Масех де хьалха Хьалха-МартантIехь республикин Правительствон декъашхошца а, Хьалха-Мартан кIоштан куьйгаллица а, меттигерчу Iеламнахаца а, бахархошца а ша дIадаьхьначу цхьаьнакхетар-кхеташонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, масал а далош, белхазаллах лаьцна къамел дира.
«ГIо-накъосталла оьшура аьлла, соьга социальни сета чохь язйинера цхьана зудчо. Цуьнан гIуллакх талла доьлча гучуделира ненаца Iаш уьш кхо йиша хилар а, царна петар езаш хилар а. Амма цхьа а балхахь вацара царах. Ас «Шух цхьа а болх беш хIунда вац?» – аьлла, хаттар дича, «Цхьа 50 эзар а алапа ца хилча, балха дахана а хIун до?» – аьлла, хаттаран кепехь дуьхьал жоп делира цо», – дийцира республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана шен къамелехь масална «ялийна» кхо йиша-м лаккхара алапа дезаш яра, ткъа кхиберш хIун деш бу?.. Цара ма ца боху шайна баттахь 50 эзар деза… Цара шайна белхан меттигаш еза боху. Шайна болх ца карабо, бац боху.
Вакансийн ерригроссин база (www.trudvsem.ru) схьа а йиллина, цу чохь «Нохчийн Республика» хаьржича, оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь, 1 223 белхан меттиг а, болх бан 2 102 стаг везаш хилар а гучудолу.
Бакъду, царах дукхах йолу йолу белхан меттигаш школашкахь а, берийн бошмашкахь а ю. Цигахь, хууш ма-хиллара, бан безаш болу болх шатайпа хиларал сов, дукха а хуьлу, ткъа алапа – лахара. Амма оццу бази чохь карайо республикерчу хьоле хьаьжча, хене валлал алапа кхайкхош йолу белхан меттигаш а:
– Девкар-Эвла, Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туш (белхан масех меттиг) – алапа 22 эзарна тIера хьала;
– Теркан кIошт, Социальни белхахо (белхан масех меттиг) – алапа 22 эзарна тIера хьала;
– Соьлжа-ГIала, Автогрейдеран машинист – алапа 26 эзарна тIера хьала;
– Соьлжа-ГIала, Пачхьалкхан А-Х.Кадыровн цIарах йолчу галерейн экскурсовод – алапа 22 эзарна тIера хьала;
– Итон-Кхаьллан кIошт, КIоштан ГУДЭП-н коьрта инженер – алапа 28 эзарна тIера хьала;
– Итон-Кхаьллан кIошт, Автогрейдеран машинист – алапа 24 эзарна тIера хьала;
– Соьлжа-ГIала, Автомобилийн некъийн министерство, консультантийн масех меттиг – алапа 25 эзарна тIера хьала.
Оццу бази чохь карайо алапа 15 эзарнал а лакхара а долуш, тайп-тайпанчу ярташкарчу школашна а, амбулаторешна а ингалсан меттан хьехархой а, лоьраш а оьшуш йолу белхан меттигаш а.
Цхьайолу белхан меттигаш бази чохь лаьтта 2–3 бутт хан а ю.
И.ИСЛАМОВ
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо