ХIокху деношкахь республикин «Даймохк» газетан редакцехь дагадовлар дIадаьхьира. Иза доьзна дара хIокху шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь газетан 95 шо кхочуш хиларца.

Оцу дагадовларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдул, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхо Дадуев Мохьмад, Къона корреспонденташ кечбаран, юхакечбаран школин директор Юнусов Хьамзат, Нохчийн Республикин халкъан яздархо, «Вайнах» журналан коьрта редактор Ахмадов Муса, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, нохчийн журналистикин ветеранаш Дадаев Сайд-Хьасан, Аболханов Хьаьким, Газиева Аза, кхиберш.
Кхузахь гулбеллачара дийцаре дира нохчийн меттан таханлера хьал, мотт кхиорехь, бовзийтарехь дан дезарг а, нохчийн меттан пхьалгIа хилла лаьттачу «Даймохк» газетан 95 шо кхачаран юбилей лаккхарчу тIегIанехь билгалъяккхаран гIуллакх а.
Цхьаьнакхетар дIадолош Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас дийцира «Даймохк» газетан историх лаьцна.
1923-чу шарахь дуьххьара арадала доладелла газет. Цу хенахь цуьнан цIе «Серло» хилла. Газет диллинарг вара вевзаш волу нохчийн яздархо Арсанов СаьIид-Бей. Цул тIаьхьа, 1934-чу шарахь, газетана «Ленинан некъ» аьлла, цIе тиллира. Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, 1957-чу шарахь, юха а арадала доладелира «Ленинан некъ» газет. ХIинцалера «Даймохк» цIе газетана тиллира 1990-чу шарахь.

Газиева Азас дийцарехь, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, газетан белхахойх 20 стаг тIаме вахара. Оцу цхьана бакъдолчо а гойту нохчаша тIамехь дакъа ца лаьцна бохург харц хилар.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша билгалдаьккхира газето нохчийн мотт ларбарна а, кхиорна а, тIекхуьучу чкъурана бовзийтарна а юкъа доккха дакъа диллина хилар. «Даймохк» газет даима а нохчийн меттан пхьалгIа хилла лаьттина.
– Ненан мотт муьлххачу а къоман культурин маьIне а, дIадаккхалур доцу а дакъа ду. Вай вешан ницкъ кхочург дерриге а дан деза ненан мотт ларбарехь. Оцу юкъадогIу «Даймохк» газетан терго яр, гIолацар, – билгалдаьккхира Парламентан вице-спикера Ш.Жамалдаевс.
Цхьаьнакхетаран жамI деш, гулбеллачеран сацам хилира Нохчийн меттан де тIекхочуш республикехь регионан тIегIанан конференци дIаяхьа. Цигахь дийцаре дийр ду нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а гIолацаран гIуллакхаш.
I.МУРТАЗОВ
№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо