Хьо маца вахана тIаьххьара хьошалгIа?

«Кхайкхаза веана хьаша гIезалочул а оьшуш ву» олуш, кица ду оьрсийн, ткъа вайнехан гIиллакхашца цхьана а кепара догIуш а я тIедуьтур долуш а дац и тайпа хьаша цаларар. Ишттачу цхьана кицанан маьIница а хада-бало дийнна халкъан мах (цхьана а халкъана хIума алархьама ца далийна и масал. Вайнехан гIиллакхашна нийсса бIостанехьа ду алархьама далийна).

Ткъа вайн кицано боху: «Ма хатта мила ву, вуза а вай, дIавижаве». Мелхо а, хьаша ца вогIу хIусам кхераме лоруш ю вайнехан…

Халахеташ делахь а, тахана хьошалгIа вахаран а, хьошалла лелоран а кеп жимма хийца-м елла. ХIинца, дукха хьолахь, телефон а тухий, ша ван мегар ду-дац хоттий бен, ца воьду хьошалгIа. Ткъа хьалха заманахь, цIийнда цIахь ца нисвелча а лулахоша хьошалла деш хилла хьошалгIа веанчунна хIусамда цIа верззалц.

Иштта, лаьмнашца бехачу наха буьйсанна шайн юьртахь висинчу некъахочуьнга цIе хоттуш а ца хилла, цо арадаьккхина гIуллакх-м хIетте а. ТIенисвеллачо шайн хIусаме дIа а вуьгий, веза хьаша веш хилла, цуьнан самукъадалийта хьелаш кхуллуш хилла. Буьйсанна шайн неIаре хIоьттина стаг-м чувалош хилла, ницкъ кхочучу барамехь, цунна хьошалла деш хилла.

Ткъа тахана, яккхийчу гIаланашкахь Iачу нахана юкъара дIадевлла ала мегар ду и тайпа гIиллакхаш (ярташкарчу нахана юккъахь-м лелаш ду уьш).

Хетало, цара (гIалийн бахархоша) дерриге а гIиллакхаш а «светскийчаьрца» хийцина аьлла. Петарш чохь Iачу нахана буьйсанна неI тоьхна цхьаъ неIаре хIоттахь, цунна неI дIа еллар-м дуьйцур а дац, неIаран бIаьргахула ара а хьаьжна, хьешана дуьхьал вист а ца хуьлуш, юханехьа чу а вахана, пульт кара а эцна, телевизоре хьажа охьахуур ву (сайна гинарг дуьйцу).

Диъ шо хьалха дуьнен чуьра дIаяханчу сан денанас (Дала декъалйойла иза) олура: «Ван воцурш а, дIаваха боцурш а ма миска бу-кх. Дала ма дуьтийла вай вовшах хьега. Сан къоналлехь ма деза дара-кх хьешаца долу гIиллакхаш. Ма самукъадолий хьаьвзара тхо хьешанна, дерриге а гIуллакхаш дуьтий, хьешан хьашт-дезаршка хьовсура. Уггаре а мерзаниг кхача кечбора…».

Таханлерчу дийнахь сан нийсархой (20–30 шо кхаьчнарш) хьошалгIа бахаран кхин кеп ю – социальни сеташ чухула.

ХьошалгIа вахарца дусту цара иза: «Со селхана хьо волчу (йолчу) хьошалгIа веана ма вара, хьо вист а ма ца хилира соьга», – бохуш хуьлу (и бохург ду социальни сета чуьра стеган агIон тIе ваьлла, цуьнан суьрташка хьежна я цунна «кехат» дитина). Со ца кхета ишттачу хьошаллех я суна дош а ца хета иза.

Гергарчийн хIусаме а вахана, бовхачу кхачанах кхеташ, даггара къамелаш а деш, самукъадаккхаре кхочур дац цхьа а хIума. Вай кхидолу дицдинарш санна, юкъара дIадоккхуш-м ду хьошалгIа лелар а.

Дерриге а дIа ца даьллехь а, хьаша тIеэцаран кеп чIогIа хийцаелла, «светски» амале йирзина. Иза ца лало соьга…

Ткъа хьо маца вахана тIаьххьара хьошалгIа?

Хь.ДАУДОВА

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: