Республикин берийн библиотекехь ешаран кIиранна лерина литературин «Калейдоскоп» конкурс дIаяьхьира. Берийн ешаре марзо а, безам а кхолларан Iалашонца вовшахтоьхнера конкурс.

Кегийчу бераша а, библиотекин жигарчу ешархоша а дакъалецира цигахь. Ешархой шина команде бекъабеллера – «Радужные звездочки» а, «Ураган» а.
Царна дукхабезаш болчу яздархойн кхоллараллех, церан говзарех лаьцна хаттарш дора берашка. Шайна дуьххьара еша Iемачу хенахь дуьйна бIаьргашна хьалха лаьтташ йолчу говзарех лаьцначу хаттаршна жоьпаш дала а, церан хIора а говзар юха дагаяийта а башха чолхе ца хийтира кегийчу ешархошна. Мелхо а, церан самукъаделира оцу конкурсехь.
Нийса деллачу хIора а жоьпана балл яларца цхьаьна марзонаш а лора.
«Калейдоскоп» конкурсан хьалхарчу муьрехь нийса яздина доцу дешнаш «заколдованные слова» нисдан дийзира берийн. Иза, конкурсан мелла а чолхе декхар дара. Цу тIехь алссам хан яьккхира бераша, амма эрна-м ца яьккхира. ХIора а дашна тIехь леррина ойла а еш, хIора а элп шен-шен метта дIахIоттийра цара.
Конкурсан шолгIа мур иштта бара: билгалдаьккхинчу туьйранера цхьаболу хиламаш схьабуьйцура библиотекара, ткъа бераша дуьйцуш дерг муьлха туьйра ду дIаала дезара.
КхоалгIачу муьрехь библиотекара шайна схьагайтина йолу акхаро муьлхачу туьйранера ю олура цара. Оцу декхарца тIехдика ларийра ешархой. Шина а командо дика жоьпаш лора.
БоьалгIачу муьрехь «Со мила ву?» аьллачу викторинехь тайп-тайпанчу туьйранийн турпалхойх лаьцна дуьйцура бераша.
Ткъа пхоьалгIа «Фразеологизмы» мур уггаре а чолхе бара. Цигахь, фразеологизмашна гергара маьIна ала дийзира берийн.
Конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа жюрин декъашхоша жамIаш дира. Конкурсан жамIашца «Ураган» командо толам баьккхира. Шина а командина Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо