Туберкулезаца къийсам латторан де герга кхочуш тхо цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон Туберкулезаца къийсам латторан республикин диспансеран коьрта лоьраца Лорсанов Сулейманца.
Туберкулез цамгарх а, карарчу хенахь вайн республикехь оцу цамгарца долу хьал а довзуьйтуш тхан хаттаршна жоьпаш делира цо. Лорсанов Сулейман къона, амма ша хаьржинчу хирургин болх дика бевзаш говзанча ву. Воронежера медицинин академи а, ординатура а кхиамца чекхъяьккхина, 2008-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин медицинин учрежденешкахь белхаш бина цо. Туберкулезан диспансеран коьр-
тачу лоьран декхарш кхочушдеш ву 2017-чу шеран мангалан (июнь) баттахь дуьйна.
– Сулейман, туберкулез цамгарца къийсам латторан де бекарг (март) беттан 24-чу денца доьзна хиларан хIун бахьана ду?
– Немцойн микробиолог вара Роберт Кох, цо 1882-чу шарахь хаийтира шена туберкулезан бактери карийна хилар. Иза бекарг (март) беттан 24-чу дийнахь хилла. Цул тIаьхьа, 1905-чу шарахь оцу Iилманчина Нобелан СовгIат дира медицинин Iилманехь кхиамаш бахарна.
Юха, 1982-чу шарахь бекарг (март) беттан 24-гIа де Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис а (ВОЗ), Туберкулезаца а, пехийн цамгаршца а къийсам латторан Дуьнена-юкъарчу союзо а, и де хIора шарахь билгалдаккха деза аьлла сацам тIеийцира.
Иштта, 1993-чу шарахь Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацис туберкулез цамгар къоман бохам бу аьлла дIахьедар а дина, бекарг (март) беттан 24-гIа де туберкулезаца къийсам латторан де ду аьлла дIакхайкхийна.
Туберкулез – йолуш цамгар ю, хIаваэхула а, цIийца а, туйнаца а яьржаш йолу. Шен хеннахь дарба ца дича, туберкулез йолчу цхьана стага (иза схьайиллинчу кепехь елахь муххале а) шена гонахара 50–60 стаг цомгаш варна кхерам бу.
– Муха ду туберкулез цамгар йолчунна иза гучуяккхаран а, цунна дарба даран а хьал?
– 2013-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 24-чу дийнахь схьайиллина диспансеран керла гIишло. Республикин диспансерехь медицинин гIирсаш а, молханаш а долуш ду. Баккхийчеран а, берийн а диспансерни-поликлиникин отделенеш ю клинико-диагностикин а, бактериологин а лаборатореш йолуш, рентгенан отделени а ю, флю- орографин кабинетаца. Кхузахь стационар ю 300 меттиг йолуш (маьнга). Дархошна дийнахь-буса а дарба дойтуш пехийн-терапин 3 отделени ю. Цхьана отделенехь 80, вукху шинхьа шовзткъе итт-итт маьнга бу. Дифференциальни-диагностикин отделенехь 40 маьнга бу, (берийн отделенехь – 20 маьнга).
– Коьртачу лоьран даржехь болх бен дукха хан яцахь а, ахь кхузахь дикка хийцамаш бина аьлла хезна тхуна. Царах лаьцна дуьйцийла юй?
– Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца диспансеран болх дикачу агIор хийцарехьа къехьегна оха. Далла хастам бу! Вайн ерриге а республикин бахархошна дика хетар болуш кхаъ бу хIара.
ХIокху диспансерехь эсаран (октябрь) беттан 16-чу дийнахь хирургин отделени схьайиллина, хирургин блокаца (60 маьнга а болуш), иштта дуьххьара схьайиллина реанимацин блок а.
Кхузаманан медицинин тоьлла гIирсаш бу хирургин а, реанимацин а блокашкахь дIахIиттийна. Фтизиаторша-хирургаша операцеш йо хIора дийнахь бохург санна. Советийн заманахь дуьйна вайн луларчу цхьана Дагестан республикин Буйнакск гIалахь бен ца йора пехашна чолхе операцеш. ХIинца и аьтто Соьлжа-ГIалахь а бу. Кхин цхьа дика гIуллакх дан а ницкъ кхаьчна тхан. Кху диспансерехь бронхоблокатор хIоттор юкъадаьккхина тхан лоьраша. Туберкулезо талхо болийначу пахна «бронхобло- катор хIоттаяр» – и бохург хIун ду аьлча, туберкулезан (Кохан) вирусо пах баа болийча цу вирусна гонаха кIаг хIутту. Вирусна уггаре а дукхадезарг хIаваъ (кислород) ду. ХIаваъ шена тIекхачар сецча бен леш а яц вирус.
ТIаккха оха хIун до? Пахна операци йо, кIаг тIе блокатор (силиконан пардо) юьллий дIакъовлуш. ТIаккха вирус ле, цо даI даьккхина меттиг якъалой дIакъовлало. Барнаулерчу Россин хьакъволчу лоьро, медицинин Iилманийн доктора, профессора Левин Арнольда юкъаяьккхина ю и «Блок Левина» олу операци яран кеп. Росздравнадзоро лицензи елла вайн диспансеран лоьрашна и тайпа операци ян бакъо луш.
– Говзанчаш тоьаш буй?
– Iилма, хаарш хилар а тоьаш ма дац зеделларг дацахь… Говзанчаш болуш бу. Нийса ду ахь бохург а. Оцу декъехь оха беш боккха болх бу. Москва гIалин а, Тульски областан а тубуркулезан диспансершкара говзанчаш схьабалош а, кхузара лоьраш цига деша бохуьйтуш а проекташ ю кхочушъеш.
– Хала дерг хIун ду шун балхахь?
– Туберкулезана дарба дан иштта хала а дац. Халаниг иза вайн адамийн синкхетам цахилар а, иза «тIамца» самабаккха безаш хилар а ду. Туберкулез гучуяьллачарна юкъара 90 процент дархой, и цамгар дукха гена яьлча бен шайх дерг ца хоуьйтуш хуьлу. Туберкулезан «палочка» хьакхаеллачу муьрехь вайн нах диспансере кхочуш хилча дика дара. ДIадаханчу шерашца дуьстича вон дац схьагуш долу сурт. Адам мелла а дIасакхелхаш ду вайн (внутренняя миграция).
Цамгар дIасаяржар а цу тIера ду. Вуьшта, вайн нахана и цамгар шайна юй ца хоуьйтуш Iийча дика ду моьтту, иза хилар эхье лору. Туберкулез вайх муьлххачунна а, дагахь доццучохь а кхета тарлуш ю. Цундела даима а сема хила деза.
Шарахь цкъа девлла а флюорографех чекхдовла деза, цIийн анализ яйта еза. Республикин бюджетера хилла ца Iаш, Дуьненаюкъарчу «Врачи без границ» (Нидерландера) организацис а гIо деш дара Нохчийн Республикин туберкулезан службина. Механа уггаре а деза молханаш дара цара и цамгар 5-чу тIегIанна тIекхаьчча гIо деш латтош. Цхьана дархочунна 60 эзара евро харж еш.
Халахеташ делахь а, 2017-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь саций цара шайн проект. Амма гIуллакх оцу кхерамечу хьоле а ца долуьйтуш шен цхьа жимма а шеко йолчо, больнице а вахана, анализ дIаелла, Кохан палочка гучуяларна шена дарба, гIоли хуьлу некъ лаха беза. Шена зен дина ца Iаш, шен доьзална а, гергарчарна а, белхан накъосташна а бала бо и цамгар хилар къайладахьа гIертачо. Иза нийса дац.
Дарба лелийча дIайолуш цамгар ю туберкулез. Хьалха туберкулез социальни цамгар лоруш яра, ткъа хIинца таро, хьелаш дика долчу доьзалехь а гучуйолуш ю иза.
– Терахьашца довзийта йиш юй республикера туберкулезан хьал? Цхьана цомгашчунна дарбанна къастийна харж мел ю карарчу хенахь?
– Нохчийн Республикин 100 000 вахархочунна юкъахь туберкулез 25.6 стагана хуьлуш нисло. Иза дукха хьолахь 25-64 шераш долчу нахана хьакхалуш ю. Зударшна а, божаршна, дукха хьолехь а туберкулез цамгар кхета церан 25-34 шераш долуш.
2017-чу шарахь туберкулез дуьххьара гучуяьлла божарий – 53 процент бу, ткъа зударий – 47 процент. Ярташкахь алсам нисло нахана туберкулез хилар.
Стационарехь дарба дойтуш Iачарна юучунна цхьана денна лерина харж 400 сом ю, ткъа дарбанна, молханна йолу харж – 22 000 эзар сом.
– Туберкулез ца хилийта хIун дан деза вай?
– ХIорамма а шена гонахара социальни а, медицинин а, санитарни-уьнан цIеналлин а хьелаш тодеш къахьега деза. Вайна ца деза диспансеризаци яр бохург. Амма иза Iаламат чIогIа оьшуш гIуллакх ду, вайниг санна жимачу халкъана муххале а.
2016-чу шарахь 42 процент бахархошна и цамгар ю-яц хьожуш талламаш бина. Царах 18 стагна туберкулез хилар гучудаьлла. Уьш балхахь-некъахь болу нах бу. Вуьшта аьлча, тIаьхьарчу шерашкахь туберкулезана профилактика Нохчийн Республикерчу бахархойх 31,5 процентана бен ца йина. Цамгар дIаяккха харжаш ечул а, цамгар ца хилийта къахьегча дика дара вай.
Делан къинхетамца, белхахошна а, студенташна а, дешархошна а юкъахь мелла а яло профилактика. Ткъа кхиболу нах, я балхахь а, я доьшуш а боцурш, профилактикина юкъа ца богIу, ца нисло. Иза новкъа а ду.
Дукха хьолахь, дагахь а доцуш кхин лазар, я кхин бала эцна больнице кхаьчча гучудолу царна туберкулез хилар. Флюорографин гIоьнца туберкулезана диагностика 2015-чу шарахь 42 процент бахархошна бен ца
йина Нохчийн Республикехь (Россин Федерацехь 66,6 процент). Ас ма-аллара, белхахой, студенташ, дешархой бу флюорографи йойтуш берш. Ткъа балхахь боцурш а, пенсионераш а юьстаха буьсуш бу.
– Мехала ду дуьнен чу даьлла бер оцу уьнах лардар. Цу декъехь деш хIун ду?
– Вайн республикехь 2013–2014-чуй шерашкахь туберкулинодиагностика йина а яц ала мегар ду (туберкулин эцна дацара).
2015-чу шарахь туберкулинодиагностика йина 73,6 процент берашна. Берашна юкъахь и цамгар яьржаш хилар лазаме ду. Масала, дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна 14 шо кхаччалц долу бераш 2013-чу шарахь 3–4,5 процент нислора, туберкулез йолу 100 000 берана юкъахь.
2013-гIа шо тIекхаччалц Нохчийн Республикехь 5-зза лахъеллера берийн туберкулез.
2010-чу шарахь – 80,6 процент;
2011-чу шарахь – 87,2 процент;
2012-чу шарахь – 75,3 процент;
2013-чу шарахь – 82,7 процент;
2014-чу шарахь – 79,7 процент;
2015-чу шарахь – 71,6 процент йина БЦЖ прививка. ХIинца туберкулинодиагностика ю вайн республикехь еш.
2017-чу шарахь туберкулинодиагностика 229 931 берана йина (ян езачу 443 873 берех), 51,8 процент хуьлу иза.
2016-чу шарахь туберкулинодиагностика 97 834 берана йина (ян езачу 436 423 берех), 22.4 процент хуьлу иза. Ткъа 15-17 шераш долчу кегийрхошна туберкулез хилар хIора шарахь лахлуш ду 2012-чу шарахь дуьйна:
2012 –чу шарахь – 117,48;
2015-чу шарахь – 67,5;
2016-чу шарахь – 6,9;
2017- чу шарахь – 11.0.(100 000 кегийрхошна юкъахь дина хьесап ду иза)
– Туберкулез ВИЧ-инфекцица цхьаьна йогIуш ю олу вайн заманахь. Бух болуш дуй иштта алар?
– Иза йолчеран барам а алсам болуш бу. 2010-чу шарахь – 93, 2011-чу шарахь – 93, 2012-чу шарахь – 121, 2013-чу шарахь –141, 2014-чу шарахь – 176, 2015-чу шарахь – 179 стаг ву туберкулез – ВИЧ инфекци йолуш. Ирча, ладоьгIийла йолуш ду и хьал! 2010–2017-чуй шерашкахь ВИЧ инфекцина таллам бар алсамдаьлла 46 процентера 100 проценте кхаччалц. И болх Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалла а, СПИД-ца къийсам латторон республикин туьшан а гIоьнца лаккхарчу тIегIанахь дIахьош бу вайн республикехь.
– Туберкулез бахьанехь республикехь кхелхиначийн барам хууш буй?
– Оцу терахьийн таблица ю оха хIоттош. 2011-чу шарахь– 199, 2012-чу шарахь – 150, 2013-чу шарахь – 127, 2014-чу шарахь – 127, 2015-чу шарахь –88, 2016-чу шарахь –73, 2017-чу шарахь – 68 стаг ву оцу цамгарх кхелхинарг.
– Вайн республикин бахархошка туберкулез цамгарх лардала дезарх лаьцна хIун эр дара ахь?
– Цамгар, муьлхха а, ша цхьаъ ца йогIу. Дукха хьолахь, психикин цамгар ю цуьнца цхьаьна. Цомгаш хилларг шена гонахара нах могаш хилар ца дезаш, ца лалуш хуьлу. ХьагI, оьгIазло, бекхам баран ойла хуьлу церан. Оцу ойланца бу туберкулез йолчу нахана юкъара 70 процент нах. Стаг уггаре а хьалха цIена лела веза, цIахь, балхахь, урам-новкъахь, юкъараллин транспорта чохь, кафехь, базарахь. Цхьана а кепара бехказлонаш ца лоьхуш, шарахь цкъа йина а флюорографи яйта еза, цIийн анализ дIаяла еза. Спорт – дика дарба ду. Вайн республикехь туберкулез йолчарна юкъахь дукхахберш божарий бу. Малар, цигаьрка, наркотик лелор ду коьрта бахьана. Цаьргахула дIасакхочу туберкулезан бактери. Туберкулез къоман юкъара проблема ю. Иза беккъа цхьанна кхочуш бала бац. Амма и цамгар эшалуш, дIаяккхалуш ю.
Вовшех дог лозуш хила деза вай. Тхайн диспансеран лоьрашна, технически белхахошна тIера сайна тIекхаччалц, цхьа а жоьпаллех хьалха ца волуьйту ас. Сайн ницкъ, хьекъал, хаарш кхоор дац нахана гIо-накъосталла дарна тIехь. ХIара дуьне ду. Тахана тхо лоьраш ду, кхана тхо а хила тарло дархойн могIарехь. Туберкулезаца къийсам латторан дерригдуьненан де тIекхочуш вайн республикера берриге а фтизиаторш, лоьраш декъалбан луур ду. Дала хьуьнар, собар лойла шуна! Цомгашчарна Дала маршалла дойла!
Интервью дIаяьхьнарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: Туберкулезаца къийсам латторон республикин диспансеран коьрта лор Лорсанов Сулейман
№23, шинара, бекарг (март) беттан 27-гIа де, 2018 шо