iалашо лаьцна къахьоьгуш. Цуьнан лаам бара вайн къоман меттан говзанчийн Iилманан белхаш схьагулбина, энциклопедина юкъабахийта. Мациев Ахьмадан, Джамалханов Зайндин, Алироев ИбрахIиман, иштта меттан кхечу говзанчийн белхаш бара ЮшаIа билгалбаьхнарш. Кхочушхила герга яра и Iалашо. Белхан накъосташа къобалдина тIелаьцнера цо дIадолийна мехала гIуллакх.
Амма 2004-чу шеран асаран (июнь) беттан хьалхарчу дийнахь кхин цкъа а ца тохадала, детталучуьра сецира нохчийн Iилманчин Айдаев ЮшаIан экаме дог. Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин академик волчу цуьнан 66 шо бен дацара. Делахь а, бакъволчу къонахчун хан дуьнен чохь даьккхина шерашца юстуш ца хуьлу. Къонахчо лаьтта тIехь йитина лар цо халкъана, махкана динчу диканаша серлайохуш хуьлу. Ткъа Айдаевс шен халкъе болчу безамца дина диканаш, дагардина ца валлал, дукха ду. ЮшаI вовза ирс хиллачеран дегнашкахь яха йисина цуьнан сирла цIе. Халкъана, махкана шен са ца кхоош, хьанал ваьцнарг вицвеш Iедал дац вайн къоман. Ткъа Айдаев ЮшаI, цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, ишттачу къонахех цхьаъ вара.
ГАЗИЕВА Аза
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо