Анкарахь мехала саммит хилира Хонкаран а, Россин а, ГIажарийчоьнан а куьйгалхойн Р.Эрдоганан а, В.Путинан а, Хь.Роуханин а. Цигахь дийцаре дира Шемахь кхолладелла хьал а, иза маслаIате дерзоран некъаш а. Кхаа а пачхьалкхан куьйгалхоша диначу дIахьедарехь билгалдоккхуш ду тIемаш барца хьал листалург цахилар а, политикин дийцаршца бен къовсаме яьллачу агIонашна юкъахь барт, машар балург цахилар а.
***
ОвгIанан тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а тохар бахьанехь хьуьжар йохийна. Цу чохь Iилма Iамош хиллачу мутаIеламех 60 стаг кхелхина, чевнаш хилларш а бу. ХIун бахьана долуш тоьхна бомбанаш а, ракеташ а? Цунах лаьцна цхьана а тайпа хаам ца бина Iедалан а, тIеман ведомствон а векалша.
***
Шемара арабохуш болу террористаш Афринан пачхьалкхашка а, ОвгIане а дехьабовлуш бу. Таханлерчу дийнахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъара 4,5 эзар террорист ву ОвгIанехь. ТIаьхьарчу масех кIиранах Малхбален Гутера араваьлла 17 эзар сов террорист муьлхачу агIор гIур ву хууш дац. Царах цхьаберш Шемарчу Идлибехь севцца цкъачунна.
***
Евросоюзана юкъайогIучу 27 пачхьалкхехь тIаьхьарчу шерашкахь боккха лазам хилла дIахIоьттина кегийрхошна юкъахь йолу белхазалла. Дешна бевлла болу кегийрхой а, мехкарий а балха баха меттигаш йоцуш хьийза. Оццу хенахь цхьамогIа предприятеша белхахой балхара дIабохуш бу. Говзанчаша чIагIдарехь, иштта хьал кхолладаларна вуон тIеIаткъам бина Россина дуьхьал йинчу санкцеша.
***
Iамаркехь доьхна тIеман-хIаваан ницкъийн вертолет. Цу тIехь хиллачу экипажан декъашхойх хилларг хууш дац. Уьш карош бац, цундела белла лоруш бу. Оцу бохамца доьзна уголовни гIуллакх долийна. США-н тIеман ведомствон говзанчаша дIахьош ду талламаш бар. Уьш чекхбевлча бен хуур дац вертолет дохаран бахьана.
***
Чинера Iамарке дохьуш долчу товарех пошлина муьлхачарна тIера йоккхур ю хаийтинчул тIаьхьа, Чинин Iедало дIахьедина шайн махка доуьйтуш долчу Iамаркан 106 кепарчу товарех йоккху йолу пошлина хьалха хиллачул а 25 процентана лакхара хир ю аьлла. Хетарехь, Iамаркан экономикин политикина дала хьакъ доллу жоп ду Чинехь делларг.
***
Москвахь шен болх дIабаьхьира кхерамазаллехула йолчу дуьненаюкъарчу конференцис. Цигахь дийцаре дира тахана дуьненахь кхолладелла долу гIоьртина, питане, делахь-хIета, кхераме хьал. Конференцехь коьрта къамел дира С.Нарышкина а, С.Шойгус а. Цара дийцира пачхьалкхийн юкъаметтигаш тоярехьа, кIадъярехьа дан дезачу гIуллакхех, кхечунах лаьцна.
***
Шо-шаре даларца чIагIлуш ю Индин а, Азербайджанан а юкъаметтигаш, алсамдовлуш ду экономикин декъехь цхьаьна деш долу гIуллакхаш а. Иштта, Азербайджанан экономика кхиорна юкъа 1,7 миллиард доллар диллина Индерчу бизнесменаша. Ткъа Азербайджано алсамдоккхуш ду оцу пачхьалкхана мехкадаьттан сурсаташ дохкар.
***
Украинин бакъонашларъяран органаша а, дозанхоша а Россин «Норд» хIордакема а, цу тIера экипаж а дIалаьцна ши кIира кхочуш лаьтта. Цуьнца доьзна Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствос дIахьедина Россин бахархошна тIехь харцо лелор, доцург кхоллар могуьйтург цахилар, уьш паргIат ца бахахь тIаьхье вуон хирг хилар.
***
Москван малхбалехь йолчу «Персей для детей» махлелоран туьшана цIе елира стомара. Цигахь оцу туьшан цхьа белхахо кхелхина. ЦIеяйархой каде хьовзар бахьанехь 20 стаг бохам хиларх кIелхьараваьккхина. Бакъду, цIеяйархошна юкъара 3 стаг вагийна. Царах шиъ вуочу хьолехь ву.
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо