Поэзин дуьненаюкъара де билгалдаьккхира

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь Поэзин дуьненаюкъарчу денна лерина суьйре дIаяьхьира. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера Къоман библиотеко а, Яздархойн союзо а.

Цигахь дакъалоцуш вара Яздархойн союзан коьрта редактор Ирисханов Iимран, Яздархойн союзан декъашхо, поэт Юсупов Руслан, иштта поэташ – Гакаев Iаьрби, Даудов Гилани, Хизриев Адам, къоначу поэтийн «Синмаршо» тобанан декъашхой.

Суьйре дIайолош, поэтех лаьцна дош олуш йистхилира Къоман библиотекин «къоман а, мохкбовзаран а» отделан заведующи Духаева Яхийта: – Вайн къоман литература кхоллаеллачу хенахь дуьйна нохчийн поэзи кхуьуш схьайогIуш ю. Поэзи – иза деган хьоста ду, деган дарба а, догъэцар а ду. Къоман поэзис къам иштта цуьнан лазамаш а, истори а йовзуьйту. Вайн литературехь йоккха лар йитина поэташ а, яздархой а бу М.Мамакаев, I.Мамакаев, А.Сулейманов, М.Дикаев, С.Бадуев, М.Исаева, Р.Ахматова, А.Айдамиров, иштта дIа кхин а.

Поэзиезархой декъал а беш, вистхилира Ирисханов Iимран: – Таханлерчу дийнахь вайн дуккха а яздархой а, поэташ а бу. Церан дуккха а хаза говзарш зорбане йийлина. Къилбаседа Кавказехь гIарабевлла бевзаш бу вайн къоман поэташ – М.Мамакаев а, I.Мамакаев а, Ш.Арсанукаев а, Р.Ахматова а, иштта кхиберш а.

ТIаьхьарчу 3–4 шарахь Яздархойн союзехь дуккха а книгаш араевлла. Уьш дукхахерш поэзин гуларш ю.

ДIадаханчу шарахь къоначу поэтийн гулар зорбане ялар билгалдаьккхира вай. Поэзехь къахьоьгуш болу вайн кегийрхой дашна говза а, къахьега лууш а бу.

Цул тIаьхьа къоначу поэташа А.Умалатовас, Хь.Малаковас, Х.Ахмадовас, Л.Исраиловас, И.Мунаевс, Хь.Джамурзаевас, Т.Виситаевас шайн байташ йийшира.

Поэзин суьйре ерзош йистхилира Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита: – Суна шу массо а декъалван лаьа Поэзин денца. Байташ язъян атта дац. Уьш язъеш верг шеца цхьа шатайпа похIма долуш хила везаш ву. Суна аьтто хуьлийла лаьа вайн тIекхуьучу къоначу поэтийн.

Суьйре концертан программица ерзийра.

АСЛАХАНОВА Хеда

Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: