Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь кхеташо хилира. Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин керла декъашхой вовшахтохаран хьокъехь долу гIуллакх.

Кхеташонехь дакъалецира оцу департаментан директора Абазов Рустама, республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, Палатин декъашхоша, коммерцин йоцчу юкъараллин организацийн векалша.
2018-чу шеран мангалан (июль) баттахь чекхйолуш ю хIинца гIуллакхдеш йолчу вайн Юкъараллин палатин бакъонийн хан. «Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахьлерчу №42-РЗ йолчу законан 8-чу статьяца нийса а догIуш, Юкъараллин палатин декъашхошка кандидаташ хьалхататта бакъо ю коммерцин йоцчу юкъараллин организацийн.
Юкъараллин палатин декъашхойх кхоалгIа дакъа чIагIдеш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, кхин цхьа кхоалгIа дакъа чIагIдо Нохчийн Республикин Парламенто.
Республикин Куьйгалхочо а, Парламенто а чIагIбинчу Юкъараллин палатин декъашхоша билгалдоккху тIаьххьара а кхоалгIа дакъа. Уьш Нохчийчохь хьесапе эцна йолчу юкъараллин цхьаьнакхетарша (организацеша) хьалхатеттинчу кандидатурашна юкъара хоржу.
Департаментан директора Р.Абазовс дийцира Юкъараллин палатин керла декъашхой вовшахтохаран декъехь беш болчу балхах лаьцна, кандидаташа чудала дезачу документех а, церан кепех а лаьцна.
Юкъараллин палатин председатела И.Денильхановс билгалдаьккхира керла Юкъараллин палата вовшахтохарна лаккхарчу жоьпаллица тIедаха дезаш хилар.
«Со тешна ву бахархойн юкъараллин институташна шайн кандидаташ Юкъараллин палатина юкъабахийта ерриге а таронаш яла езаш хиларх. Уьш юкъабахийтар а, схьахаржар а, даррехь, цхьа а хьулам, къайле йоцуш дIадахьарна кхачоян еза», – элира Денильханов ИсмаьIила.
Хь.САИДОВ
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо