Бекарг беттан 29-гIа де, 1937-гIа шо. Хьалха-Мартан кIоштарчу Шалажехь вина Магомадов Леча, пачхьалкхан, юкъараллин гIуллакххо.
Дешна Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь. Къинхьегаман некъ дIаболийна 1964-чу шарахь СССР-н «Минмонтажспецстройн» №3 йолчу урхаллехь мастер волуш.
Цул тIаьхьа белхаш бо оцу урхаллин коьрта механик, гIишлошъяран белхалойн профсоюзан обкоман председатель, Соьлжа-ГIалин горисполкоман председателан хьалхара заместитель волуш.
1976-чу шарахь партийни балха хьалхатотту Л.Магомадов.
КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман гIишлошъяран отделан заведующи, цул тIаьхьа обкоман секретарь, шолгIа секретарь волуш болх бо. Партийни балхара мукъаваьккхича, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советехь йолчу пачхьалкхан махлелоран комитетан куьйгаллехь лаьтта.
СССР-н халкъан депутат хилла, дукхазза Нохч-ГIалгIайн АССР-н, Россин Лакхарчу Советийн депутат хаьржина.
1995-чу шарахь нохчийн къоман цхьабартхиларан Комитетан куьйгалхо хIоьттира Леча, 2000-чу шеран хIутосург (май) баттахь цо вовшахтуьйхира «Цхьаалла» («Единство») партин региональни отделени (хIинца – «Единая Россия»).
Шен дерриге а дахарехь Нохчийчоьнна, нохчийн къомана пайдехь хила гIерташ чекхваьлла Нохчийн Республикин сийлахь гражданин волу Магомадов Леча.
Кхалхар хилла 2005-чу шарахь ХьаьжцIа ваханчохь.
Бекарг беттан 29-гIа де, 1938-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Тимаев Апти (Ваха), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
1962-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделени. Дешна ваьлча, институтехь балхахь вуьту хинволу Iилманча. ХIетахь дуьйна цуьнан дахар Нохчийн пачхьалкхан университетаца дозаделла дара.
1967-чу шарахь Гуьржийн Iилманийн академин меттан институтехь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци.
1984-чу шарахь оццу институтехь кхиамца чIагIйира филологин Iилманийн докторан диссертаци а.
1994-чу шарахь Магдебургехь хиллачу Кавказоведийн дуьненаюкъарчу Iилманан конференцехь Кавказоведийн Европейски юкъараллин декъашхо хоржу.
1998-чу шарахь Чикобава Арнольдан цIарахчу дуьненаюкъарчу совгIатан лауреат хуьлу. Оцу дезачу совгIатца билгалбехира иберийско-кавказски меттанаш талларехь цо баьхна кхиамаш.
Iилманан 100 сов белхан автор ву В.Тимаев, шайна юкъахь «ХIинцалера Нохчийн мотт» студенташна лерина учебник а, «Категория грамматических классов в нахских языках» монографи а йолуш.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу гIуллаккхо (1984 шо), «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат а дина Iилманчина.
Кхалхар хилла 2018-чу шарахь.
Оханан беттан 1-ра де, 1870-гIа шо. Гихтахь вина Эльдерханов Таьштамир, хьехархо, юкъараллин гIуллаккхо.
Дешна юьртарчу хьуьжарехь, Соьлжа-ГIалахь цхьаъ бен ца хиллачу ламанхойн школехь, Буру-ГIаларчу реальни училищехь.
1893-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Тифлисера хьехархойн институт. Цул тIаьхьа, пхеа шарахь болх бо Моздокехь ламанхойн школийн хьехархо-тIехьажархо волуш.
1898-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу ламанхойн школехь хьехархо лаьтта.
1906-чуй, 1907-чуй шерашкахь Россин Пачхьалкхан Думе хоржу. Цигахь цо жигара хьалауьйу ламанхошна шайн латтанаш юхадерзоран гIуллакхаш. Паччахьан Iедало 2-гIа Дума дIасахецначул тIаьхьа, юха а хьехаран балха воьрзу. Нохчийн мотт толлуш болх бо.
1911-чу шарахь ша хIоттийна, арахийцира нохчийн абат.
Жигара дакъалоцу 1917-1918-чуй шерийн революционни хиламашкахь.
1918-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна – Нохчийн халкъан къинхьегамхойн ГIойтIарчу Советан председатель, 1920-чу шарахь дуьйна – Нохчийн ревкоман, цул тIаьхьа Нохчийн автономни областан исполкоман председатель лаьтта.
1925-чу шарахь оцу даржах мукъавоккху, амма кестта Къилбаседа Кавказан крайисполкомехь йолчу къаьмнийн советан председатель хIоттаво.
1929-чу шарахь дуьйна юха а Соьлжа-ГIалахь тайп-тайпана куьйгаллин белхаш бира.
Кхалхар хилла 1934-чу шарахь.
№24, пIераска, бекарг (март) беттан 30-гIа де, 2018 шо