Шайн хьехамчаша шайна хьехнарг уьш дийна болччуьра дIаязде.
***
Харцонна юкъахь а йоккха харцо ю къонахчо (зудчо) шен шина бIаьргана гина доцург гина бахар.
***
Хаар хазна елахь, цуьнан догIа хаа лаар ду.
***
Хьал долуш хилар даьхний дукха хиларца дац, хьал долуш хилар синна паргIато хиларца ду.
***
Адамех уггаре а вонаш ду, бусалба динах байракх а йина, шайна дуьненан бахам гулбеш дерш.
***
Дахар – иза кхо де ду: селхане, тахане, кхане. Селхане – дIаяьлла, кханенга вай довлий ца хаьа, цун- дела тахана долчун пусар дан а деза, тахане эрна дIаяхийта а ца еза.
***
Уггаре а вон паччахь ву халкъана тIехь къизалла а латтош куьйгалла деш верг.
***
Шена иза лачкъийна юй хуъушехь хIума эцнарг, иза лачкъийнарг санна ву.
***
Iилма дезаш воцчунна иза Iамо гIертар эрна хIума ду.
***
Кегийчу нахах диканиг ву воккхачух тарвала гIерташ верг, баккхийчу нахах вониг ву жимачу стагах тарвала гIерташ верг.
***
«Дуьненахь дика адамаш дисина а дац», – бохуш лелаш верг оцу адамех уггаре а вониг хила тарло.
***
КIант оьзда, гIиллакхе кхиорал дика а, деза а хIума дац дена.
***
Дика амалш йолу стаг жима волуш а, къанвелча а нахана везаш а, хаза а хуьлу.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо