Нохчийн Республикин халкъан артист, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран актер Исраилов Хожа-Баудди дуьнен чу ваьлла 1953-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь ГIиргIизойн ССР-н Фрунзенскан областан Панфиловскан кIоштарчу Чалдовар юьртахь.

Доьзалехь дуьххьарлера бер хиларна, массеран а хьоме вара кIант. Дейишас Гагалова Айхолума цIеначу, хазачу ненан маттахь дуьйцучу халкъан самукъанечу дийцаршний, туьйранашний юккъерчу турпалхойн, акхаройн суьрташ кхолла гIертара иза шен ойланехь. ХIетахь дуьйна дуьне довза а, хIуманна тIаьхьакхиа а волавелира Хожа-Баудди.
Чалдовар юьртара цIенош дIа а доьхкина, 1957-чу шарахь, XIX-чу партсъездан юьрта Iен дIабахара ИсраиловгIеран доьзал. Да шекаран заводехь болх беш вара, нана берийн Iуналла деш цIахь Iаш яра. Ткъа, хIума довза хьаьгна волчу Хожа-Бауддин цIахь Iан са ца туьйра.
ХIора дийнахь, Джабраилна (А.Гагалован кIант) тIаьхьа а хIуттий, школе воьдура иза. Цунна хезахетара школехь бераш гуш, церан терго еш. Цхьана дийнахь рисованин хьехархочун-гIиргIизочун (цIе дага ца йогIу актерана) дарсехь нисвелира кIант.
Хьехархочо доккха гIа уьна тIе дIа а оьллина, сурт дилла элира. Хожа-Бауддис, цуьнан «пхенаш» а дохкуш, цуьнан сурт диллинера. Цецваьллачу хьехархочо хастийнера цо диллина сурт.
ХIора дийнахь школе схьалела Хожа-Баудди кхин шайга къар а ца велла, хенал хьалха, 1959-чу шарахь, деша дIаэцнера. Массарел жима велахь а, хIуманна сиха тIаьхьакхуьуш а, хьекъале а хиларна классехь доьшуш цхьана болчарех къаьста кIант хьехархошна дукхавезавелира.
1961-чу шарахь Даймахка цIабирзира ИсраиловгIеран доьзал – да, нана, цхьа ваша а, цхьа йиша а (ши ваша махках даьхначохь кхелхинера). Гелдаганахь (хIетахь – Новая жизнь) баха хевшира.
Оцу юьртарчу юккъерчу школехь шина шарахь дешначул тIаьхьа, 1964-чу шарахь дуьйна Шеларчу лерринчу интернатехь дийшира.

7-чу классехь доьшуш волуш Шеларчу «1-ра май» кинотеатрехь режиссеран Гайдай Леонидан «Кавказская пленница» фильм гира Хожа-Бауддина. Кхета атта а, дагах кхеташ а, цунна цкъа а ца хезначу кепара забарш яра цунна цу чохь хезнарш.
«ХIетахь дуьйна Трус, Балбес, Бывалый чохь волу фильмаш ларъеш Iара со, – бохура Х-Б.Исраиловс. – ХIинца а хазахета суна уьш чохь болу фильмаш. Иштта безам бахана сан комедига а, забаречу хIумане а. Никулин Юрийга кехат а дахьийтира ас «Кавказская пленница» фильмера иллеш а, забарш а чIогIа хазахета аьлла.
«1968-чу шарахь махкахь а вевзаш волчу актера дуьхьал кехат даийтинера. Иштта хазахетар цкъа а хилла дацара суна. Ца моьттура Нохчийчуьрчу жимачу кIентан кехатана дуьхьал дуьненна а вевзаш волчу артиста жоп доуьйтур ду.
«Постой паровоз», «Если б я был Султан» иллеш а яздинера цо кехата тIехь. Айса-сайх дозалла а деш, нийсархошна хьалха куралла а еш хан яра иза», – дуьйцу Хожа-Бауддис.

Интернат дIакъевлинчул тIаьхьа, Шеларчу №1 йолчу «ЦIечу школехь» масех шарахь дешна Х-Б.Исраиловс. Цигахь хиллачу берийн исбаьхьаллин тобанан дакъалацархо вара иза. Дуьххьара цо ловзийнарг Чеховн «Хамелеон» дийцара тIехь хIоттийначу спектаклехь Очумеловн роль яра.
1969-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь Шеларчу №1 йолчу юккъерчу школин йоккхачу зала чохь дара иза. Хьовсархойн самукъадаьллера Хожа-Бауддин сцени тIехь леларх. ХIетахь дуьйна «артист» аьлла цIе дIаяхара цуьнан.
Гелдаганара юккъера школа 1970-чу шарахь чекх а яьккхина, Соьлжа-ГIаларчу Культпросветучилище оркестрови отделене деша вахара.
1971-чу шеран хIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь эскаре гIуллакх дан вигар бахьана долуш, дешар юкъахдисира. Свердловскан областерчу Нижний Тагил гIаларчу чоьхьарчу эскаршка нисвеллера Хожа-Баудди.
Цхьана дийнахь замполит, Громов Николай Николаевич веара хIорш болчу, жимма а кхоллараллин суй болу кегийрхой схьакъасто. Культпросветучилищехь дешна а, сурт дилла хууш а вуй хиъча, цо ша волчу штабе дIавигира Хожа-Баудди. Цигахь пенан газет дора цу шимма. Цу тIехь дукха хуьлура вайн махкахочо ехкина салтийн дахар гойтуш йолу карикатураш. Царах массеран самукъа а долура. Ши бутт баьлча Чувашски областан Новочебоксарск гIала дIабигира хIорш. Цигахь, шен пхьалгIа а йолуш, болх бира Х-Б.Исраиловс.

Чувашийн а, оьрсийн а меттанашкахь арадолуш хилла «Капкан» журнала тIехь карикатураш гича «ХIара ду-кх суна дезарг» аьлла, ойла хилира Хожа-Бауддин.
1972-чу шарахь арадаьллачу №14 йолчу «Капкан» журнала тIехь дуьххьара карикатураш араевлира цуьнан.
Журналан исбаьхьаллин редакторера кехат деара «Исраилов, хьан карикатурийн сюжет дика хуьлу, кхин а яхкийта» аьлла. Иштта, сих-сиха «Капкан» журнала тIехь карикатураш арайовлура Хожа-Бауддин, редакцера йоуьйтучу гонораро накъосташца столови ваха а, тIе-кога эца а аьтто бора.
1973-чу шеран асаран (июнь) баттахь эскарехь гIуллакх дина а ваьлла Даймахка цIавирзира Х-Б.Исраилов. Цул тIаьхьа военкомате дIаязвала вахханчуьра, ша дешначу Шеларчу №1 йолчу юккъерчу школе вахара. Цу чу ваьллачохь дIатоьхна «Набор в Ленинградский государственный институт театра музыки и кинематографии» хаам гира. Цунах боккха кхаъ хилла, оьшуш долу кехаташ гулдина, Х.Нурадиловн цIарахчу театрехь йолчу тIеэцаран комисси вахара.

«Театрехь режиссер Солцаев Мималт вара, – бохура актера. – Цу хенахь чIогIа доккха хIума хетара Ленинградерчу институте деша вахар. Дукха кегийрхой бара цига деша баха лууш. Конкурс йоккха яра, дуккха а зерех чекхвала везара. Кхаа муьрах чекхвелира. Чекхбевллачеран список йоьшучо республикин Культурин министра Татаев Вахас, «Исраилов Хожа-Баудди» аьлла, цIе яьккхира. Иза ша хилар дицделла, цецваьлла лаьтташ вара хIара. Юха а хаьттира «Исраилов. Вуй ишттаниг?» аьлла. Юххехь лаьттачара «Хьо вуьйцу» аьлла, меттавалийра…
ХIетахь (зерех чекхвала оьхучу хенахь) «Ленинан некъ» газетан редакци веара Х-Б.Исраилов. Габисов Бисолта вара цуьнан редактор. Иза нохчех доьзна муьлхха а хIума деза хеташ, гIиллакх долуш, кхоллараллин суй болчу жимачу стагана гIо деш вара. Иштта, дуьххьара 1973-чу шеран асаран (июнь) беттан 27-чу дийнахь оцу газета тIехь араделира Х-Б.Исраиловс диллина сурт. Редакторо, дIа а ца тоттуш, тIеозор бахьана долуш, беркат даьлла хета цунна оцу декъехь шен болх дIабахарх.
1973-чу шеран хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу вокзалехь Ленинграде йоьдучу цIерпошта а хиъна, Советийн Союзехь уггаре а дикачу культурин а, эстетикин а вузе деша вахара Нохч-ГIалгIайчуьра ткъе итт гергга стаг. Хожа-Бауддина а, цуьнца цхьаьна болчарна а дагахь доцуш хилла хазахетар дара иза.
«Ленинградера музыкин а, кинематографин а институт «Дуьненан культурин туш» лоруш яра цу хенахь, – бохура актера. – Цигахь девзира тхуна дуьне, иза деза а делира. Ленинградехь дешнарг гIиллакх доцуш, оьзда воцуш хуьлийла а дац, хIунда аьлча, цигахь кхетош-кхиор оьзда хуьлу. Лаахь а, ца лаахь а оцу гIалано Iамавора оьздангаллина. Цигахь Iаш долу адамаш гIиллакхе дара. Хьо цаьрца хабаре ваьлча, хIума дийца воьлча цара хьоьца оьзда къамел дора, тIаккха хьуна цаьрга вуон дош ала эхь хетара».
Институтера хьехархой махкахь цIе йоккхуш болу актераш бара. Масала, СССР-н халкъан артист, профессор Меркурьев Василий, Честнакова Людмила, РСФСР-н культурин хьакъйолу гIуллакххо Мейерхольд Ирина, Жилин Игорь, РСФСР-н искусствийн хьакъволу гIуллакххо, профессор Кох Иван. Ректор Волынкин Николай Михайлович чIогIа дика вара вайн махкахошца. Иштта кхиболу говза хьехархой – Ленинградерчу эстрадин Миниатюрийн театран куьйгалхо, СССР-н халкъан артист А.Райкин, СССР-н халкъан артист Г.Товстоногов, РСФСР-н халкъан артист Э.Хиль – болуш, курсаш яра институтехь. Цара актеран говзалла хьехна ца Iаш, культура, эстетика, гIиллакх, долуш хила а, адамашца хаза мотт бийца а, дика-вон къасто а Iамавора.
Ленинградехь доьшучу хенахь сих-сиха Драмин йоккхачу театре боьлхура студенташ. Цуьнан сцени тIехь фильмашкахь бен гина боцу актераш гича самукъадолий, доккха хIума хеташ Iара.
Цаьрга хьоьжуш театре а, кино а безам боьдура. Театран дуьне, актераш бовза лаьара. Оцу институтехь пхеа шарахь дийшира Х-Б.Исраиловс. В.Ежовн «15-я весна», В.Шекспиран «12-я ночь», Ф.Шиллеран «Коварство и любовь» дипломни спектаклаш яра ловзо езаш. Оцу декхарца дика ларийна, кхиамца институт чекхъяьккхира цо.
ЦIа ве анчул тIаьхьа 1978-чу шеран мангалан (июль) беттан 7-чу дийнахь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн драмин театре балха хIоьттира Х-Б.Исраилов. Нохчийн театр даима а хилла похIме актераш болуш. Вайн театран сцени тIехь дуьххьара цо ловзийнарг Хамидов Iабдул-Хьамидан «Совдаттий, Дауддий» пьеси тIехь Хакишев Руслана хIоттийначу спектаклехь юьртан къедин Хьаьжин роль яра. Сцени тIехь леларан масал хилла дIахIиттира цунна оцу хенахь вайн театрехь болх беш хилла актераш: Р.Гичаева, I.Дениев, М.Дудаев, Я.Зубайраев, I-В. Джабраилов, Хь.Чимаев, иштта кхиболу похIме актераш. Цара оцу говзалле болу безам чIагIбира.
«Бож-Iела» (Авхьад), «Дуьне духучу хенахь» (Дурда), «Иэсан седарчий» (Петро), иштта кхийолчу спектаклашкахь дакъалаьцна цо. Цу тайппана театрехь болх беш шераш дIаоьхура. Нохчийчуьра Iедал хийцаделлачул тIаьхьа театр дIакъевлира. Луш алапа цахиларна актераша а болх сацийнера. Амма Исраилов Хожа-Бауддис сагатдора вайн республикера адамаш сингаттаме долуш.
Царна хIун дина хазахетар дийр дара те бохучун ойла йора. Иштта, 1993-чу шарахь ян йолийра «Хьапар-Чупар» передача. Кхаьънаш эцар, къаьркъа малар, иштта нахана юкъахь лела кхидолу кхачамбацарш дара цу чохь беламе дохурш.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хазахетара тхан забарш, – дуьйцу Хожа-Бауддис. – Ша бакъдерг дезаш хиларна а, оха дуьйцург иза хиларна а, оха лелориг атта гIуллакх цахиларна а. Тхо вовшийн гича «Уггаре а халачу, нах хьийзочу хенахь, ца кхоьрруш, бакъдерг дуьйцура аш. Шайн роликашкахь аш дуьйцург мискачу нехан дагахь дерг ду. И болх дIа ма тасалаш, нахана оьшуш бу шуна иза» – олура цо.
2002-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 27-чу дийнахь гира тхойшиъ дуьххьара. ХIетахь дуьйна тасаделла гергарло дара тхан».
Исраилов Хожа-Бауддис театрехь къахьоьгу шовзткъа шо ду. Делахь а, хIинца а ша актер ву ала эхь хета цунна. Шена хазахеттачу муьлххачу а хIуманан сурт дуьллу цо, спектаклашкахь дакъа а лоцу, забаре роликаш а йо. Берашна нохчийн мотт Iаморхьама а, марзбархьама а «ЦIуцIий, МуцIий» мультфильм а яьккхина. Къаьсттина дукхаеза цунна театр, кино, Iалам, ткъа иштта суьрташ дахкар. Цара цуьнан дог токхдо.
Цунна дахар деза. Цуьнан синна уллера бу нехан лазамаш а, хазахетарш а. ХIокху дуьненан хазалла шена ма- гарра, шен сино тIе ма оьццу дIагайта хьожу иза. Цуьнан доттагIаллин шаржаш (яздархойн, поэтийн суьрташ) зорбане йовлу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь.
– Актер гIиллакх долуш а, оьзда а хила веза, – боху Хожа-Бауддис, – кхечарна масал хилла ваха веза. Хьайн ойла адамаш кхетар долччу агIор гайта хаар хиъча иза ю говзалла. Муьлххачу а корматаллехь къахьоьгуш, ахь хьайна хало еш ца хилахь хьох говзанча хир вац.
АллахIа кхоьллинчу хIокху дуьненан хазалла, вуониг дIа а къастош, гайта еза. Вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье а иштта кхио еза.
2001-чу шарахь Нохчийн Республикин хьакъволу артист, 2005-чу шарахь Нохчийн Республикин халкъан артист цIерш елла актерана.
Культурин министро елла ши-кхо мидал а, Нохчийчоьнан Парламенто делла Баркаллин кехат а ду.
Л.ИБРАГИМОВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо