Школашкахь кхечу къаьмнийн меттанашкахула йолу Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаялар массарна а тIедиллина хир ду 2022-чу шарахь дуьйна. И хаам бира педагогикин дустарийн Федеральни институтан директора Решетникова Оксанас 2018-чу шарахь ЕГЭ хенал хьалха дIаяларна а, Ерригроссин талламан белхашна а лерина дIаяьхьначу конференцехь.

Цо билгалдаьккхира базови тIегIанехь йолу кхечу къаьмнийн меттанашкахула йолу экзамен дIаялар массарна а тIедиллина хирг хилар.
Россехь Пачхьалкхан юкъара экзамен – иза школа чекхъяккхар къастош а, оццу хенахь лакхарчу дешаран заведене деша ваха бакъо луш а гIуллакх ду.
Аттестат дезачарна, декхар дина, тIедиллина ду ЕГЭ дIаялар. Россехь школа чекхъяьккхина ларарна юкъадогIу ЕГЭ оьрсийн маттехула а, математикехула а дIаялар.
2020-чу шарахь выпускникашна, дIаяла декхар дина, тIедиллина хир ду Даймехкан историн экзамен а, ткъа 2022-чу шарахь дуьйна кхечу къаьмнин меттанашкахула йолу экзамен а дIаялар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо