Айдамирва Зулайн цIе дика евзаш ю нохчийн къоман театр езачеран могIаршкахь.

1973-чу шарахь дуьйна Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу драмин театрехь болх беш ю актриса. Дуккха а спектаклашкахь дакъалаьцна цо. КIезиг ца хилла цуьнан репертуарехь коьртачу турпалхойн ролаш а.
Пхеа шарахь Москвахь театральни институтехь дешна бевлла цIабоьрзуш, вайн кегийрхоша хIоттийначу дипломни спектаклехь яра Айдамирова Зулай коьртачу турпалхочун Дульсинеян васт кхуллуш. Дуьненна вевзачу испанхойн яздархочо Сервантес Мигеля язйинчу «Дон Кихот» романан инсценировка яра «Лманчера стаг» цIе а йолуш, къоначу артисташа хIоттийначу спектаклана бухе йиллинарг.
Ларамаза дацара Дульсинеян васт кхоллар Зулайх тешор а. «Ламанчера стаг» спектаклехь юкъ-кара гIийла узам беш, йиш локхуш а хуьлу Дульсинея. И тайпа кескаш къаьсттина дика нислора актрисин. Цуьнан шен бахьана дара.
Театран институте деша яхале, Зулай кхиамца, Соьлжа-ГIалара музыкальни училище чекхъяьккхина эшаршлакхархо яра. Москварчу театральни институтехь доьшучу муьрехь а шина факультетехь доьшуш яра иза: актерийн факультетехь а, музыкальни комедин факультетехь а. Цул сов, РСФСР-н халкъан артисткин Айдамирова Мареман йоI яра иза, бераллехь дуьйна зевнечу мукъамашна юккъехь хьалакхиъна. Цундела Зулайна хийра хуьлийла дацара вокалан таронаш орцахйохуш кхуллу васт.
45 шо дIадаьлла Москвахь театральни институт чекхъяьккхина вайн кегийрхой цIабирзина. Дипломни ши спектакль яра цара кечйина. ШолгIа спектакль Шекспир Вильяман «Отелло» трагеди тIехь хIоттийна яра. Оцу спектаклехь Бьянкин васт кхуллуш яра къона актриса. Цул тIаьхьа мел дукха васташ кхоьллира цо.
Дерриге а лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица а кхуллуш, еххачу ханна хьовсархойн даг чохь дуьсура Айдамирова Зулайс муьлххачу спектаклехь кхоьллина васт. Масала, нохчийн къоман культурехь боккха кхиам бара 1976-чу шарахь режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «Яхь йолу кIентий» спектакль. Къоман театр езачарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттира иза.
Вайнехан халкъан бартакхоллараллина тIетевжаш язйина яра спектаклан бухе йиллина пьеса. Цуьнан автор а Хакишев Руслан вара. Зулайс Альбикин васт кхоьллира оцу башхачу спектаклехь. Махкахоша езаш тIе а лецира иза. Спектаклан боккхачу кхиаман дакъа мелла а Зулайн похIмечу ловзарх доьзна дара аьлла хета. Шекспир, Мольер, Пушкин, Островский, Айтматов, иштта дуккха а кхиболчу авторша язйинчу пьесаш тIехь нохчийн къоман театро хIиттийначу спектаклашкахь васташ кхоьллина, хьанал къахьегна ю Нохчийн Республикин халкъан артистка Айдамирова Зулай. Цо цхьабосса къеггина хаза кхуллу васташ трагедехь а, комедехь а.
Сирла басарш ца кхоош, гойту паччахьан-зудчун а, могIарерчу мискачу зудчун а дахар. Актрисин кIорггера хаарш а, йист йоцу хIорд санна, доккха хьуьнар а хиларна тоьшалла ду иза. Актрисин корматаллин таронаш шуьйра хиларан билгало а ю.
Цкъа гиначунна цкъа а дицлур доцуш дара Гацаев СаьIидан «Пелхьонаш» пьеси тIехь режиссера Гузуев Хьусайна хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклехь Айдамирова Зулайс Заббарин васт кхоьллина. Иштта цо «Бож-Iела» спектаклехь Селин васт кхоьллина. Ошаев Халидан «Селасат» пьеси тIехь хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклехь Зайбуллин васт кхоьллина. Мокъа Iан хан цуьнан цкъа а хилла яц.
Даима а балха тIехь, кхоллараллин лехамашкахь ю актриса. Цундела «чомехь» нисло Зулайс мел кхуллуш долу турпалхойн васташ. Хьовсахоша, лаккхара мах хадош, безаш тIелоцу уьш. КIезиг яц цуьнан репертуарехь берашна лерина спектаклаш а. Берашна лерина яра аьлла цкъа а тесна-м ца юьту цо уьш. Кхачам боллуш къахьоьгу хIора васт адамаллех дуьззина хилийта лууш.
Дукха къахьегна цо нохчийн къоман театран искусство кхиорехь. Ца кхоийна шен ницкъ, хьуьнар, похIма. Дерриге а шен хьовсархойн догъэца, церан самукъадаккха леладо актрисас. Цундела хьовсархошна дукхаеза актриса. КIезиг бац леррина Айдамирова Зулайс кечдинчу васташка бIаьргтоха, царах марзо эца театре богIурш а.
Хьуьнаречу актрисийн массо а хенахь хилла шен хьовсархойн тоба. Нохчийн бакъйолчу актрисин Айдамирова Зулайн йолуш ю и тоба, цуьнан башхачу кхоллараллех йоккхаеш, похIмечу актрисина дика мел дерг хила лууш. Ткъа кхин хIун оьшу театр шен кхоллам хиллачу актрисина!? Вайн махкахошна баккъал а дукхабезачу актрисех цхьаъ ю Нохчийн Республикин халкъан артистка Айдамирова Зулай.
А.ГАЗИЕВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо