Дуьххьара стигал къовкъар къилбаседехьара хьокхучу мохаца хилахь – бIаьсте шийла хир ю, малхбалехьара хилахь – екхна а, йовха а хир ю, малхбузехьара хилахь – тIуьна хир ю, къилбехьара хилахь – йовха а, садолу хIуманаш дукха йолуш а хир ю.
***
Зарзарш буьйсанна тем боцуш екахь, суьйренца цаьпцалгаш екахь – тIедогIу де декхна хирг хиларан билгало ю иза.
***
Зингатий шайн бен чу лечкъа долахь, стигал а къекъаш, догIа догIур ду.
***
Майхь деана догIа – деши, июнехь – дети, июлехь – цIе.
***
Май шийла хилахь – ялта хьийкъийна хир ду.
***
Суьйре цIийъелла хилахь, мох хир бу, сирла-можа хилахь – догIа.
***
СтелаIад суьйренца гуш хилахь, хIо-марха дика хир ю, Iуьйренца гуш хилахь – догIа.
Гулдинарг – Л.ДАУТОВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо