Ненан меттан хьехархо

Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу №1 йолчу гимназехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо ю Эльмуратова Зульпия. Цо хьехархочун болх бен 50 шо хан ю. Гимназехь хьоьхуш йолу 21 шо ду.

Карарчу хенахь иза 6-чу классашна хьоьхуш ю. Зульпия бераш дукха а дезаш, нохчийн мотт даггара хьоьхуш схьайогIуш ю.

Цунна зеделлачух пайдаоьцу гимназерчу нохчийн меттан а, литературин а къоначу хьехархоша. Царна докха ирс хета оцу тайпана говза хьехархо шайн гимназехь хилар. Цундела берриге а хьехархошна а, дешархошна а езаш а, цара лоруш а ю иза.

Зульпия дуьнен чу яьлла Казахстанехь 1949-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь. Уьш доьзалехь 6 бер хилла. Шайн махкана генахь хиллехь а, дас-нанас ийманехь а, гIиллакхехь кхиийна Зульпия.

Казахстанера цIайирзинчул тIаьхьа Нажи-Юьртан кIоштарчу Булан-ХитIарчу школе деша яхана иза. 10 класс чекх а яьккхина, 1967-чу шарахь оццу школехь юьхьанцарчу классашкахь 9 шарахь хьехархочун болх бина. Оцу хенахь школин директор хилла цуьнан ваша Байхаджиев Iела-Хьажа. Цо дечу хьехарех пайдаоьцуш хилла къоначу хьехархоша.

Школехь балхахь йолуш Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан вайнехан отделени чекхъяьккхина цо.

1984-чу шарахь йолаелла нохчийн мотт а, литература а хьеха.

Ерригроссин а, республикин а конкурсашкахь дакъалацарна Зульпияна елла дуккха а Сийлаллин грамоташ а, баркаллин кехаташ а ду.

Дукха а шерашкахь хьехархочун болх барна, 2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо» сийлаллин цIе елла цунна.

Зульпияс ша хаьржинчу говзаллех, ненан матте кхоллаеллачу шен марзонах лаьцна иштта дийцира: – Нохчийн мотт – иза вайн къоман сий а, дозалла а ду. ХIунда аьлча, ненан матто Iамадо вай Даймохк беза а, нохчийн оьзда гIиллакхаш довза а.

Нохчийн меттан а, литературин а хIора хьехархочун декхар ду, дешархойн нохчийн матте безам кхоллар а, чIагIбар а, берийн ойла дешарна тIеерзор а. Вайн хьехархоша марзбаре терра бен лорур а, безар а бац нохчийн мотт вайн тIекхуьучу тIаьхьенна.

Школехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна яра со нохчийн мотт хазахеташ а, безаш а. Тхуна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш бара Мадаев Iабдул-Рахьиммий, Бушуев Недаррий. Цара нохчийн мотт хаза бийцарна а, нохчийн халкъан яздархойн, поэтин, говзарш йоьшуш безабелира суна нохчийн мотт.

Нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран кхолларалла, къаьсттина «Еха буьйсанаш» роман йоьшура оха. Цул сов, суна даима а хазахетара вайн къоман оьздангалла а, гIиллакхаш а. Баккхийчара буьйцучу цIеначу нохчийн меттан хIора дашца доккха маьIна а, чулацам а хуьлура. Иштта кхоллаелира сан ненан матте марзо.

Иштта, Зульпияс дийцира ша хьоьхуш йолчу нохчийн меттан а, литературин а урокех лаьцна. Дешаран программа кхочушъярца цхьаьна вайн къоман гIиллакхаш а, Iадаташ а, оьздангалла а хьоьху оха урокехь. Нохчийн меттан де тIекхочучу хенахь, дешархошка ненан маттах лаьцна рефераташ а, сочиненеш а язйойту.

ХIора шарахь Нохчийн меттан денна лерина дешархоша байташ а йоьшуш, иллеш а олуш, кхоллараллин цхьаьнакхетарш дIахьо. Цигахь хьошалгIахь хуьлу яздархой: журналисташ, Iилманчаш.

Х.МОВСАРОВА

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: