Кхетош-кхиоран кхерч хилла лаьтта

2010-чу шарахь меттахIоттийна Грозненски кIоштарчу Йоккхачу АтагIара М.Эсамбаевн цIарах долу Культурин цIа. 2015-чу шарахь дуьйна цуьнан директор ю Ахмадова Макка.

Керта ваьлча уггаре а хьалха бIаьрг тIехIуттуш бу М.Эсамбаевна хIоттийна хIоллам.

Шайн балхах лаьцна дийцира кIоштан культурин мукъачу хенан туьшан методиста Самбиева Фатимас: «Дийнна шарна язйо оха тхешан белхан план. Оцу планаца йо отчеташ а.

Кхузахь болх беш дуккха а кружокаш ю: театран, вокалан, хореографин. Хореографин кружок 2 ю, зудабераш, кегийрхой Iамош. Цул сов, туьтешца хIуманаш юцаран; куьйга говзаллин; берийн кхоллараллин; сурт дилларан кружокаш а ю.

ХIора кружокан шен хьехархо ву. Кхоллараллин белхахо верриге а 10 ву. Техникин белхахой а бу дуккха а. Берриге а белхахой цхьацца говзалла йолуш бу.

Кружокашка берийн наной богIуш меттигаш а хуьлу. Бераша боккхачу лаамца Iамадо, керланиг атта а, сиха а карадоьрзу царна.

Тхан балхана оьшуш болу гIирс берриге а болуш бу: синтезатор, акустикин гитара, дечиг-пондар, кехат-пондар, вотанаш.

Грозненски муниципальни кIоштан культурин урхаллин хьаькама Маликова Асета тоьгуьйту зудаберашна а, кегийрхошна а къоман духарш.

Иштта, кхузахь ю М.Эсамбаевн цIарах музей. Цу чохь М.Эсамбаевн хилла шед, куй, маьхьсеш, шира хIуманаш ю.

ХIокху юьртара суьрташдахкархочун Чимаева Асетан суьртийн шозза гайтам хилира музейн фойе чохь. Цо музейна шен суьрташца совгIаташ а дира.

Дукха хан йоццуш оха даздира Х.Ошаев вина 120 шо кхачар. Цига кхайкхина бара бевзаш болу яздархой, университетера белхахой, дуккха а журналисташ. Иштта, даздо Зударийн дуьненаюкъара де, Нохчийн зудчун де. Сих-сиха кхойкху бевзаш болу артисташ, дIахьо кхоллараллин суьйренаш. Ишттачу цхьаьнакхетаршка хазахетарца схьагулло юьртара нах.

2015-чу шарахь хелхаран тоба Пятигорскехь хилира. ХIетахь «Аьрзу» яра цIе, хIинца «Орга» цIе тиллина цунна. Балетмейстера Самбиев Мохьмада хелхар Iамадо кегийрхошна. Гайтаева Хадижат зудаберийн тоба Iамош ю.

Алиев Валид ву оператор. Цо бераш берриге а гIирсаш тIехь йиш лакха Iамадо. Иштта, Валида куьйгалла деш хор а ю туьшахь.

«Россин цхьааллин» денна лерина фестиваль яра Пятигорскехь. Гонахарчу республикашкара берийн коллективаш яра шайн эшарш, хелхарш гойтуш. Тхан коллективана Диплом делира.

Грозненски кIоштахь хуьлучу даздаршка «Орга» коллективера бераш дуьгу. Оха болх бо заьIап берашца а. Дакъалоцу вайн республикехь хуьлуш йолчу ерриге а мероприятешкахь, фестивалашкахь. «Нохчийн хелхар» республикин фестиваль ю оханан (апрель) баттахь хила езаш. Цунна кечамаш беш ю «Орга».

Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь беш болх бу. Йоккхачу АтагIан маьждиган имама Бачаев Сайд-Ахьмада сих-сиха хьехамаш бо кегийрхошна. «Доьзал а, школа а», «Да-нана ларар» – аьллачу теманашна къамелаш до.

Терроризмана экстремизмана, наркоманина а дуьхьал беш болу болх а мал ца бо имама.

Соьлжа-ГIалахь хиллачу «Лаьмнийн ламасташ» дуьненаюкъарчу фестивалехь дакъалецира Алиева Зулайс. Цо азербайджанийн маттахь йиш лекхира. Цигахь дакъалоцуш бара 200 пачхьалкхера хьеший.

АЛИЕВА Фатима

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: