Нохчийчоьнан некъашкахь кхерамазалла хилийтарна кхачояран оперативни штабан рогIера кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо, оцу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Кхеташо Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-хь хилира.

Иза дIайолаялале хьалха Даудов Мохьмадан а, республикин МВД-н министран хьалхарчу заместителан – полицин хьаькаман Алаудинов Аптин а, Нохчийчоьнан МВД-н УГИБДД-н хьаькаман Черхигов Идрисан а къамел хилира вахош долу малар меллачул тIаьхьа транспортан гIирсана урхалла деш схьалаьцна волчу 109 водительца. Ала дашна, царах цхьаберш, оцу хьолехь болуш, дуьххьара схьалаьцна а бацара.
Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада билгалдаьккхира вайн некъашкахь дукхах болу бохамаш баьхна болу водительш бахьанехь хуьлуш хилар а, церан тIаьхье белхаме хуьлуш хилар а.
– Вайна гина некъан-транспортан бохамашкахь дийнна доьзалш кхелхина меттигаш. Уьш кIезиг а ца нисло. ХIара шо доладелчахьана республикин некъашкахь хиллачу бохамашкахь 27 стаг кхелхина. Вайн халкъана боккха бохам бу иза. И хьал кхидIа вайн лан амал дац, – бохура цо.
Вахош долу малар а мелла схьалаьцна болчу водительшка цо дийхира, шаьш лелочун ойла яр, кхетаме дахкар, шаьш бахьанехь шайн гергарнаш, доьзалш, дай-наной сингаттамехь, балехь цалаттор. Царна сингаттам латтийна ца Iаш, нахана а бохам баккха ма тарло цара. ТIаккха цунах далатохар хир ду. Цундела и водительш кхето гIерташ къамелаш дира Даудов Мохьмада а, Алаудинов Аптис а, Черхигов Идриса а.
Цул тIаьхьа, кхеташонехь жамIаш дира 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнера оханан (апрель) беттан 1-чу дийне кхаччалц болчу муьрехь оперативни штабо бинчу белхан. М.Даудовс билгалдаьккхина ма-хиллара, оцу муьрехь Нохчийчоьнан некъашкахь некъан-транспортан 10 бохам хилла (хьесапе эцна), оцу бохамашкахь 1 стаг кхелхина, 19 стаг лазийна, царна юкъахь 2 кхиазхо ву.
– Нагахь санна вай дIадаханчу шеран оццу муьрехь хиллачуьнца дуьстича, некъашкахь бохамаш хилар 54,5 процентана лахделла. Я некъан-транспортан бохам дIадаханчу шеран оццу муьрехь хиллачул 12 кIеззиг хилла. Стохка оццу муьрехь некъашкахь хиллачу бохамашкахь 9 стаг кхелхина хиллехь, хIокху шарахь 1 кхелхина. Лазийнарш а бу стохка хиллачул 32,14 процентана кIезиг.
Вай жамIаш дечу муьрехь некъийн боламан бакъонаш талхорна сацийра 12 эзар сов водитель. Цуьнца доьзна 7 214 протокол хIоттийна, 991 машен «гIуданан майдана» дIахIоттийна, – хаам бира М.Даудовс.
Цо тидам тIебахийтира оцу декъехь беш болу болх кхин а чIагIбан безаш хиларна. Цунна хетарехь, къаьсттина тидам тIебахийта беза вехначу стаге машенна урхалла цадайтарна, вахош долу малар мелла водительш Iорабахарна.
– Вайн къоман баьччас, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен коьрта Iалашо лорура цхьа стаг а хIаллакьхиларх, дакъазаваларх кIелхьараваккхар. Тахана изза Iалашо ю вайна хьалхахIоттош ерг Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, – дерзийра цо.
Цу тIехь шайн болх чекхбаьккхира кхеташонан дакъалацархоша.
С.ХАСАНОВ
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо