Дуьнен чохь хIора а халкъ, уггаре а хьалха, шен культурица къаьста кхечу халкъах. Вайна ма-хаъара, «Культура» бохучу цхьана дашо дуккха а хIума чулоцу. Зама хийцаяларца, оцу заманахь наха лелийна, лардина гIиллакхаш, Iадаташ, культура йицъян кхерам бу. И саннарг цахилийтарехьа, вайн къоман Iадаташ лардеш а, кегийрхошна уьш дIакхочуьйтуш а къахьоьгуш схьайогIуш ю вайн республикин Культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туш.
Нохчийчохь а, Къилбаседа-Кавказехь а дика вевзаш волу композитор, Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволу белхахо Даудов Рамзан ву туьшан куьйгаллехь. Россин Федерацин Президентан Указаца Россин Федерацин культурин хьакъволу гIуллакххо аьлла, сийлахь цIе тиллира цунна дIадаханчу шеран товбецан (сентябрь) баттахь.
Даудов Рамзан кхоллараллин туьше веачхьана, дикка жигарабаьккхина туьшан болх. Вайн нохчийн шира Iадаташ, гIиллакхаш карла а дохуш, керла проекташ юкъаялийна цо. Масала, царна юкъахь ю «Оьзда йоI», «Бекалахь, сан ненан мотт», «Дайн лам», «Лаьмнийн ламасташ», иштта, дуккха а кхиерш.
Культурин белхахочун де тIекхочуш хиларца доьзна туьшан директоран заместительца Шатаева Зарааца цхьаьнакхетар хилира тхан. Карарчу хенахь кхоллараллин туьшо бечу балхах а, шаьш дан дагалаьцначух а лаьцна дийцира цо.
– Республикин Халкъан кхоллараллин туьшан уггаре а хьалхара декхар ду, вайн кегийрхой къоман гIиллакхашкахь, оьздангаллехь, Iадаташкахь кхиор, царна уьш диц ца далийтарехьа къахьегар. Туьшахь йолчу исбаьхьаллин кхоллараллин а, методикин белхан а, хаамийн-аналитикин а, Iаморан-методикин а отделашкара белхахой оцу декъехь къахьоьгуш схьабогIуш бу.
ДIадаханчу шарахь кхоллараллин туьшо вовшахтуьйхира материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталог. Иза вовшахтохархьама, дийнна шарахь болх бира туьшан белхахоша. Билгалъяьккхинчу каталогна материалаш кечъечу хенахь, меттан Iилманчашца а, этнографашца а, фольклористашца а, историкашца а къамелаш дора оха. Каталог вовшахтохарехь доккха гIо хилира вайн республикин кIошташкарчу баккхийчу нахаца тхан мел хиллачу цхьаьнакхетарех.
Къоман гIиллакхаш талларан Iалашонца 150 гергга воккхачу стагах дагадевлира. Вайн баккхийчу наха, шаьш къона болуш, шайн дайша лелийначу нохчийн гIиллакхех лаьцна хаза дуьйцура. ЛадугIучеран ойланехь сурт а хIотталур долуш, оцу тайпана кIедачу маттахь, нохчийн шира дешнаш юкъа а далош, дора шайн къамел баккхийчу наха. Иштта, дIадаханчу шарахь беркат долчу агIор вовшахтуьйхира оха материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталог. Оцу каталогна 30 объект юкъайогIу. Лаьа царна юкъара цхьайолу теманаш хьахо: «Истанг», «Тезет», «Хьаша-да тIелацар», «Синкъерам», «Белхи», «Тайниг».
Нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ, халкъана юкъахь кхолладелла иллеш, ловзаран а, тезетан а гIиллакхаш юкъадогIу оцу каталогна. Вайн къоман культура Iалашъярехь маьIне гIулч ю кхоллараллин туьшо яьккхинарг. Тахана кегийрхошна вайн дайн гIиллакхаш ца девзаш меттигаш хуьлу. Ишттачарна къаьсттина мехала ду, материальни йоцчу культурин тIаьхьалонийн электронни каталог хилар. Берриге а кегийрхошкахь телефонаш а, планшеташ а, айпадаш а хуьлу. Царна чухула электронни кепехь шена хаа луучунна тIекхача а, цунах кхета а таро ю кегийрхойн, – бохура З.Шатаевас.
Дезачу деношна лерина цхьаьнакхетарш а, кхоллараллин суьйренаш а, вайн республикин Культурин цIеношна юкъахь фестивалаш а, конкурсаш а вовшахтуху кхоллараллин туьшо.
ХIоттийначу белхан планаца дIахьо цара цхьаьнакхетарш. Шатаева Зараа дийцарехь, цара дIахьочу яккхийчу проектех ю «Парный танец» а, «Мир в радуге культур» а фестивалаш.
ТIаьхьара хьахийначу фестивалехь дакъалаца вайн луларчу Дагестанера а, ХIирийчуьра а, Адыгейра а, Нальчикера а, Ставрополера а культурин векалш богIу. Билгалъяьккхина фестиваль кхаа дийнахь дIахьо. И фестиваль бахьана долуш, хIора а шарахь лулахь дехачу къаьмнийн а, вайн къоман а векалийн таро хуьлу шайн культурин къайленаш вовшашна йовзийта.
Иштта, вайн республикин кIошташкахь долу Культурин цIеношкахь болх бечарна говзалла лакхаяккхаран курсаш а вовшахтуху туьшо. Культурин цIеношкахь болх бечарна шайн говзаллин цхьайолу къайленаш йовзуьйту цара. Ткъа иза а мехала гIуллакх ду.
ТIедогIуш долчу Культурин белхахочун денца оха декъалбо Нохчийчоьнан культурин декъехь къахьоьгуш берш берриге а!
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Халкъан кхоллараллин туьшан коллектив
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо