Россин Федерацин 83 субъектехь оьрсийн маттехула пачхьалкхан юкъара экзамен хенал хьалха дIалуш бу. Рособрнадзоро дийцарехь, экзаменехь дакъалаца заявка чуелларг 20 эзар стаг ву, царах 600 сов карарчу шеран выпускник ву.

Экзамен 181 пунктехь дIалуш ю. Цигахь экзаменан белхан зорбатохаран техника а, экзаменан белхан сканировани яр, онлайн кепехь видеотерго яр а хир ду.
Оьрсийн маттехула йолу экзамен иза аттестат схьаэцархьама леррина дIаяла езачу шина экзаменах цхьаъ ю. Ткъа аттестат даккхарна оьшуш йолу лаххара балл 24 ю.
Оьрсийн маттехула ЕГЭ-н жамI лакхарчу дешаран заведене боьлхучара гайта дезаш ду. Вузашкахь дешарна оьшуш йолу балл 36-нал лахара хила йиш яц.
Экзамен 3 сохьтехь эха сохьтехь ю. Экзаменан болх шина декъехь лаьтта, хIора декъехь 26 тIедиллар долуш.
Экзаменан жамIаш оханан (апрель) беттан 4-чу дийнахь довзуьйтур ду. ЕГЭ-н хенал хьалха болу мур 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнера оханан (апрель) беттан 11-гIа де тIекхаччалц бу, ткъа коьрта мур хIутосург (май) беттан 28-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-гIа де тIекхаччалц хир бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо