МIомголаш-гIезалой масийтта къомана тIелатарш а дина, оьрсий а, гIалагIазкхий а эшийначул тIаьхьа, Нохчийн махка чутаттабеллера шерачу аренашкахь шайна дуьхьал мел волург вийна дIа а воккхуш. Цу заманахь Нохчийн мохк ХIинжа хина (Каспий) тIекхаччалц боккха хилла.
Лаьмнашкахь беха нохчий, тIелатар хир ду аьлла хабар кхаьчча, шайн герзаш дуьзна, ирдина, гIезалошна дуьхьал бевли. Цара цхьа де хан елира мостагIашна Нохчийчуьра дийна арабовла.
МIомголаш-гIезалой, шайна дуьхьал вала цхьа а вац моьттуш, нохчаша дина вари (дIахьедар) тергал ца деш, чугIерташ бара. Церан ткъа эзар гергга бIаьхо вара. ШолгIачу дийнахь тIеман тасадаларшкахь нохчаша ворхI гIезало бен ца вуьтуш хIаллакдина дIадаьккхира мостагIчун эскар. Висина ворхI бIаьхо куьйгаш хедийна дIахийцира, цаьрга шайн паччахье, Чингисхане, нохчаша шайна тIехь динарг дийцийта.
Массо а тIамехь толам боккхуш хилла Чингисханан эскар Нохчийчохь дуьххьара эшийнера. Чингисхан, и ца лайна, нохчех лата кхин а доккха эскар дахийта тохавелча, цуьнан тIеман хьехамчаша цкъа къайлах Нохчийчу нах а бахийтина, нохчийн гIийла агIонаш талла еза аьлла, сацам бира.
Къайлах Нохчийчухула леллачу гIезалойн айкхаша (шпионаш) нохчий эшо цхьа а некъ бац аьлла, дийцира Чингисхане.
Цу хаамах шек волчу Чингисхана хаьттира: «ТIом барий цигахь?»
Айкхаша жоп делира: «ТIом беш нах-м бац уьш, амма уггаре а кхераме акхарой бен ца ехачу хьаннашкахь бехаш бу уьш. Юх-юххехь цIенош дина, акхаройх кхоьруш ца беха уьш цигахь, хIора а шолгIачунна генахь цIенош дина вехаш ву. Майра нах бацахьара, иштта бахам хир бацара церан».
И хезначул тIаьхьа, Чингисхана нохчий эшорах дог диллина, совгIат дахьийтира царна (нохчашна). Цо дахьийтина совгIат тур дара, тIе иштта йоза а яздина: «Эшна аьлла къера хила эхь дац къонахчунна, и эшийнарг къонах хилча».
Хьоста: Историн тIемийн дошам (Исторехь хиллачу тIемийн дошам, Махьасис, Наджат Махьмуд, 2012 (ماع2012 ،سيساحم دومحم ميلس ةاجن فيلأت ،“ ةيخيراتلا كراعملا مجعم“ باتك)
Гочдинарг – БАКИР Iабдул-Хьамийд
№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо