Евразин халкъийн Ассамблейс литературин фестивале кхойкху

ХIутосург (май) беттан 24-чу дийнера 28-гIа де кхаччалц Сочехь дIахьур ю КхоалгIа Евразин «ЛиФФт» литературин фестиваль. Иза Евразин халкъийн Ассамблейн литературин проект ю, Россин регионашкахь а, Евразин пачхьалкхашкахь а дIаяхьа леринчу фестивалех цхьаъ ю.

Оцу проектан Iалашо ю Евразин яздархошна юкъахь кхоллараллин а, доттагIаллин а уьйраш чIагIъяр, Россехь а, Евразехь а литературин цхьаалла хилийтар, фестивалан болам шорбар.

«ЛиФФт» фестиваль вовшахтухуш ю пачхьалкхан йоцчу организацийн «Евразин халкъийн Ассамблей» дуьненаюкъарчу союзо а, Ерригроссин юкъараллин «Россин халкъийн Ассамблей» организацис а, Евразин халкъийн культурин проекташ кхиорехь гIолацаран «ЛиФФт» фондо а. Фестиваль дIахьош ю Россин Федерацин зорбанан а, шуьйрачу зIенийн а Федеральни агентствон а, Россин Федерацин культурин министерствон а, Краснодарски крайн Администрацин а, Сочи гIалин Администрацин а гIоьнца.

Шуьйра, чулацаме программа ю фестивалан: литературин фестиваль «ЛиФФт», Евразин литературин форум, кхоллараллин конкурсаш, гайтамаш, «горга Ерригроссин кхоалгIа стоьлаш», мастер-классаш.

Фестивалан гурашкахь дIаяхьа лерина Евразин халкъийн Ассамблейн Генеральни Советан Президиуман кхеташо.

Евразин халкъийн Ассамблейс доьху Евразин литературин проектехь дакъалацар а, Сочи гIон йолу кхоллараллин делегаци вовшахтохарехь гIодар а. Евразин а, Россин а культурин гIуллакхашка а, яздархошка а, поэташка а, драматургашка а, литературин проекташкахь а дакъалацаре кхойкху.

Фестивалан хьокъехь довза луург хаа йиш ю хIокху электронни адресца: lift-sochi2018@yandex.ru.

Иштта хIокху телефонан номерца +7(926)524-56-62 (Аль Маргарита).

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: