«Нана» ма хьоме, кIеда, ховха дош ду-кх иза. Массо а хIуманах кхеташ, мел халчу муьрехь а дагна хьаам беш адам ду-кх нана. Мел йоккха чов а шен дашца, дайчу, аьхначу дашца, куьйгашца ерзайо цо. Доза доцуш бу цуьнан къинхетам, ткъа безаман чаккхе яц. Цхьа чIогIа чот йоьхна, бIарзвелла хьийзачу минотехь а, баккъал а дагах кхеташ, дилла меттиг йоцуш цхьангара халахетар хиллехь а, халонаш лайна, дахаро зийначу хьан ненан сурт дуьхьал тесча, и дерриге а дайло. Дагна синтем хуьлу…
– Цхьана доьзалан нана кхелхина я иза йитина, кхин зуда ялийна аьлла хезча, сан дегIе хорша йогIу. Цу мIаьргонехь суна дагатосу сайца цхьаьна Советски эскарехь Даймехкан декхарш кхочушдеш хиллачу накъостан Эльбрусан дийцар. Дог ца дуьллуш, цо шен нене сатийсар. Шен хиллачу бераллех, нисделлачу дахарх цо сайга дийцича, бераллехь дуьйна сайна иза вевзаш санна хийтира суна, – дуьйцу Нойбоьрарчу вахархочо Элипханов Султана.
– ХIинца а иза дагадеача, жимачу берана санна, сан дагчу кхерам тосий хаьий хьуна, – аьлла долийра цо шен Эльбрусах долу дийцар. Цо цуьнга иштта дийцинера:
– Жимчохь дуьйна, кIант вара аьлла доцуш, чIогIа тIера вара со сайн нанна Амантех. Доьзалехь сой, Хьаваний, Зезаггий кхоъ дара, воккхах верг со а волуш. Цкъа а барт ца хуьлура тхан ден-ненан. Ас иза хала ловра, цхьанна а ца гойтуш, воьлхура.
Цхьана дийнахь школехь ши «пхиъ» даьккхинера ас. Цунах самукъадаьлла, хIинца сайн «пхеаннаш» Амантина гайтина, цуьнан самукъадоккхур ду ас бохуш, школера чу кхечира со. Дог хьостуш сурт дацара суна гинарг. Ши йиша йоьлхуш яра, нана гуш яцара. Соьга мохь белира, нана, нана мичахь ю, аьлла. Хиллачух кхетта, со велха волавелира. ТIаккха тхан дас Юнуса элира, хьо воккхах верг ву, Эльбрус цIе йолу кIант вилхича эхь ду. Хьаваний, Зезаггий а кхерайо ахь, аьлла. Цу дийнахь дуьйна воккхахчун дукъ тIелаца дийзира сан. ВорхI шо хан яра сан тхан да-нана дIаса къаьсташ, аьлча а, сан нана дIайохуьйтуш. И шиъ къаьстинчул тIаьхьа, тхан дас, Аманта йолчу дахар а, иза гар а дихкира тхуна. Тхан ненан децIа, дIахьаьжча кораш а гуш, уллехь дара. Иза гуттар а хала дара. Генахь йоцийла а хууш, ненан марзонах хьоьгуш хан яккхарал хала хIума ца хиллера. Нана дIаяханчул тIаьхьа, дедеций, дененаций Iаш дара тхо. Жимма хан яьлча, Юнуса зуда ялийра – Зараъ. ТIаккха кIант хилира. Цхьа а къинхетам бацара дестечун тхоьца. Мел деза гIуллакх а дойтура цо соьга. (Зараъ ялийча бен сан итт шо а ма ца кхечира). Бежнашка хьажа дезара, сайна тIедиллинарг со дина ваьлча, гIуллакхдечу сайн шина йишина гIо дан дезара. Къахетара суна цу шиннах. Жим-жима дешарх хервала дийзира. Сайн нийсархошна юккъехь суо эшна хетара суна. Юххехь нана а яцара, тIеюха бедар а наггахь бен эцар ца нислора. Зараана ца лаьара эрна ахча дохка. Цхьана дийнахь сой, Юнуссий базара ваханера. Цигахь мачаш хазъеллера суна, амма уьш механа еза юй а хууш, вист ца хуьлуш тIехволуш вара со. Хьажа мукъане хьажий со кхаьрга аьлла, цхьа мача схьаэцна, бIаьрг тоьхна, охьайиллира ас иза. ТIаккха Юнуса элира: «Хазахетий хьуна уьш? Схьаэца!». Цунах самукъадаьллачу ас сихонца схьаийцира уьш. Цу дийнахь хилла хазахетар нана дIаяхчахьана а хилла дацара. Шина йишина гойтур ю ас бохуш, цIакхечира сой, Юнуссий. Чоьхьаволлушшехь, сайн самукъадалар ца лечкъош, ас мохь туьйхира: «Хьажал, сан хаза мачаш», – аьлла. Цаьрга бIаьрг а ца тухуш, Зараа элира, эрна ахча дохка меттиг яьлла-кх шушинна», – аьлла. Дерриге а самукъадалар дайра. Ас дечу гIуллакхийн, цу мачийн мах а бацара техьа аьлла, къайла а ваьлла, вилхира со. Нана хиллехьара эр дацара цо иза. Шена ца юуш а, ца юхуш а суна оьцур яра. ТIаккха, тхан дедас Абус олуш дерг дага а тосий, айса сайн синтем бан хIуттура. Дадас олура, хIара дуьне баланийн цIа ма ду, хIун хир ду кху чохь сингаттам бен, олий. Дерриге а ловра ас, амма Зараа шинна йишина тоьхча, иза цу шинна тIечеха йоьлча ца лалора соьга.
Жимма сайна мукъа хан еача, дIахьаьжча гуш долу тхан нана Iаш йолу цIийнан кор лардора ас. Иза гур яцара техьа сайна, олий. Цкъацкъа ойланашка а волий, сохьтехь а Iара. Наггахь, иза геннахь гича, цунах а там хуьлура. Иза дуьнен чохь хиларо ваха ницкъ лора.
Дуьненах самукъадолучунна сиха а йоьдуш, дагчохь бала, сингаттам болчунна, тIех яхлуш кхойтта шо зама дIаяхара. Денна ницкъ алсам бала безачу сан гIора довш дара. Могашалла а галъелира. ТIаьххьара а меттахь висира. Со гIелвинарг гIуллакх а дацара, я хуьлуш йолу хало а яцара. Нене сатийсаро, цунах къастаро кIелвитинера со.
Цхьана дийнахь дедега ас элира: – Дада, суна цхьа а дарба ца оьшура, кхойтта шо хан кIеззиг хан яц, тхо а даккхий хилла, нана оьшура тхуна. ХIара дуьне тахана, кхана ду ца хаьа, ненан марзо йовзийта алахь тхуна Юнусе. Цу шимма хIинца къийса хIумма а дацара: – аьлла.
Цунах къахеттачу Абун бIаьргех хиш дуьйладелира. Ахь оццул хIума схьакъадийна хилча, ма боккха бала хилла хьоьгахь, Эльбрус. ХIинццалц Iийнехь а, тахана цу гIуллакхан ас йист йоккхур ю. Со цуьнан да хир вац-кх хьуна, цо тахана Аманта схьацаялаяхь, аьлла аравелира деда.
Юьртара баккхий нах, молланаш а гулбина, Абус Юнусе Аманта схьаялаяйтира. Ненан ховха куьг, чаккхе йоцу къинхетам оьшуш волчу Эльбрусана гIоли хилира. Делан къинхетам боккха хиларна, доьзал цхьаьнакхийтира. Хаза чаккхе йолу, туьйранехь санна, дагна хьаам беш, дикачу аг1ор хийцаделира Эльбрусан дахар.
Ма ондда бу-кх ненан ницкъ. Шен доьзална даима а дика лор ю-кх иза…
З.САГАЕВА