Шовзткъа шо сов хан ю кхин тIе а долчу дешаран муниципальни бюджетни учреждени – академикан П.Захаровн цIарах «Берийн исбаьхьаллин №2 йолу школа» болх беш йолу.
Шайна къастийна гIишло цахиларна, хьалха №14, №18 йолчу школашкахь белхаш бан дезна церан.
2010-чу шарахь Ленински кIоштарчу микрорайонехь, хьалха библиотека хиллачу гIишло чохь ремонт а йина, цу чохь дIатаръелла исбаь- хьаллин школа. Директор ву Давлетбаев Эдильхан. Цуьнан заместитель – Дутаева Милана.
– Дешаран шиъ смена ю кхузахь. Оха деша схьаоьцу 6 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш. Церан шайн школашкара дешарна мокъа йолчу хенахь, царна аьтто болчу агIор нисйина ю оха тхайн дешаран раж. Хьалхара смена – 9 сахьт даьлча 12 сахьт даллалц, шолгIа смена 14 сахьт даьлча 17 сахьт даллалц ю.
Тхан коллективехь болх беш 14 белхахо ву. Царах 8 хьехархо ву, уьш классашка дIасабекъна бу. Цкъачунна тоьаш бу хьехархой. Иштта, кхузахь доьшуш 119 дешархо ву. Кхушара хьалхарчу классехь къаьсттина дукха бераш ду. Шо шаре мел долу а, дешаран дарс Iаморехь, цунах кхеторехь йолу программа чолхе хуьлу.
Кхузахь хьоьхуш ю суьрташ дахкар, живопись, композици, ИЗО-н истори.
ХIара школа чекхъяьккхича, тоьшаллин кехат ло. Дешар 5–6 шарахь ду. Оха вовшахтуху суьрташ гайтаме дахар а, конкурсаш яр а. Уьш дIахьо тайп-тайпанчу дезачу деношкахь. Дешархоша дакъалоцу школийн, гIаланийн, республикин, региональни конкурсашкахь, суьртийн гайтамашкахь. Къаьсттина похIма долчу берийн белхаш ерригроссин гайтамашка а кхочу. Стохка Москвахь дIаяьхьначу ерригроссин конкурсехь финале кхаьчна 3-чу классан дешархочун Д.Масаеван болх. Иза боккха кхиам бу.
Исбаьхьаллин школин дешар еккъа цхьа Iалашо йолуш ду – суьрташ дахка Iамор а, суьртийн гайтамашкахь дакъалацар а. Дуккха а ду тхан говза бераш: Масаева Далила, Садулаева Хьава, Тайсумов Асхьаб, кхин дуккха а.
Берийн дай-наношна чIогIа лаьа цаьрга дешийта а, уьш Iама а. ХIора шарахь дешархой алсамбовлуш бу кхузахь. Дешар маьхза ду. Амма суьрташ дахка оьшуш болу гIирсаш: къоламаш, басарш, щетканаш, ватман берийн дай-наноша шаьш эца дезаш хуьлу. Чоьнаш чохь ремонт тхайн харжах йо оха, – дийцира хьехархочо Аздамиров Iелас.
ИЗО-н хьехархой шаьш къона белахь а, шайн болх безаш, дика бевзаш бу. Аздамиров Iелас хIинццалц директоран болх бина хIокху исбаьхьаллин школехь. ХIинца хьехархо ву иза. Иштта, зеделларг долу хьехархой бу: Батаева Тамара, Эдильсултанов Хьабиб, Дудаева Мильяна, Аздамиров Ислам, Мамаева Хеда, Татхаджиева Марем, Арсалиев Анзор.
Вай сатуьйсур ду хIокху школехь доьшучу суьрташдахкархойх тIейогIучу хенахь дуьненахь а бевзаш болу говзанчаш кхиаре.
Ф.АСИЕВА
Хьалхарчу суьрта тIехь: аьрру агIорхьара аьтту агIор – М.Дутаева, А.Арсалиев, I.Аздамиров, Хь.Эдильсултанов, И.Аздамиров
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо