Вайн халкъан иэс а, хиндерг а ду Нохчийчоьнан пачхье

Нохчийн махкарчу Соьлжин зилехь гIап йиллина а ялале дIадуьйладелира цигахь тIеман тийсадаларш а, тIелетарш а, герзаш деттар а, вовшах летар а. Ишттачех цхьаъ хилира 1818-чу шеран хьаьттан (август) беттан 4-чу дийнахь.

А.П.Ермоловн «Йозанашкахь» иштта яздо цунах лаьцна: «Коьрта гIуллакх хьаьттан (август) беттан 4-чу дийнахь хилира. Кавказан зилера лагере (гIопе – I.К.) ян езаш яр кхачанан сурсаташ а, тайп-тайпана кхин хIуманаш а йохьуш йоккха транспорт, цаьрца цхьаьна эскарш долчу богIуш даржашкара нах а бара. ГIаролехь яра гIашлойн цхьа рота, шеца йоккха топ а йолуш, ткъа иштта масех гIалагIазкхи а. Нохчий а, лаьзгий а транспортана тIелата ойла йолуш хилира…».

Цул а кIеззиг хьалха мотт бетташ лелачара хаам бира уьш тIелата кечлуш хиларан хьокъехь, тIаккха транспорт ларъян гIопера кхин а ницкъаш хьовсийра. ХIетте а тIелатар хилира. Амма регулярни эскаршна а, цара сихйина еттачу йоккхачу тоьпана а дуьхьал баккха ницкъ а ца хилла, нохчий юхабевлира, ткъа лаьзги кхерабелла, боьхна бевдда къайлабевлира.

А.П.Ермоловс куралла ярца дуьйцура ницкъаш цхьабосса хилла боцу и тIом муха чекхбелира: «Оцу дийнахь нохчий къаьсттина майра летира, шерачу арахь йоккхачу тоьпан чаччамашна дуьхьал беха ца латтабеллехь а. Амма полковника И.А.Вельяминовс (Кавказан зилан штабан хьаькаман, инарлин А.А.Вельяминовн, А.П.Ермоловн бIанакъостан кIант – I.К.) мелла а сиха Ачага (АтагIа – I.К) юьртана тIекхача аьлла омра дича, мостагIий цу агIор дIахьаьвддера, хих дехьа бовла, хууш дара цигахь уггаре а бегIийла гечо хилар. ТIаккха нохчийн гIашсалти боьхна хьаьвзира, шайн ког ма-боллу бевдира, цхьа а къепе а йоцуш. Хих дехьадовлучохь а кегари бара. КIезиг бацара хи чу баханарш а… Ма-дарра аьлча, тхуна хилларг вуно кIезиг иэшам бара. Транспорт цхьа а зен-зулам ца хуьлуш гIопе схьакхечира».

Мел воккхаверца яздо инарлас толамах лаьцна. Ма-дарра аьлча, дIора атта баьккхина а бацара и толам.

Буьрса гIопан кхин кхоллам а, кхин хьаштонаш а хила тарлора, нагахь санна иза еш хиллачара даима а «тIеман диг» лестош ца хиллехь а, ламанхошна тIехь «олалла» даран чолхаллаш дIаяхарехь кхин некъаш лоьхуш хиллехь а. ТIаккха иза тIеман-административни туш йолчуьра «цуьнан бахархошца а, ура-атталла Росси юккъера а товараш кхуза дохьуш хиллачу совдегаршца а ламанхойн экономикин а, махлелоран а туш хилла дIахIуттур яра».

Иштта, оцу заманахьлерчу хьекъалечу нахах цхьаъ хиллачу, Буьрса гIопехь хиллачу Кавказан зилан аьрру фланган штабехь гIуллакхдеш хиллачу А.С.Зиссермана шен «Кавказехь ткъе пхи шо» книгехь яздина: «Ткъе шина шеран йохаллехь (1818-чу шарера 1840-чу шаре кхаччалц – I.К.), кега-мерса акха хIуманаш лелор а, масех жима гIаттам бан гIортар а (дукха атта сацийна долу) ца лерича, нохчаша башха жаьхьталла а ца гойтура, паргIат Iара. Нагахь санна оцу бехачу муьрах вайн Iедал аьхна хилийтарехь пайдаэцнехь, нагахь санна дIасадаха мелла а бегIийла некъаш дехкинехь, Соьлжех а, Терках а дехьаволийлаш йинехь…, промышленность кхиорна муьлхха а цхьа гIайгIа бинехь, цхьа школа мукъане а йинехь, меттигерчу сий-ларамечу нехан бераш оьрсийн мотт Iаморна тIе а озош… шаьш а и мохк, цигара бахархой бовза гIиртинехь, тIаккха, юьйцуш йолчу хенахь Буьрсачун кхин амал хила а тарлора, мелла а маьрша…».

Буьрсачу гIопах А.П.Ермоловс Кавказан зилан туш йина дIахIоттийра. Цигахь шен резиденци йира. Кхузара куьйгалла дора цо Нохчийчохь а, Дагестанехь а дIахьош хиллачу ерриге а операцешна. Кхузахь вовшахтухуш яра церан мехкашкахь таIзарш даран отрядаш.

Оцу шерашкахь (XIX-чу бIешеран юьхь) Кавказехь гIаьпнаш, Буьрса гIап а санна, дукха атта а, чолхаллаш йоцуш а еш яра. Iалашдаделлачу картица цуьнан куц-кеп меттахIоттош, журналиста-мохкталлархочо А.И.Казаковс яздо: «Цхьана а тайпа тIулгийн пенаш а, саьнгаршна дехьа-сехьа волучохь хьаладохуьйтуш долу тIайш а дац. Цуьнан цIарах тера догIуш цхьа а хIума дацара. ЧIагIо нийса ялхсаберган кеп йолуш яра, хIора а са чIагIонна арахьа болуш, шишша йоккха топ йолуш – ерриге а 12 йоккха топ йолуш, амбразураш йолуш бара. ЧIагIонна чоьхьа герзаш а, хIоъ-молха а Iалашдеш йолу чоьнаш а, казармаш а, эскаран дакъоша гарнизонехь гIаролла даран чоьнаш а яра. Ша гIап а, цунна гонахара меттигаш а гуобаьккхина яккхий саьнгарш а яьхна яра. Царна чохь хи дара. ГIишлош дечигах йина я поппар хьаьхна яра. Наггахь – буьйдачу кибарчигийн. Тхевнаш эрзан дара».

Iаьржачу хIорда тIера Каспийн хIорда тIекхаччалц болу Кавказан зил шина фланге бекъалуш бара: аьттониг – ГIоба хи тIера Iаьржачу хIорда тIекхаччалц, аьррониг – Терк хи тIера Каспийн хIорда тIекхаччалц. И гIаьпнаш цхьатерра яра. Цундела А.Е.Розена «Декабристан йозанашкахь» дийцинарг дерриге а Буьрсачехь а дара ала тарлуш ду. Цо яздора: «Шуна ма моттийла гIап тIулгийн пенаш долуш, кIоргга саьнгарш йолуш, хьаладохуьйтуш тIайш долуш ю. Лаьттах яьккхина окоп ю, йиъ (бастион) чIагIо йолуш (Буьрсачехь уьш ялх яра – I.К.), казармина гуобаьккхина, ши-кхо цIа, кхачанан чоь – духан я малар молу чоь, хьеший лаьтта меттиг – и ю-кха тIеман некъаца йолу гIап. ГIопах чу-ара волучохь бошмаш ю, вала тIехь – яккхий тоьпаш, дийнахь а, буьйсанна а лаьтташ долу гIарол, иза кIезиг тешна ду валах а, йоккхачу тоьпах а. Царал а чIогIа теша иза шен цхьамзанах. Цу тайппанчу гIопан ерриге а гарнизон цхьана я шина ротех а, шина эпсарх а, докторх а лаьтташ ю».

Бакъду, Буьрсачу гIопехь эскарш а, церан хьашташка хьовсуш берш а дуккха а алсам бара, хIунда аьлча, иза Кавказан зилехь уггаре а коьртачарех а яра, цу тIе адамаш (ламанхой) тIамна кайолуш а бара. Цундела А.С.Розена кхидIа а яздора: «Амма Нохчийчохь а, Дагестанехь а, цу тайппана гIаьпнаш йинчохь, кест-кеста тIелетарш дечу меттигашкахь, эпсарш а, салтий а шаьш а, мостагIа а бен кхин цхьа а гуш бац. ГIопал арахьа а бевлла буьйлабалар хIун ду ца хаьа царна. Нагахь санна дечиг я кхачанан сурсаташ а, докъар а хьашт хилла бахаза ца бовлуш хьал хIоьттича а, герзашца болу нах юххе баьхна бен арабовлуш бац».

Хьажал хьо! Кхоьруш-м хилла ламанхойх!

Гина долчунна тIера суьрташдахкархочо А.И.Дьяконовс XIX-чу бIешеран ткъе иттолгIачу шерашкахь диллинчу суьрта тIера Буьрса гIопех лаьцна иштта дуьйцу: «ХIаъ. Буьрсаниг тера яц юккъерчу бIешарашкахь хуьлуш хиллачу чIагIонех а, гIаланех а, гIопех а. Суьрта тIехь хьалха бIаьрг тIехIутту шуьйрра схьадиллинчу кевнна а, лаьттан барзана а. Горга ши богIам а, тIехула тесна тIай а дулуш. Дехьо гIопан барз а, шуьйрра саьнгар а го, хих юьзна йолу. Цунна тIехула тиллина дечиган тIай ду, цу тIехула гIопан коьртачу кевнна тIекхочу. Ков а дечиган ду, боккха тхов а болуш. Пенаш стаммий ду. Чоьхьарчу а, арахьарчу а валана юкъахь зезагаш долуш жима майда ю, цигахь цхьа гIишлош а ю, эрз тIебиллина тхевнаш бен гуш а доцуш…».

ГIап ялхсаберган кепехь яра. Цуьнан хIора агIо цхьана батальонна фронт яра. Ткъа хIора са – гIопал арахьа болуш болу, шишша амбразура йолуш чIагIо яра. Дуьхь-дуьхьал лаьтташ болчу валашна юкъахь 400–500 метр яра.

Вал адаман дегIал кIеззиг лекха болу лаьттан барз бара, бошмаш йолуш. ГIопана гуобаьккхина йоккха саьнгар яра. ХIора чIагIонехь шишша йоккха топ яра – ерриге а 12 йоккха топ. Коьртачу кевнна тIера оцу саьнгарна тIехволуш тIай дара. Цу тIехула новкъа волура (хIинца Митаев Iелин цIарах урам). И некъ Девкар-Эвла, Оьрза-ГIала, цигара Россина юккъерчу областашка.

ГIап нохчашка цкъа тIелетта яккхалур яра, нагахь санна бертахь цхьаьний чIогIа тIелеттехь. И ца дарна шина бIешарахь Нохчийчоьнан халкъийн бохамийн хьоста хилла лаьттира гIап.

Цигара арайовлуш нохчий дIатебан йоьлхура тIеман экспедицеш. Цара хьаннаш дIахьоькхура. Керла каппаш, урамаш дохкура. Цунна гонаха станицаш йохкура, базарш хIиттайора.

ГIала шорлуш, кхуьуш яра. ГIопана гIалин статус 1870-чу шарахь елира. Амма цуьнга хьаьжна ца Iаш, юьстахара къенмиска хилла юьсуш яра иза. Ура-атталла 1893-чу шарахь мехкадаьтта даккхаран гIуллакх даржаро а, кхузахь мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводаш яхкаро а, цIерпоштанекъ билларо а, промышленность кхиаро а гIала къеллера а, хотталара а ца яьккхира. Мехкадаьтта доккхучу магнаташа миллионашкахь бахам вовшахтуьйхира, ткъа Соьлжа-ГIала къелла а, мискалла а ловш яра.

Д.И.Приволжскийн (1913 ш.) «Ерриге а Соьлжа-ГIала а, цуьнан гуо а» книги тIера масал ду-кх шуна. «Массара а дуьйцу вайн къен, кхин хилча ца маггал боьха гIала экономикин Iаламат хилла дIахIоттарна герга ю бохуш. Иза харц дерг ду! Шераш дIаэхарх гIала кхин бегIийла хилла дIа ца хIоьттина. ЦIарна цIе яханчу Соьлжа-ГIаларчу урамашкарчу хоттана тIекхетта силам а, мехкадаьттанах гIуллакхдечу заводийн къахь а, кIурз а, боьха хьожа йогIу хIаваъ а. Урамашкахь вуно боккха хатт бу. ГIали юккъерчу Дундуковски урамехь (хIинца Соьлжа хин йистехь болу М.Эсамбаевн урам) хIоьттина хиллачу Iома буха дахана ворданахь вогIу стаг а, говр а.

1917-чу шеран Октябрехьлера (эсаран бутт) карчам хиллалц Соьлжа-ГIала нохчашна баха а, бахка а бехкам бина яра.

«Форштадтехь Iаш нохчий кIезиг бара, – яздора шен «Кавказехь ткъе пхи шо» книгехь А.Зиссермана. – Цигахь Iаш берш, коьртачу декъана талмажхой а, некъашхьехархой а бара».

Амма я паччахьан Iедало а, а цул тIаьхьа советийн тоталитарни ражо а цхьа а хIума ца дира кхоллаелла и система хийцарехьа.

1917-чу шарахь Кавказехь революцин коьртачу хиламийн туш хилла дIахIоьттина йолу а, 1918-чу шарахь кIайнгвардейцашна а, кIайн гIалагIазакхашна а дуьхьал хиллачу БIедийнан тIамехь майра летта а, йохийна а хилла йолу а Соьлжа-ГIала XX-чу бIешеран 40–80-чу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь экономикин а, культурин а, Iилманан а йоккха туш хилла, исбаьхьа шахьар хилла дIахIоьттира. Дерриге а дуьненахь цIе йоккхуш, хестош яра иза.

Амма, байттамал яI, юха а тIеман кIуркIамани хIоьттира Нохчийчоьнан пачхьенехь. ТIеман шина компанехь (1994–1996, 1999–2001 шш.) Соьлжа-ГIала йохийна, саьлнашка ерзийра. Сила йолчу гIалахь цхьа а цIа дийна ца дисинера, геригаша, шокъалеша аьгна дара ирахь латта дисина цIенош а.

Делахь а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан лаамца Соьлжа-ГIала меттахIотто йолийра (цунах гIуллакх хир дац, Нохчийчоьнан пачхье кхечу меттехь ян еза бохурш а дукха бара хIетахь) А-Хь.Кадыровн Овкъаршкара гIатта йолаелира гIала. Нохчийчоьнан Iедал а кхуза схьадеара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьалха а волуш. Де-дийне даларца цIинлуш дIахIуттуш яра иза. Керла гIишлош яра тIетаьIIина еш. Соьлжа-ГIала денъелира. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. ХIунда аьлча, Соьлжа-ГIала нохчийн къоман иэс ду, юьхь ю, сий ду, дIадаханарг а ду, хиндерг а ду.

(Кусаев Iадизан «Соьлжа-ГIала» книги тIера)

Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: