Муьлххачу а спортсменан шен 1алашо хуьлу. Цхьаверг дуьненан чемпион вала 1алашо йолуш хуьлу, ткъа кхиверг могашаллин спортаца гергарло лелош хуьлу. Т1ехьа-Мартант1ехь вехаш волчу Башаев Заурбекан жимчохь дуьйна лаам бара дуьненан чемпион хила. Дукха хан йоццуш цо шен лаам кхочушбира, бакъду, Заурбека шен 1алашоне кхача г1ерташ дукха къа- хьийгира. Хууш ма-хиллара, къахьегаре хьаьжжина бен жам1аш а ца хуьлу.
Башаев Заурбек вина 1987-чу шеран хьалхарчу февралехь, 2006-чу шарахь Т1ехьа-Мартант1ехь чекхйоккху цо меттигера №1 йолу школа. Цул т1аьхьа Г1ебартойн лицей деша воьду хинволу чемпион. Лицейхь дешна ваьллачул т1аьхьа Нохчийн Пачхьалкхан университетан экономикин факультете деша х1утту иза. Иза кхиамца чекх а йоккху. Спортаца гергарло Башаев Заурбекан дукха жима волуш тасаделира. Ялх шо долчу хенахь к1ентан дас ДЮСШ вуьгу иза парг1атчу кепара лата 1амо. 2003-чу шарахь Т1ехьа-Мартан районехь чемпион волу. Цул т1аьхьа Соьлжа-Г1аларчу спортан «Динамо» школе воьду Заурбек. Цигахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула кхиамаш боху цо. «Классикашна» юккъехь республикин чемпион волу спортсмен. 2006-чу шарахь воккхах волчу вашас Йошкар-Ола 1ан д1авуьгу Башаев Заурбек. Цигахь спортан кеп хуьйцу цо. 2010–2011-чуй шерашкахь латарехь Мари-Эл республикин чемпион волу иза. Т1аккха 2011-чу шарахь Поволжски федеральни округан чемпионатехь толам боккху вайн махкахочо. Оццу шарахь Россехь а, Сербехь а д1аяьхьна Европин панкратионехула чемпионатехь а толамаш боху Башаев Заурбека. Иштта карарчу шеран 23–26-чуй октябрехь хиллачу панкратионехула дуьненан чемпионатехь дакъалоцу Заурбека. Оцу къийсадаларшкахь доьазза лата дийзира спортсменан. Шен хьалхарчу латарехь хенал хьалха эшаво цо казах. Цул т1аьхьа хиллачу шина цхьаьнакхетарехь атта толамаш боху спортсмена. Ткъа финалехь украинцаца хиллачу латарехь нохчичо шен х1ума тоха ма йоллийнехь, ша лазийна кеп а х1оттийна, кхин ца летира иза. Иштта нисделлачу хьелашкахь дуьненан чемпион волу Башаев Заурбек.
Т1етоха лаьа, вайн махкахо Украинин чемпион а хилар.
Карарчу хенахь шен рог1ерчу турнирашка кечам беш ву Т1ехьа-Мартант1ера З.Башаев.
А.АБДУЛАЕВ