«Шашлык-машлык»

Шашлык – иза кхача хилла Iаш бац. Шашлык иза ламаст ду. Вай и ламаст лардеш долу ши шо а ду. 2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь Нохчийн Республикин пачхьенехь, Россехь ша саннарг кхин йоцчу, зезагийн исбаьхьачу, башхачу паркехь дIахьур ю туризман а, дика садаIаран а Дуьненаюкъара шолгIа «Шашлык-машлык» фестиваль.

2018-чу шарахь Россехь а уггаре а бIаьрла гастрономин хилам хилла дIахIуттур ю иза.

Фестиваль вовшахтухуш ю Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето а, Туризмехула йолчу федеральни агентствос а. Цига кхайкхина алу тIехь жижиг кечдаран ламасташца евзаш йолчу пачхьалкхашкара а, Россера а тоьлла кхачакечбархой. Царна юкъахь хир бу 2018-чу шарахь футболах ловзаран дуьненан чемпионат дIахьур йолчу гIаланийн, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу регионийн, ткъа иштта вайн махкана юххехь йолчу пачхьалкхийн векалш.

Цу тайппана доккха гастрономин гIуллакх дIадахьаран Iалашо ю Нохчийн Республике бахка ойла йолуш болу туристаш алсамбахар, Нохчийн Республика хьал долуш истори а, этнокультурин яккхий таронаш а йолу регион хиларе терра шуьйрра йовзийтар, ткъа иштта юкъараллин тидам республикин гастрономин таронашна а, къоман исбаьхьаллин пхьоланашна а тIебахийтар.

Фестивало таро лур ю Соьлжа-ГIала тайп-тайпана шашлыкаш (бежанан, уьстагIан, котаман, люля-кебаб, стоьмийн) йовза, церан чам баккха, къоман кхачанийн (уьш кечбаран) къайленаш евзина ца Iаш, тайп-тайпанчу халкъийн башха культура йовза.

Фестивальца доьзна дIахьон долчу дерриге а гIуллакхаша аьтто бийр бу къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъян, шайн кхачанашна юкъахь шашлык йолчу халкъийн ламасталлин культураш Iалашъяр а, юха юкъаяхар а мел мехала ду хаа.

С.ХАМЗАТОВ

№26, пIераска, оханан (апрель) беттан 6-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: