«Нохчийн меттан хьехархо – 2018» конкурс хир ю

Оханан (апрель) беттан 17–21-чуй деношкахь дешаран белхахойн говзалла лаккхаяккхаран нохчийн институто Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна «Нохчийн меттан хьехархо – 2018» республикин IX-гIа конкурс дIахьур ю. Иштта хаам бо лакхахь хьахийначу институтан пресс-службо.

Конкурс дIахьош ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь кхоллараллица къаьсташ болчарна совгIаташ даран Iалашонца.

Нохчийн Республикин а, Дагестан республикин а юкъарадешаран учрежденешкарчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн дакъалаца бакъо ю цигахь.

Конкурсан Хьелаш довза а, цуьнан материалаш схьаэца а аьтто бу www.govzalla.ru сайта тIера.

№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: