«Лазийний? – Лазийна хьаха. – Къаръеллий? – Дера ца елла!» – нохчийн яздархочун Абдулаев Лечин оцу дешнашца хийла ир-кара хIиттийна Нохчийчоьнан бахархой. Оццу дешнашца тахана кхин цкъа а гIоттуш ду зуламдайша дохийна долу Зорбанан цIа.
Кхузахь журналистийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн кхиболчу белхахойн а белхан меттигаш хилла ца Iара. Кхузахь церан кхоллараллин некъан дIадолор а, дахар а дара. Кхузахь яьхна цара шаьш сатийсинчу кхиамашка дуьххьарлера гIулчаш. Таханлерчу дийнахь дуккханна а дегаIовжам хилла кхайкхина боцу «хьеший» вайн лаьтта тIе кхачарх цара динчух. Делахь а, хIора а халонна тIаьхьа аьтто богIу. Зорбанан цIийнехь болх биначарна боккха кхаъ бу, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Керла шо тIекхачале, йохийна гIишло меттахIоттор ю алар. 4-чу декабрехь суьйранна 7 сахьт даьлча дIаболийна Нохчийчоьнан гIишлошъяран урхаллин белхалоша шайн болх. Организацин куьйгалхочо Центороев Сулумбека хаам ма-барра, нехаш дIаяьхначул тIаьхьа, гIишло меттахIотторан болх дIаболор бу белхалоша. Карарчу хенахь дийнахь а, буьйсанна а жигара къахьоьгуш бохку гIишлошъярхой.
Оццу суьйранна Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Зорбанан цIа меттахIотторна жоьпаллехь волу Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса а кхечира бохам хиллачу метте. Йоццачу хенахь меттахIитторан белхаш чекхдовлийта ерриге а таронаш кхоьллина кхузахь. «Керла шо тIекхачарна кечлуш ду Зорбанан цIа. Хьалхачул а хаза хир ду хIара», - элира Кадыров Рамзана.
Мехала ду тIекхаьчначу бохаме хьаьжна доцуш, шуьйрачу хаамийн гIирсаша шайн болх юкъара ца баккхар. Республикин «Даймохк» а, «Вести республики» а газеташ, шаьш хIинццалц ма-довллара, зорбане девлла 4-чу декабрехь. КхидIа а, Делан гIоьнца дIахьур бу зорбанан изданеша шайн болх.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт