Харцо а, къизалла а ца лало

Сан бIаьргех хи ледарх
Хьо цец ма вала…
Нах беза кхоьллина
Дог ду. Къахета.
Генарчийн, гергарчийн –
Хьеннан а бала,
ХIун дер-ткъа, сан дагах
Дог лазош кхета.

Ца лало, миччахь а
Нах цIийнах бахар,
Маьршачу адмашна
Дера герз тохар.
Iаьрбичун, вьетнамцан
Бер байлахь дитар,
Хеназа бер дийна,
Нана цхьан тийжар!

Ца лало, кийча ву
Со орцахвала,
Бакъонан дуьхьа сайн
ЦIий кхаччолц лета.
Генарчийн, гергарчийн
Муьлхха а бала
Сайн лору. Ца лорург
Стаг а ца хета.
(К.Д.)

Вахар а, вар а цхьана а рогIехь, хормехь доцуш волу митингахо юха а вогIий, схьахIутту. Схьагарехь Шемалций, соьций кхин а хабаре вала сакIамделла ву. Шен церг-ков даьлла йолчу багара насвайн даххаш, чIара лоцу мIара санна, гамбинчу хьажо-пIелгаца лаххьийна хьала а эцна, цхьана агIор, кхиссина, дIадахийти цо. Пхьош хьаькхна, шен гIир йоьлла сира мекх а шардина, хабар дийца кечлуш воллучу мIаьргонехь, цхьаъ вистхуьлу цуьнга:

– ХIей, акхсакхал.

– Соьга луьйш вуй хьо?

– Ву дера. Кхин хьаьнга луьйр ву со?

– Со акхсакхал вац. Борз-Iела ву.

– Борз-Iела, хIара айхьа динарг гой хьуна?

– ХIун дина?

– И хьайн багара кхелли тIетоьхна, коч йоцчу яьккхи-кха ахь сан, – олуш, Борз-Iелас дIакхоьссина насвай кхетта шен шурула-кIайн коч мерах хьоькхучу йовлакхца цIанъян гIерташ воллу и стаг.

– И хIун хабар ду: кхелли бохург? – бехказаваларан меттана, цуьнца девне волу Борз-Iела.

– Хьо кхазахийн Бетпакдала панамахкахь байн эмкалш яжош, манкурт волуш санна, хьайна ма-луъу лелаш хилча, алаза долий хьоьга, – аьлла, шен Борз-Iелас насвай тоьхна, йоккха хьоькх дIаяккха тIевирзина воллучуьра хьала а ца таьIаш, юкъанаккъара санна, олу вукхо.

– Цкъа собар дехьа, олуш, – чуьраволу Борз-Iела, – дош хетий хьуна «кхелли» бохург? Хьуна а, хIокху хьан накъостана а гуш, ваха а вахана, дIогахь, митингана йистехь, юхкуш Iаш йолчу йоккхачу стагера сайн кисанара ахча а делла, эцна деши санна, цIена насвай ма ю ас бага теснарг.

– Деши санна, цIена хиллехь-м, цуьнан коч бехйийр яцара цо, – къаро йоккху Шемала.

– Дика ду-кха насвай эца хьан кисанахь ахча хилла.

– ХIун? Ду ЦIомас дешначу жайнора, сан кисанахь-м хьо эццал а ахча!

– Со-м ахь мах баллал терзанна веза а хир вацара хьуна.

– Мел веза хилча а, эццал-м, дера, ду, – вета дIа а боккхий, хIинцца эцначу кехатийн ястаза, паччахьан сурт тIехь долчу пачканах тера ахчанан туп хьалаоьккхуьйту Борз-Iелас, – какой может «бит разгавор?!» ХIара гуш дуй хьуна?

ХIара вовза а вевзина, хIокхуьнан хьекъал мел ду хиъча, хьалхачул хецна, хабаре воккху вукхо:

– Го суна. Ткъа алахьа, ваши, хьенан ахча ду и?

– И бохург хIун ду? Нехан ахчанах киса дуьзна моьтту хьуна ас?

– ХIан-хIа, Борз-Iела, и ца бохий аса-м.

– Ткъа хIун боху ахь?

– И хьан киса дуьзна ахча Ичкерин ду я Россин ду? – боху.

– Ичкерин а дац я Россин а дац. Сан ду. Собственни. Кхетий хьо?

– Кхийти со. Россин пачхьалкхан банкан билет ду.

– ТIаккха? Кхин хIун олу ахь?

– Россин червонцаш-м хьовха, Iамаркан долларш а тIехь, харц арахецар гучудуьйлуш ду хьуна Ичкерехь. Цундела хьуо ле ма вайталахь…

21-ннах ловзар, нахана хаздан, марздан гIерташ кехатийн цIена туп ловзархочо санна, шен ахча куьйган кераюккъе доьтту Борз-Iелас. Юха, и шен ахчанан туп кисана гIортайо, сагIина комаьрша нах бехачу юьртахь шен ши таьлс дуьзначул тIаьхьа, йоккха бабас елла сискалан коржам сагIадоьхучо шен гIовталан кисана санна. Вета дIатосу. Киса дIа а нисдина, хотту:

– И дIавахана пелхьо вевзаш вуй шуьшинна?

Шемала а, аса а, жоп далар цхьаьна нисло:

– Вевзаш вац. Айхьа цуьнан йоцчу яьккхинчу кучан метта цIена коч эцийта ахча дала-м ца воллу хьо?

– Да нет. Айса бат ца дуръеш дIавахийтина дохковаьлла-кха со.

Шемал а, со а аз долуш велало.

Борз-Iела акъволий хьожу тхойшинга:

– Ой, ца хезира шуьшинна цо со «аскарбит» веш?

– ХIун ду хьо оскорбить веш, цо аьлларг?

– Цкъа акхсакхал эли.

– Иза-м кхазахийн маттахь тIекеренца нийса дош ду.

– Юха насвайх кхелли, боху.

– Насвай вайна кхазахашкара кхаьчна ю. Цундела хьо акхсакхал ву моьттина хир ду…

– МангIурт олуш хезирий шуна? ГIурт бохург цхьа къайлах нун догIуш ма ду, дан а.

– МангIурт олуш ца хезира. Хезнарг «манкхурт» ду. Нохчийн маттахь гIурт боху дош а, кхазахийн (?) маттахь манкхурт бохург а вовшашна, маьIнехь, гергара ду: «хье бакъийна».

ДIаваханчу накъостан банне а боцчу бехканий, Борз-Iела, бахьана доцуш, цунна оьгIазвахарний юккъехь тхаьшшинна ма-хуъу, ма-луъу ца нисделлехь а, маслаIат до Шемалий, асий…

Дош жовхIар ду, бакъ ларделлехь,
Харцо эшош, къар ца деллехь,
Лоьрург адмаш шен мостагIий,
Вуьсу боцуш нах доттагIий…
Малончас шен дай хестийра,
Шен писалла цо хьулйира.
Ямартниг шен Iаьржа хIилла,
Гуш дац моттахь, Iехавелла…
(К.Д.)

Д.КАГЕРМАНОВ,

Нохчийн журналистикин къано (ТIаьхье хир ю)

№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: