Кегийрхошна совгIаташ дира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь «Кавказан кегийрхой хиндолчунна – юьхьдуьхьал» цIе йолчу регионан конкурсан гурашкахь гIуллакх дIадаьхьира.

Иза вовшахтоьхнера «Дукха бераш долчу доьзалийн цхьаьнатохаралла» цIе йолчу Къилбаседа ХIирийчоьнан регионан юкъараллин организацис Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца.

Цигахь дакъалецира лакхахь билгалъяьккхинчу юкъараллин организацин председатела Дзолбаева Альбинас, цуьнан заместительша Дзолбаева Аленас, Камилова Людмилас, Къилбаседа ХIирийчоьнан къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашкахула йолчу министерствон коьртачу хьехамчас Гатикоева Аллас, коммерцин йоцчу «Баьццара лото» автономни организацин директора Мациева Маринас, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, министран заместитела Элембаев Iалихана.

Къилбаседа Кавказан Федеральни Округан регионашкарчу 6 шарера 15 шаре кхаччалц а, 17 шарера 22 шаре кхаччалц а хенаш йолчу берашна, кегийрхошна юкъахь дIахьош яра конкурс. «Хиндерг – берийн бIаьргашца» номинацехь суьрташ дахка дезаш дара бераш, «Сан президент» номинацехь – видеоролик гайта езаш.

Конкурсан Iалашо яра Къилбаседа Кавказан къаьмнашна юкъахь машар а, доттагIалла а чIагIдар.

Цу тайппана конкурс дIаяхьарна «Дукха бераш долчу доьзалийн цхьаьнатохаралла» организацин куьйгаллина баркалла элира Абдулмуслимов Сайд-Селима.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран цIарах Дзолбаева Альбинина къаьмнашна юкъахь доттагIалла чIагIдарна а, къоман культура йовзийтарна а, шайн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзуьйтуш, шайн Даймохк безар марздеш кегийрхой кхетош-кхиорна юкъа хазна йилларна а Сийлаллин грамотаца совгIат дира.

«Бераша, кегийрхоша шайн суьрташкахь а, видеороликашкахь а хиндерг шайна муха го, иза муха хила лаьа гайтира. Шаьш кхана муьлхачу пачхьалкхехь, муьлхачу республикехь а Iан деза шайна бен-башха цахилар гайтина конкурсехь дакъалаьцначара», – элира Дзолбаева Альбинас.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь «Дукха бераш долчу доьзалийн цхьаьнатохаралло» совгIаташ а, дипломаш а делира конкурсехь тоьллачу Нохчийчуьрчу дакъалацархошна. «Хиндерг– берийн бIаьргашца» номинацехь совгIат дира Эдихаджиева Самирина, Хамзаева Элизина. «Сан президент» номинацехь хьалхарчу даржан дипломаца совгIат дира нохчийн пачхьалкхан университетан студентана Хамидов Iаднанна.

А.АЛИЕВ

№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: