Харцо а, къизалла а ца лало

(Юьхь — кхул хьалхарчу номерехь)

Муьлха яра и шун движени?

Цунна жоп даларан меттана, юха а шечунна тIевоьрзу Борз-Iела. Балдаш детташ, ша йийцинчу ногIичун эмкалчух тера, чIогIа хьашт долу, политикин лексиконехь, демократин бакъонехь лелорна бен оьшуш доцу и кхечу мехкан дешнаш дагадахкийта гIерташ воллу, шина куьйган голашна тIе чIениг товжийна: де-де-де?

– ХIуъа дича а, Борз-Iелин иэс тIе ца кхуьу.

ТIаккха конкурсехь къовсаман жюри волуш санна, гIаддайна, соьга хьожу иза. Цунах къахетча санна, Шемала олу соьга:

– Докка, мел хир бара хьуна, дагадаийтахьа Борз-Iелина…

– Со виц ца веллехь, и ший а дош: де-юре а, де-факто а латинийн ду. Хьалхарчун маьIна «яьккхина бакъо» бохург ду, шолгIачун маьIна «юридически кхачам болу бакъо» бохург ду моьтту суна…

– Вот маладец! Ма хаза ду и ши дош. Дуй?

– Цхьана а маттана а, ала вониг дац, Дала лардойла вай. Коьртаниг оцу маттаца долу хьекъал, Iилма ду. Ша кхоьллина долчу оцу дерриге а къаьмнашна шайн-шайн меттанаш делларг Дела ву. Оцу массо а къоман шен шен дахар а, Iадат а, ламаст а ду хIокху вайн Нана-Лаьтта тIехь дехаш, лелаш.

Цхьа Iаьрбийн мотт боцчу вукху массо а маттал нохчийн мотт хьоме а, хьомсара а лоруш цахилар нохчашкахь гур ду ца моьттура. Иза гуш ду…

Орца
Буьйса цIовзаеш,
Дера ю хьо чилла,
Бутт хьоьжу седарчий
Лайн букъ тIехь къегош,
Дарц, мох лиэташ,
Дуьне лийр ду те милла?!
Новкъахь олхазар
Iуьллура дегI дегош!
ТIемаш ду гIорийна,
Ницкъ ма бац гIатта!
Сан говрах кхоьруш цо
Ши бIаьрг тIебоьгIна.
Говро цецъюьйлуш,
Шен урх цIехьаетта,
Амма ас олхазар
Дуьтур дац доьжна.
Олхазар ма кхера,
Схьадола сан кара.
Къиза дац сан куьйгаш –
Маьрша ду йийсар.
И миска, сох тешаш,
Кхийти сан мара –
Сан кетар ца Iебаш,
Дог дагца лийса…
Маржа-яI, ма чIогIа
Хьаьгна хьо малхах.
Iаьнна тIаьхьа йогIуш
БIаьсте ю хьуна.
БIаьсте галлалц ас хьо
Дуьтур дац цхьалха…
Ахь иллин хаза мотт
Iамор бу суна.
Къонахша хьан илли а
Эр ду сан маттахь.
ГIаттор ду гIиллакхна а
Къонахийн орца…
Мотт бицбахь, каш-чурт довр ду
Боху, бах лаьтто –
Чурт хир дац, боху
Дас тиллинчу цIарца!
Шен маттахь доцу сий а
Лакха ца даьлла,
Хиндолу хьоза а ду
Шен бенахь декна.
Дайх ала долчун дош а
Хезар ду Далла.
Дала вай дуьтур дац-кха
Нохчаллех доьхна.
Бераша дуьтур ду
Харц: «папо», «мамо»,
Iемар ду «дада», «нана» а
Нийса ала…
Массо мотт хаза бу
Хаарна Iамо.
Вайн маттахь йоттийша
«Хаарийн бIов», гIала…
Сан доттагI-олхазар ду,
Вайгахь Iа текхна.
Эшаршца гIаьттира
БIаьстенан стиглахь.
Нохчийн мотт! Хьан де а
ДогIур ду декхна –
Дала Ша гIо дина,
Тхан Ийман чIагIлахь.
Нохчаллин генаш
Я сан деган пхенаш
Нохчийн мотт
Ас ладегIна
Хьан хазачу иллешка,
Бабас буса дуьйцучу
Хьан туьйранашка,
Ахь кхиийна, Iамийна
Дуьне довза.
Хьан ойла еш вийлла со
Даймехкан лаьмнашка,
ГIа-патарх юкълучу
БIаьстенан хьаннашка,
Хьан марзонца гIиртина
Жил-Iалам довза.
Нохчийн мотт
Хьоьга ладегIна ас
МаслаIатна буьйцуш,
Кхолламан лард хилла
Захало а дуьйцуш,
Тоьшаллехь безамаш
Ахь ирсе берзийна.
Гина дера дов а
Ахь машарца хуьйцуш,
ДоттагIаша санна,
МостагIша куьг лоьцуш,
Хьан беркатах даима
Со воккхавийна.
Нохчийн мотт
Хьо бийца хуучарах
Хилла со хьоьгуш,
Сайн хаарийн къеллина
ГIайгIане а оьгуш,
Iамо лууш, къаношка
Ла а ас дегIна
Хезна махарш дохуш,
Дешнаш нийса лоьгуш,
Сайн хьаьвхьенехь лелла
Иллешца нур соьгуш,
Иллин хIора дашна
Ас дешин гур бегIна.
Нохчийн мотт
Айса лаьцна дош хазо
Со новкъа волу.
Пхьоьха яц. Ши стаг ву
КIажвахана воьлуш,
Кхечу маттахь чIогIа
Хабаре ваьлла.
Ас дош аьлча, ший,
Лаьцна малх санна кхулуш,
ДIавоьду, маттах кхаьрдаш,
Кхин гIар ца вуьлуш,
Боху: «Ваши, хIун дийр ду?
Вайн мотт дIабаьлла!!!»
ХIан-хIа, бакъ дац, ма ала,
Сан къам ца делла:
Заманан кегарийн хьу
Вайн маттах йоьлла.
Со техкийнчу аганан
Хаза йиш хаьлла!
Ма ала, ма ала
Нохчийн мотт дIабаьлла!
Ма ала, Нохчалла,
Яхь яйна яьлла!
Ма ала, ма ала!
Дохковала…
(К.Д.)

Борз-Iела шен дегабаам бицбалаза хилла. Шен пес коьртахь дIанисъян а хьожуш, боху Шемалей, соьгий:

– Аш бохура оцу хазачу дешнийн маьIна уьш аьлла волчу Ичкерин хьаькаме хатта дезара.

– ТIаккха ткъа, цунна дика хуур долу дела ма бохура оха.

– Шуна моьтту хир ду цунна тIекхача а, цуьнца хабаре вала а атта ду?

– Цунна тIекхача, тIетаттаделла адамаш дукха хуьлу дела, бохий ахь?

– Да нет. Герзех боттабелла болчу гIаролхоша тIе ца вуьту-кха, «со хIара ву. Исламски движенера ву» аьлла, кисанара хьала а даьккхина, «удастверени» дIагайтича а. Дера, ца во тергал дIа-м.

– Ой ткъа, цу беса хьайн юьхь йойъуьйтуш, Ичкерин хьаькамашна тIекхача доккха хьашт долуш ву хьо?

– ТIаккха ткъа? Митингахошна яй боккхуш Iийна вер ма вац…

– Ткъа образовани йолуш вуй хьо, болх а, гIуллакх а дIакхехьалур долуш?

– Оцу нахе балуш болу болх ца балун барий соьга?

– Уьш дипломаш долуш нах хир ма бу.

– Давуьсийла шен, ворхI «калас» яьккхина елара…

– Диплом дацахь а, церан дипломех хIумма а ирча а доцуш, сан хIара удастверени-м ду, дан а долуш.

Борз-Iелас, предприятин проходнойхь вахтеро хаьттича пропуск санна, шен удостоверени схьадоьллу Шемалний, суний хьалха. Хаза, куцдаьккхина ду удостоверени. Борз-Iелин суьртан маьIиг кIеллоцуш тIетоьхна мухIар ду хIокхуьнан шен цIархочо барзо лардеш.

– Айхьа, тохара модехь лелийнчу цIечу партбилетан меттана, хIинца Iаьржа бос болу удостоверени-м, хьаха, ду Борз-Iелин, – велаозало Шемал, – «Исламан къепе». ХIай-хIай… ГIоза леладойла… Хаац и документ дIагайтича, суна хетарехь, президентана Дудаевна тIевита а мегар дара хецна. И хIун ду шен, дан а…

Шемала шегахьа «гIодаьккхича» Борз-Iелас шен дог дассадо тхойшинна хьалха:

– Со-м, хьаха вац царна ма-моьтту «атстали». Кхо «калас» бен абарзовани йоццушехь, ас болх биначу шурин комбинатехь директоро «экспадитор должност» ма делира. Сан сурт «пастаянна» коммунистически къинхьегаман хIайттархошна хьалха юьххье дIатоьхна а ма латтадора. «Сийлаллин уьн тIехь»! Вот так вот… ХIорш ца кхета-кха я нохчийн а, я гIаскхийн а мотт бийцарх…

– Борз-Iела, бехк ма билла. ОьгIаз ма эха. ХIорамма шена луург, ойла яза, бакъдерг санна, чIагIдеш дийцарой, бакъдерг, харцдерг собарца къасто ца хаарой вайн халкъан барт бохар кхин а кIаргдарна, чIагIдарна, дардарна боккха кхерам бу.

Хьалха а айса аьлларг а, яздеш зорбане даьккхинарг а юха а, юха а олу ас, хьо тешо лаарна, кхето аьлча, дош ца дезадала тарло хьуна. Ахь «театрана хьалха хьийзарш» бохуш, хийра лорурш, хаалахь, вайн вежарий бу хьуна. Хьекъал а, кхетам а, Iилма а долуш. Церан лаам а, лехам а вайн, юкъара, хиларх теша деза вай. Уьш вайн вежарий бу. Уьш боцуш вайн а, вай доцуш церан а маршо а, паргIато а хир ю боху ойла къобал ца йо даго…

– Дала хьеха дацарий. Оцу нахах тешна тхан хIумма а дац-кха, – оьккхуьйту Борз-Iелас.

– Царах тешна а, цаьргара эшна а шун хIумма а ца хилча, вайн боьхна, боьлхуш лаьтта барт тобар Россин тIеман инарлашний, къизачу церан эскарний дуьту вай? Уьш-м ма буй, цергаш хьекхош, вайн цIийн бос ган сакIамделла Iаш.

– Пускай! ТIаккха-м, хьаха, ду оха гIазот муха доккху гойтур. «Пасмотрим!»

Борз-Iелас шен стигалал сийна ши бIаьрг къаьрзаш, коьртара цIен пес катоьхна, буйна Iовду, ша лаца лоьруш долу Ельцинан лаг иза долуш санна…

Д.КАГЕРМАНОВ,

Нохчийн журналистикин къано

№25, шинара, оханан (апрель) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: