Берсанов Хожа-Ахьмад

Боккха иэшам хилла нохчийн литературина а, дерриге нохчийн къомана а – бекарг (март) беттан 22-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина вевзаш волу нохчийн яздархо, этнограф Берсанов Хожа-Ахьмад. Шен дерриге а дахар къоман ламасталлин культура а, ненан мотт а ларбарна, баржорна, кхиорна дIаделла вара иза.

Берсанов Хожа-Ахьмад вина 1926-чу шеран оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь ТIехьа-Мартанан кIоштан ШаIми-Юьртахь.

Дешна Эна-Хишкарчу юьртабахаман техникумехь (чекхъяккхаза йисина), Соьлжа-ГIаларчу совпартшколехь.

Къинхьегаман некъ дIаболийра ШаIми-Юьртан юьртан советан секретарь волуш.

Нохчий махках баьхначу хенахь Казахстанан Кокчетаван областе кхечира кхеран доьзал. Кхузахь пайде делира юьртабахаман техникумехь дешна хилар – Даймахка цIадерззалц куьпан зоотехник волуш болх бира цо.

Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь Указ арадаьллачул тIаьхьа, уггаре а хьалха Даймахка цIабирзинчу доьзалшна юкъахь бара БерсановгIеран доьзал а. ХIетахь дуьйна ша пенсе валлалц Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин министерствехь болх бира (культурин-серлонан белхан методист, методикин туьшан куьйгалхо).

БIаьрла лар йитина Х.-А.Берсановс нохчийн литературехь. Ерриге а 20 сов книгин автор ву иза. Царна юкъахь ю берашна, кхиазхошна лерина книгаш: «АстагIа алкханча» (1964), «Хьажмурда лелийнарш» (1966), «ДоттагIий» (1968), «Ден лорах» (1971), «БIаьсте» (1973), «Дохковалар» (1976), «Дашо мухIар» (1979), «Болатчу динан бере» (1983), «Генара совгIат» (1985).

Йоккха меттиг дIалоцу цуьнан кхоллараллехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман темина леринчу говзарша: «ЦIийца чIагIделла доттагIалла» (1986), «Болатан суй» (1994), «Нохчий, гIалгIай Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь» (2011).

Шен дахаран а, кхоллараллин а коьрта Iалашо лорура яздархочо къоман башха амалш, гIиллакхаш, ламасташ тIекхуьучу чкъурана шуьйра довзийтар. Оцу декъехь бинчу белхан мехала жамI лора догIу «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш», «Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ» книгаш.

Литературин хьаьрмахь къахьегарца цхьаьна жигара дакъалоцура республикин юкъараллин а, культурин а дахарехь. Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу культурехула Кхеташонан председатель а, «Синмехаллаш» проектан жюрин декъашхо а лаьттира. Иштта жигара дакъалоцура къоман ламасталлин культурин гIуллакхаш дийцаре дарна леринчу дагадовларшкахь, конференцешкахь, телерадиопередачашкахь, кегийрхошца цхьаьнакхетаршкахь.

Баккъал а шен халкъах, махках доглозуш стаг вара Хожа-Ахьмад. Цунна дика девзара нохчийн ширделла дешнаш, иштта дика девзара нохчийн гIиллакхаш (шел дика уьш девзаш стаг республикехь кхин ван а вуй те аьлла хеташ), мел яккхий халонаш тIехIиттарх, доьналлех, нохчаллех ца бухуш, дахарх чекхбевлла дукха къонахий бевзинера. Шена хууш дерг, девзинарг тIекхуьучу къоначарна довзийта юкъайихкина, шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц, мало йоцуш, къахьийгира цо. Иза дика кхетара шен мотт а, шен ламасталлин культура а лар ца еллачу къоман кхане хуьлуш цахиларх.

Iедало а, юкъаралло а лаккхара мах хадийнера Берсанов Хожа-Ахьмадан кхоллараллин а, юкъараллин а белхан. Цо, хьакъ а йолуш, лелайора «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» сийлаллин цIерш, иштта цунна совгIаташ динера «Знак почета» орденца (1976 шо),

«Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца (2010 шо), Нохчийн Республикин Парламентан сийлаллин знакаца (2011 шо), тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн иттаннаш Сийлаллин грамоташца.

Шен балхаца, цIеначу дог-ойланца, гIиллакхца-гIуллакхца, оьздангаллица бевза-безачарна нийса вахаран масал хилла, шен мехкан а, къоман а тешаме воI хилла дахарх чекхваьлла стаг ву Берсанов Хожа-Ахьмад.

Дала гечдойла цунна!

№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: