Дуьххьара хезча, цхьа тамашийна хета и цIе – Чуьйрин-Эвла. Ишттаниг муха хир ю? Шайн юьртана наха и цIе туьллийла а дуй те, олий дагадогIу. Иза дерриге а нийса ду. Юьхьанца кху юьртан цIе Чуьра-Эвла хилла. Иза лахахь, Органан тогIи чохь, Iуьллуш хиларна. Амма дIаяхана цIе Чуьйрин-Эвла ю. Цунах лаьцна халкъалахь цхьа дийцар ду.
Мацах генара цхьа хьаша веана хилла Чуьра-Эвла. Везаш тIеэцна хIара кху юьртарчу наха. Цхьанхьа буьйса яккха чукхайкхича, баа хаза кечбина бIараш бехкина кхунна хьалха хIусамдайша, шолгIачу буьйсанна лулахоша шайга кхайкхича, изза кхача хIоттийна, кхоалгIачу буьйсанна кхечара а чуьйрех йина яахIума елла. Цу балхах гIеххьачул цецваьллачу хьешо аьлла бохура: «Чуьра-Эвла-м муххале а яцара хIара, Чуьйрин-Эвла ю-кх». Иштта оцу забарна тIера дIаяхана и цIе бохуш, дуьйцу баккхийчара, юьртан цIарах лаьцна хьахадалар хилча.
Гобаьккхина гуонах лекха лаьмнаш а лаьтташ, уллехь охьадогIуш Орга-хи а долуш, хазачу меттехь Iуьллу хIара юрт. Бахархой оьзда, хаза гIиллакхаш долуш бу кхузара, тIевеана хьаша-да лерина лелош, цуьнан гIуллакхе хьовсуш.
Юрт ширачех цхьаъ ю, архивашкара кхунах лаьцна болчу хаамашца, Кавказан (вай «Шемалан» олу) тIом болчу хенахь хилла ю иза. Цу хенахь йохийна а, юха, герггарчу хьесапехь 30-40 шо даьлча, наха меттахIоттийна а ю.
Советан заманахь колхозаш а йолуш, латта а, даьхни а лелош, хьанал баьхна кху юьртара бахархой. Украинехь 20-чу бIешеран 30-чу шерашкахь мацалла хIоьттича, цигара дуккха а нах баьхкина Нохчийчу. Масех доьзал Чуьйрин-Эвла а кхаьчна царах. Кху юьртарчу наха, дика тIе а эцна, даа ялта а, лело латта а делла царна.
Даймехкан Сийлахь-боккха тIом болчу хенахь жимачу Чуьйрин-Эвлара 50 сов стаг тIаме вахана. Царах цхьа кIеззиг берш бен цIа а ца бирзина. Шайн бIаьхаллин декхар доьналлица кхочушдина чуьйрин-эвлахоша.
20-чу бIешеран 70-гIа шераш дуьйлалуш хIокху юьртана юххехь цемент йоккху завод йиллира. Гуонахарчу а, кхечу районашкарчу а нахана белхан меттигаш хилира цигахь. Юха кхин 3 завод а йиллира кхузахь. Нахана доккха беркат даьлла меттиг хилира Чуьйрин-Эвлах.
ТIаьххьара хилла тIемаш бахьанехь цементан а, кхийолу а заводаш йохийра.
Иза новкъадеана дуккха а нах бара, хIунда аьлча, вайн республикехь цемент массо а хенахь чIогIа оьшуш хилла хиларна. Амма хIинца, Делан къинхетам хьалха- баларна, цементан завод а меттахIоттийна, цигахь арахоьцуш дика цемент а ю. Нохчийн Республикин Iедалан Iалашонашца кхузахь кхин а йийр йолуш керла заводаш ю: гIишлошъяран гIирсаш бен а, цемент йоккху а.
Хьалха, дуьххьара заводаш йохкучу хенахь, нахана чохь Iан масех гIат долу цIенош дира эвлан йистехь. Эххар а цунах поселок хилира, иза юьртах схьа а кхеташ. ХIинца хаза шахьар хилла Чуьйрин-Эвлах, шена чохь вехаш 6 эзар сов вахархо а волуш, 3 школа а, больница а, культурин цIа а, спорткомплекс а, ши базар а, дуккха а туьканаш а, машенаш а, кхийолу техника а тоеш пхьалгIанаш а йолуш.
Нохчийчохь тIеман хьал а хIоттале дуьйна галдаьлла догIура Чуьйрин –Эвларчу масех гIат долчу цIенойх лаьттачу поселкан хьал. Кхузахь цIеношкахь йовхо йоцу дуккха а хан яра – 25 шо а сов. Электричествоца а, хица а халонаш яра. Бахархойн аьрзнаш шега кхаьчча, 2013-чу шеран октябрехь вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан веара Чуьйрин-Эвла. Оццу дийнахь белхан штаб а кхоьллина, меттахIитторан белхаш дIаболабайтира цо. Поселкерчу 17 лекхачу цIенна чохь а, арахь а, дийнахь а, буса а бохург санна, болх кхехка болабелира. Хаддаза дIасалелаш техника йолуш, тIекхоьхьуш гIирсаш болуш, тойира майданаш, цIеношна гуонахара меттигаш, дIадуьйгIира синтарш, охьайиллира керла, деши санна цIена экъанаш. Ткъа уггаре а коьртаниг – дерриге а цIенош чохь йовхо луш долу яйш а хIиттийра, биргIанаш тесира, массанхьа а, тоькан шира серий дIа а дохуш, керла линеш тийсира, подъездашкахь керла неIарш хIиттийра, балконаш тойира, цIеношна тIе кир-басар хьаькхира. И дерриге сиха а, дика а дира Кхузара бахархой а, генара, уллера баьхкина хьеший а цецбевлла лелара: «Ванах, хIара туьйра-м дац те? ХIара ма инзаре болх бу! Оццул сиха, оццул хаза хIара меттиг тояр!» – бохуш. Поселкера бахархой баккхий бина а ца бовлура, меттахIитторан белхаш дIабирзича, цара даггара баркалла элира Кадыров Рамзанна сел доккха совгIат шайна дарна. ХIинца хьалха хиллачух тера яц Чуьйрин-Эвлара поселок. Хаза кечдина цIенош, экъанаш ехкина гIашлойн некъаш, некъашна уллехула ехкина бордюраш, дийгIина Iай а, аьхка а сийна лаьтта дитташ. Хаза дина жамIатан маьждиг, керла спорткомплекс (иза Кадыров Рамзана, къоначу спорсменашна ша делла дош кхочушдеш, яйтина яра), тойина школаш.
Советан заманахь дан долийна пхи гIат долу цхьа цIа дара поселкехь. Республикехь Iедалан хьал хийцаделча, «Ичкерин заманахь» иза дохийна лаьттара, наха тIера схьаяьккхина, дIаяхьалуш йолу хIума – бетонан пилта елахь а, уьн коржам елахь а, кибирчиг елахь а – дIа а яьхьна.
МеттахIитторан белхаш дIабирзича, и цIа а, дукха хан ялале, дина чекхделира. ХIинца иза поселкехь уггаре а хаза цIа ду. Вайн республикин Iедало кхин а цхьа дика, къаьсттина мехала совгIат дира кхузарчу бахархошна – дуккха а шерашкахь, шайн къастийна хIусамаш а йоцуш, юкъараIойлашкахь гIийла хан яьккхинчу нахана хIусамаш елира цу керлачу цIа чохь. Цхьана а Iедало, цкъа а сел доккха совгIат дина дацара цу пекъаршна. Церан баккхийберан доза дацара, ткъа царна и керла хIусамаш яларна хазахеташ берриге а чуьйрин-эвлахой а бара. Цара кхин цкъа даггара баркалла бохура вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна шайн терго ярна, оьшучунна тIехь гIо-накъосталла дарна.
Шорлуш, йоккхахуьлуш схьайогIу Органца Iуьллу хIара юрт. Мацах эвлаяаша кхунах «беркате меттиг хир» ю алар бакъхилла.
Муса АРСАНУКАЕВ
Авторан сурт
