ХIокху деношкахь Словенехь Дравоград гIалахь чекхъяьлла 21 шо кхаччалц хенаш йолчу кегийрхошна юкъахь дзюдохула йолу дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш вара 11 пачхьалкхера 160 гергга дзюдоист.
Кадыров Турпал-Iелин цIарах йолчу «Эдельвейс» клубан пресс-службо хаам ма-барра, кхиархоша кхиамца дакъалецира цу турнирехь.
Шен йозаллин категорехь (81 кг.) хьалхара меттиг яьккхира Гайтукаев Ясина. Иштта, 90 кийлане кхаччалц йолчу категорехь толам баьккхира Лорсанов Мансура.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь дато мидалш ехира Эдильгириев Бахауддис (66 кг.), Ахмаров Хьамзата (73 кг.).
А.ИБРАГИМОВ
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо