Къоначу спортсменийн кхиамаш

Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь хIокху деношкахь дIаяьхьира 2003–2004-чуй шерашкахьлерчу кегийрхошлахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолу республикин турнир.

Цигахь дакъалоцуш вайн республикера РДЮСШ, ШВСМ, ДЮСШ-кара къона спортсменаш бара.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Дукаев Адама (44 кг.), Мусаев Килаба (75 кг.), Архиев Адама (41 кг.), Ахмадов Хьамзата (85 кг.), Назиров Хьамзата (57 кг.).

Карарчу хенахь кеста хинйолчу СКФО-н чемпионатана кечамбеш бу толамхой. Уьш кечбеш ву Нохчийн Республикин хьакъволу тренер А.Макаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна болу церан тренерш А.Макаев, А.Магомадов, А.Гусигов.

З.ШИШХАНОВА

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: