Некъ дика хуьлда!

456456Карарчу шарахь 11-чу классехь дешар чекхдоккхуш ву 9739 дешархо. Уьш бу уьш школехь царна тІаьххьара бекачу горгалин зевнечу озо дахаран боккхачу новкъа кхойкхурш. 9 класс чекхйоккхуш ву 21233 дешархо.

ТІаьххьарчу горгалина лерина даздарш хир ду республикин ерриге а школашкахь. Даздаршкахь дакъалоцур ду Нохчийн Республикин куьйгалхоша, Правительствон а, Парламентан а декъашхоша, районийн, яртийн администрацийн куьйгалхоша, Нохчийн Республикин дешаран а, Іилманан а министерствон векалша, дай-наноша.

Кхин а ши де даьлча, 27-чу майхь, дІаюьйлало пачхьалкхан юкъара экзаменаш (ЕГЭ). Нохчийн Республикин дешаран а, Іилманан а министерствос бечу хаамашца, дикачу вовшахтохараллица уьш дІаяхьарна оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина. Цунна кечйина экзаменаш дІаэцаран 64 меттиг (пункт).

Тахана дахаран новкъа бовлучаьрга даггара ала лаьа:

– Некъ дика хуьлда шун! Дала кхоаца шаьш сатуьйсучу дикане кхачадойла шу!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: