Ерригроссехь дIахьочу «Хьуьнхоша неIарш дIайоьллу» акцин гурашкахь Нохчийн Республикин хIора кIоштахь хьуьнан бахамах лаьцна дуьйцуш лекцеш а йоьшуш, экскурсеш а еш дIахьош белхаш бу.
Юкъарадешаран учрежденийн дешархошна а, школашкахь йолчу хьуьнан цхьаьнакхетараллашна а лерина хьуьнан бахаман говзанчаша «Хьуьнан де» аьллачу темина лекцеш йийшира.
Хьалха-Мартан хьуьнан бахамо – «Хьун – вайн доттагIа», Грозненски кIоштан хьуьнан бахамо – «Дендрологин бешахь хьошалгIахь», Шелковски хьуьнан бахамо – «Iалашъе хьун», Гуьмсан хьуьнан бахамо – «Хьуьнхой», Веданан хьуьнан бахамо – «Хьуьнхойн гIуллакх», Шелан хьуьнан бахамо – «Хьуьнхой тIеэцар».
Хьун кхиорах, цунна цIе яларан бахьанех, хьун хIаллакьхуьлучу некъех лаьцна дийцира дешархошна. Лекцеш а, семинараш а ечу хенахь пайдаийцира суьртех а, кхечу документех а.
Хьуьнххула экскурси яро дешархошна дика Iаткъам бира. Шайна гонахарчу Iаламе хIинца кхечу кепара хьуьуйсура уьш. Хьаннашна а, цигахь йолчу акхарошна а, сагалматашна а новкъарло ца еш, адамаш къинхетаме хила дезарх лаьцна а дийцира Грозненски хьуьнан бахаман белхахоша.
Юьртана, гIалина уллехь хьун хилар беркат ду, хIунда аьлча, хIаваъ цIена хуьлу, адамашна садаIа аьтто а хуьлу. Соьлжа-ГIалахь дендрологин беш схьаелларх лаьцна дийцира (Дендрологин беш иза цхьана тайпанах долчу диттийн синтарш дIадоьгIна кхиийна беш ю).
Хьун а, хьуьнан бахаман болх а бовзийтаран акцин Iалашо дешархошна а, студенташна а Нохчийн Республикин хьуьнан бахаман болх бовзийтар а, кегийрхошна шайна гонахара Iалам деза Iамор а яра.
З.ХИЗИРОВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо