Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшах а тоьхна «24 бит» регионан конкурс дIаяьхьира Нохчийн Республикин берийн (кхиазхойн) кхоллараллин техникин, берийн «Кванториум» технопаркехь.
Конкурсан медиакхоллараллин а, программированин а дакъошкахула шайн хаарш довзийтира бераша. Цигахь дакъалоцуш дара 12 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш.
Жюрин хаттаршна жоьпаш а луш, шайн проекташ йовзийтира къоначу художникаша-аниматорша а, программисташа а. Жюрин кхиэле ехкина яра дуккха а проекташ, амма царна юкъахь тоьлларш къастон дийзира.
Конкурсан «2D компьютерни график» номинацехула хьалхара меттиг елира Устрада-ГIаларчу берийн кхоллараллин туьшан дешархочунна Титиева Дианина. Планшета тIехь пIелгаца басарш лелош классикин а, аниман а хIотехь «Доьзал Iаламехь садоIуш» проект кечйинера толамхочо.
«2D анимация» номинацехь толам баьккхира Республикин берийн (кхиазхойн) кхоллараллин техникин, берийн «Кванториум» технопаркан дешархочо Алиев Ахьмада, «Веб-дизайн» номинацехула компьютера тIехь ловзаран технологин тоьлла проект Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан экономикин, хаамийн технологин колледжан студентан Газгиреев Исламан яра.
«3D компьютерни график» номинацехь хьалхара меттиг Республикин берийн (кхиазхойн) кхоллараллин техникин, берийн «Кванториум» технопаркан дешархочунна Джаубатыров Исламана елира. 3 баттахь ша кечйина хинйолчу технопаркан проект йовзийтира цо жюрина.
– Тхан Iалашо ю хIора а дешархо кхитIе долчу дешарца кхиор. Хууш ма-хиллара сиха кхуьуш ю технологеш. Уьш йовзуьйтуш, цаьрца болх бан Iамадо оха кхузахь бераш. Компьютерни графикица болх бан хаа деза вайн берашна. Царах дика программисташ, компьютерни графикица проектировщикаш, медиахудожникаш а хир бу. ТIейогIучу хенахь алссам оьшур бу оцу декъехь говзанчаш. Цара кечйина хIора а проект мехала ю тхуна. Жюрис билгалъяьхна проекташ кхочушъян дагахь а ду тхо, – дийцира Нохчийн Республикин берийн (кхиаз- хойн) кхоллараллин техникин, берийн «Кванториум» технопаркан куьйгалхочо Ахъядов Iабдуллас.
Конкурсан дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ а, сертификаташ а делира.
ВЕГИЕВА Макка
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо